http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


РАЯНА, ДlАЙИЖАЛАХЬ Печать Email


Магомадова Жанна

 

 

Бабин жима Раяна

Г1улакхаша кӀадйина.

Ӏуьйрана дуьйна сацам боцуш.

Дукха гТулкхаш ахь дина.

 

 

Беша уьдуш некъ бина.

Цигахь зезагаш хьешна.

Хазнаг мамина даьккхина

И къинтӀера яьккхина.

Цициг лоьхуш гӀелъелла.

Цуьнан месаш шаръйина.

КӀорнеш кхобуш гӀодина.

Церан шура харцийна.

 

Яй чуьра шекар Ӏанийна.

Цу т1е туьха тийсина.

Ӏайгаца д1а-схьа кегийна Иштта худар а дина.

ТӀаккха пхьегӀаш йилина.

Цхьа-шиъ царах кагйина.

Юьзна гӀуммагӀ яссийна.

Дадин кӀархаш биттина.

Дукха гӀулкхаш бухадуьсуш.

Иеъна суьйре тӀекхаьчна.

Раяна, дӀайижалахь.

Пулкхаш кханенна диталахь.

 

 

ЦИЦИГ

 

Вашас цициг далийра.

И Раянас кхебира

Жижиг даош, шура малош.

Цициг доккха хилира.

Хьоза лоцуш, дахка бууш.

Иштта лела Ӏемира.

Цунна чӀогӀа дов дан деза.

Вон амалаш йитийта еза.

ТӀема дала хьоза дита.

Шен ц1а баха дахка бита.

Церан амал ма-дайа.

Царна тӀаьхьа ма ида!

Езахь вискас оьцур ю.

Мерза шура юттур ю.

Х1ун цатоьа хаац су на.

Хьозан шура езий хьуна?

Цицко сема ладоьгӀура.

Ара даьлча и дицлора.

Чехка, дахка, къайла бала.

Жима хьоза, тӀома дала!

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.