http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Ч1ерахочуххий, ч1ераххий Печать Email

А.С. Пушкин

 

/Туьйра/

 

 

 

Дада, баба хилла хьалха

Х1орда йистехь дехаш цхьалха;

Хилла, тиллина эрз шера,

Тиша тоьла х1усам церан.

 

Ч1ара лоцуш хилла дада,

Улх1 шен хьовзош хилла баба.

Цкъа ов2 тесча хи чу еха –

Цо баьццара беа 1еха.

Шозлаг1а чутесча ов –

Цо ма беа бецийн ц1ов.

Кхозлаг1а чутесча ов –

Цо цхьа ч1ара беа, тов,

Башха, башха, башханиг,

Иштта боцург – дашониг.

Дашо ч1ара бист ма хили,

Адмийн маттахь цо ма дийхи:

«Со д1ахеца, къано, ахь!

Аса лур бу беза мах:

Хьан дош кхочуш дийр ма ду,

Ахь ц1е тоьхнарг х1оттор ю».

Дада, кхеравелла, висна,

Олу дош легашкахь дисна, –

Оццул ч1ара лоцуш ша,

Иза луьйш ца гина цкъа;

Шега хьоьжу ч1ара, тийна,

Цо д1ахецна, дош карийна:

«Дела накъост, ч1ара, хьуна!

Мах ца оьшу цхьа а суна;

Х1орда чу хьо берза маьрша,

Цу чохь ловза хьайна аьрха».

Дадас, веъча мацца ц1а,

Дийци хилларг бабе д1а:

«Тахна ч1ара – ду и дерг –

Леци аса дашо берг;

Вайн мотт ч1еро буьйцура,

Ша д1ахеца бохура,

Ткъа д1ахоьцург мах цо лора,

Аса аьлларг кхочушдора.

Цуьнга оьшург ас ца йийци,

Иза иштта ас д1ахийци».

Эццахь баба лен ма ели,

Дада, дарвеш, цо ма эли:

«Ва, ма 1овдал стаг ву хьо!

Хьоьца муха еха со?

Мах ца хии хьуна биэха,

Дерриг деза аса хьиэха,

Ной ца ехна керла вайна,

Вайниг йоьхна

гушшехь хьайна».

Дада х1орда йисте ваха

(Ткъа х1орд миэлла д1а-схьа баха).

Кхайкхи ч1ара-хьаша цуо,

И т1ебеа, боккхуш гуо:

«Къано, лаа кхойкхий ахь?»

Дадас эли, йоцуш яхь:

«Паччахь-ч1ара, бехк ма билла,

Сан бабина цатам хилла,

Къоьлла бехке цунна, тешна,

Керла ной бабина эшна,

Тхайниг, йоьхна, д1а ма яьлла».

Ч1еро цуьнга к1еда аьлла:

«Са ма гатде, ц1ехьа г1ой,

Ларъе ахьа керла ной».

Дада веъча ц1ехьа, хьуна,

Керла ной ц1ахь карйо цунна.

Амма баба ма яц реза,

Гарехь, деза совг1ат деза:

«Ва, ма 1овдал стаг ву хьо!

Хьох цец юьйлу ч1ог1а со!

Ткъа х1ун бахам бу и ной?

Ч1ере х1усам еха, г1ой».

Х1орда йисте дада вахи

(Сийна х1орд хебаршка бахи).

Ч1ара кхойкху цо, дог доцуш,

Ч1ара кхочу, хало йоцуш:

«Къано, лаа лелий хьо?»

«Паччахь-ч1ара, бехке со!

Баба хьийза, холча хилла,

Со ца вуьту вижа, 1илла,

Сан са дуу цо цхьа вуо,

Х1инца х1усам йоьху цуо».

Ткъа бистхили ч1ара вайн,

Дош дадега олуш дай:

«Са ма гатде, ц1а г1уо хьайна,

Хир ду шуна ц1ено тайна».

Дада вахна ц1ехьа шен,

Цунна хьалха сурт дац къе:

Лаьтта лекха х1усам меха,

Кира тоьхна, туьнталг еха;

Ножах дина ков ма ду.

Кора к1елахь баба ю,

Амма луьйш ю кхунна иза.

Генара мохь бетташ къиза:

«Хьо ма-варра 1овдал хьо!

Хьох ца кхуьу, хьуна, со!

Х1ара х1усам ма яц г1ала,

Г1ой, ахь ч1ере – хьеше ала,

Хир яц 1аьржа белхало,

Хир ю к1ай со хьолахо».

Х1орда йисте дада вахна

(Ткъа х1орд сийна шалха бахна).

Цо схьакхайкхи ч1ара юххе,

Дашо ч1ара беа улле:

«Къано, хьо х1ун аьлла лела?»

«Паччахь-ч1ара, сох ма бела!

И сан баба яла х1уьтту,

Со сада1а цо ца вуьту:

Хир яц боху белхало,

Хир ю боху хьолахо».

Ч1еро эли, доцуш дов:

«Са ма гатде, къано, сов».

Дада веа юха схьа,

Х1ун го цунна? Г1ала-ц1а.

Учехь лаьтта цуьнан зуда,

Еза силга3 йоьхна, кура,

Коьртахь – куьцалг4 махмаран5,

Кочахь – туьтеш жовх1аран6,

Дашо, башха мух1арш – п1елгахь,

Когахь – эткаш ц1ечу басахь.

Цунна хьалха лайш бу дукха,

И, уьш чехош, лиэташ ю-кха,

Дада бабина т1евог1у,

Реза ю и моьттуш, олу:

«Сан маршалла, ва, сту – эла!

Х1инца-м бевзи хьуна мела».

Амма иза дера ю,

Лоллийта и божли чу.

Цхьа, ши к1ира даьлча вайна,

Баба леш ю, дахар хьайна;

Дада цо схьавоьху сиха:

«Г1ой, ахь ч1ере диэха дика –

К1ай хьолахо дарж ца деза,

Маьрша паччахь хила реза».

Дада хьоьжу цуьнга г1ийла,

Ойла йой, цо олуш шийла:

«Ч1имаш биъна, баба, ахь?

Кхардо йоллу хьо хьайх нах.

Хьо цхьа тайпа дешна яц,

Ур-атталла мотт хьан бац».

Циггахь баба йолу чуьра,

Цо дадега олу луьра:

«Мила ю дицдина со,

Соьца къийса ваьхьа хьо!

Х1орда т1е, «ах1» доцуш, г1уо,

Ма вигийта ахь хьо вуо».

Дада х1орда йисте вели

(Х1орд, макхбелла, техка бели).

Дан цхьа х1ума доцуш кхи,

Ч1ара кхайкха х1оьтти и.

Иза бог1у, тулг1е йоьжна:

«Стенна хьийза, къано, воьхна?»

Дадас эли, доккхуш са:

«Паччахь – ч1ара, пурба хьан!

Хила цкъа ца 1емина,

И сан баба телхина,

К1ай хьолахо дарж ца деза,

Маьрша паччахь хила реза».

Бакъо ца луш вуо бехк баккха,

Ч1еро жоп ло цунна т1аккха:

«Са ма гатде ахьа, дада,

Йийр ю паччахь и хьан баба».

Баба йолчу веъча и,

Цунна хаза шахьар7 ги:

Уьйт1ахь шун ду тадина,

Баба баьрчче хаийна,

Хьолахой бу бацархой,

Яах1ума цара юьллу,

Куьйгаш дила хи а дуьллу;

Гонд1а цунна ха ду дера,

Шайгахь дигарш – ира, шера.

Баба схьагуш, патар баьтт1а,

Дада, раз а ваьлла, лаьтта,

И бабина герга вог1у,

Цо дош олу, ала дог1у:

«Сан маршалла, паччахь-сту!

Х1инца-м хьо, кхаъ хилла ю.

Амма бабас лерг ца 1уху,

Дада човхош, цо ког туху,

Элий, хьолахой т1ебаьхки,

Цара дада араваьккхи.

Не1рехь ха т1едеди цунна,

Дигарш детта дагахь кхунна;

Халкъ а доьлу дадех шорта:

«Хьо, баккъала, 1овдал корта!

Хила дезарг хиллий хаа,

Хьайн биэ вордана ма хаа;

Хилларг хьуна масал ду,

Кхи д1а лела 1емар ду».

Иштта, долуш, к1ира дели,

Баба, йолуш, галаели –

Майра шен цо, боцуш хьем,

Каравойту, байна тем,

Цунна керла хьехам бо,

Ч1ерана т1е хьажаво:

«Ма бе ахьа хьайна бала,

Г1ой, ахь ч1ере-хьеше ала,

Кхи хир яц со паччахь-сту,

Х1ордан нана со хир ю,

Яха лаьа хи чохь тайна,

Дашо ч1ара бецаш сайна».

Паччахьашна атта ду, –

Церан карахь ницкъ ма бу;

Дада х1орда йисте волу,

Хи т1ехь 1аьржа мох ма болу:

Тулг1енаш ю, еъна моха,

Уг1у буьрса, бина мог1а.

Ткъа беш шена хорам дашо,

Дадас кхойкху ч1ара дашо.

Ч1ара, хан ца йойуш дукха,

Дадина т1ебог1у мукъа:

«Лаа вуй хьо, къано-хьаша?»

«Паччахь-ч1ара, хьо сох баша!

И сан баба г1айг1а – суна,

Кхи дарж деза х1инца цунна:

Дарж дац цунна паччахь-сту,

Х1ордан нана дарж ма ду,

Хьо хьадалча лаьа ган,

Кийча болуш аьлларг дан».

Ч1ара, цхьа ца олуш х1ума,

Ц1ога тоьхна, баха буха.

Дада, хьежна ч1ере веха,

Цхьа жоп доцуш, веа ц1ехьа.

Ткъа д1акхаьчча, го шайн тоьла,

Массо 1уьргахь йоьлла къоьлла;

Уьйт1ахь 1аш ю баба кхуьнан,

Йоьхна ной – когашкахь цуьнан.

1Хьовзо кечбина т1арг1а.  2Ч1ара лоцу бой.  3Т1оьхула юху пхьуьйшаш доцу йовхачу бедаран тайпа.  4Кхузахь – коьрта туьллу исбаьхьа х1ума.  5Дарин тайпа.  6Лахьарчонахь кхуьу к1ай я 1аьржа беза буьртиг.  7Йоккха тайна г1ишло.

 

ХIара туьйра гочдинарг Хатаев Хьусейн ву.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.