http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Хьалхарчу классера светин гIалат Печать Email

Алесь Карлюкевич, гочйинарг Кадиев Руслан

 

Дешаран шо чекхдала диснарш денош бен дацара. Тамашечарна лерана ишколера бераш хи диллича санна даккхий хулуш гуора. Гергарчу хенахь царна, ишколера бовлучарна санна, т1аххьарчу горгалин дезде дара т1екхочуш. Кхечу ишколашкахь санна, даздаран хьокъехь мог1а бина лаьттачу берашна хьалхаша цхьаъ горгали бекош ведда чекхволуш 1адат дара кхузахь а. Хьехархочо, Анна Петровнас, къадира: горгали йо1е лург хилар. Амма хьаьнга ца элира. Бакъду, хаийтира цо, горгали уггаре дика доьшучуьнга лур бу аьлла. Хьалхара мог1арехь 1ен нешарий корехьа бирзира. Цигахь, царна т1ехьа, Света яра. Цу х1уманна тидам хилла хьехархо, халла хааяллал къежара, амма х1умма а ца элира. Ткъа дарс чекх йолуш боцца хаам бира:

– Х1инцалера горгали туху дезаде жимма башха хир ду. Вайн махкахь волу Туркменера векал вог1ур ву вай долчу хьошалг1а. Цундела п1ерскан денна вай сочинени язйийра ю “Туркменех лаьцна суна хуург” аьлла. Кечам бан шу хан а ю. Генарчу махках лаьцна сочинени уггаре дика язйина йоь1ан горгали бекош го боккхуьйтуш сий дийр ду. Ткъа к1антана совг1ат лур ду.

 

Х1инцалца кхоьлина хилла к1ентийн яххьаш а екхаелира. Светас куьг айира. Шена хаттардан пурба делча цо олу:

– Анна Петровна, Туркменера векал х1унда вог1у вай долчу?

– Хьалха суна а ца хаьара и, Туркмени дуьххьарлера хьирпе (профессиональный) суртдиллархо, Назар Ёмудский ю цуьнан ц1е, Беловежьен а, юькъа хьуьнан а, хьуьнхара акхарайн а суьрташ дахка дукхе дукха хьалха вай дехачу меттигашкахь лелла хилла. Вайн юьртахь 1ийна хилла а там бу. Боккха ларам бу суртдиллархочуьна цуьнан махкахь. Иштта сацам хилла векалан, шен махкахо хилла меттигаш ган а, г1араваьлла хьешана хьошалла дина нехан т1аьхьене ладог1а а. Ткъа цуьна дуьххьарлера лаам бара вайн ишколе ван.

Хьехархочуьнга леррана ла а доьг1на Светас ша шена ч1аг1о йира, шен сочинени массарел дика хила еза аьлла. Туркменех дерг хаа хан а йолуш ю. Тахана оршот бен ма даций. Юьртан а, ишколан а библиотекехь лаха мегар ду. Ц1ахь деца я воккхачу вешица Интернетчу хьожур ю. Сергейс – иза ворх1алг1ачу классехь доьшуш ву – сих-сиха олуш ду: Интернет дика х1ума, коьрте хьаьвзинарг хаа йиш а ю.

Ц1а ма еъий, Светас шен г1айг1а вешина охьайиллира. Сергей цуьнга леррана хьаьжара. И саннарг цуьнан 1едалехь данне а дацара. Цуьнан бахьана дара, к1ента коьрте, йо1 хьовзо дагахь, ц1аьххьана ойла еъна хилар. Йишин компутарца г1уллакх деънехь а, амма, х1ара санна, интернетца ч1арх-аьлла яцара. “Къилбаседах хаамаш гулбина, уьш Туркменин махках болуш санна лур бу ас... Ма белар хир ду... Делахь а, ойла йича х1илланча кхийтира, ша дукха т1ехваьллийла. Хьалхарчу классехь цхьаъ 1ама ма дойца, берриш кхетамчаш болчахь х1ета а. Къилбаседа Къилбаца тилъян а хаа ма дезий. Йиша шек ма ялахьара. Х1а-а, Къилбаседара акхароййий, олхазарший далор г1олехь хир ду, уьш Туркменера г1ум-арахь хуьлу а олуш. Каракуме, масала, к1айн ча кхалхор ю... Пингвинаш а юьгур ю цига... Кхин а канадера бобр яло а мегар ду...”

– Са ма гатде, вайн дегйовхо, ас оьшург дийр ду хьуна... Яндексехь а, Рамблерехь а, кхечу меттигашкахь а хаамаш лахьийна а вера вац. Хан ло ахь. Айхьа сочинени хьехархочуьнга д1аяллалца, – хьехар дора Светина цуьнан тешаме накъосто, – хьайна хуъчух лаций цхьанна а куралла ма елахь.

– Дукха гена ма титталахь, сан язъян а еза хьуна и, – дийхира Светас, библиотекана хан яйа ца дезар хаза а хетта.

Дехар шен бух болуш дара. Сергей гуттара т1аьхьа вуьсура. Иза компутар т1ера ваккха ца лора. Шен классера берашка а буьрканах ловза ца виглора иза, юьртана цхьа чаккхарма а гена йоцчу хьуьнхахь наггахь наггахь бен ца хуьлу хьаша вара. – Кхаарий дийнахь кичча хир ю хьуна. Тетрадт1е схьаязъян ши суьйре-м дукха ч1ог1а тоьур ю. Са ма гатде. П1ерскана дийнахь массарел хьалха д1алур ю ахь. Цу т1ехь барт хилира. Иштта, дега-нене ца хаийтира. Шен хин болу толам цкъачунна къайле йолуш хилар х1умма а дац бохуш, ойла йора йо1а.

Де а, суьйре а чекхделира. Шинарий а, кхаарий а дийнахь Туркменера векал варах лаьцний бен кхин къамел дацара.

Библиотекан белхало лерринчу гайтаман т1ехь къахьоьгуш яра. Беларуссин меттан а, литературин а хьехархо Вацлав Чеславович беларуссин матте гоч йина Махтумкулин байтин киншка лохуш вара. Дуккха а шо хьалха арахецна йолу иза, лакхарчу терхи т1ехь яйнера. Х1инца дуьхьал мел кхеттачуьнга кхийдайора и Вацлав Чеславовичас: “Х1ара поэт вевзаш дац-кх вай! Иза-м ц1ена Купала ма ву! Туркменин халкъан кхолламах мел лазаме яздо цо!..”

Историн а, сурт дилла 1амон а хьехархойн цхьа ойли бен яцара, болуш болчу к1езга хаамал совнаха, боцург Назар Ёмудсках лаьцна х1уъа карийна а цхьаъ карор яцар те аьлла. 1аламат шен метта хир дара цуьна т1ера зорба тоьхна схьаэцна сурт. Уггаре дика девзаш долчуьна, “Белая вежа” олучу, цхьанни мукъне а.

Хьо ч1ог1а тамаше х1ума! Сурт дуьллу къайле туркменна Россин пачхьенехь карайирзинера. Европехь ма луъу гезаш лела а, французийн а, италийн а хьехархой болчохь 1ама аьтто бара. Марара, Гёк-Тэперара б1аьвнаш а, г1аланаш а, зиярташ а девзара, Туркменин лулара Хива а, Бухара а, Самарканд а, дозанца 1охку Авг1ан а, Иран а евзара. Х1етте а кхуза кхаьчна, Берестейшине, Беловежа суьртахь гайта. Ножан хьун а, зоьзан хьун а, докхан хьун а, беларуссера кхин йолу хаза меттигаш а яра махкара воцу суьртхочо т1ек1овинарш. Кхаарийн дийнахь маса еара Света ц1а. Цунна ша х1умма а дан кхуьур яц моьттура. Вешина х1ун карийна а сихха хаа лаьара. Кхуьнан ирсана Сергей ц1ахь хилира. Гуттара санна иза компутар хьалха 1аш ву. Наь1ара чоьхьа яьлла а ялале рат1а боьттира цо:

– Т1аккха? Сихха дийцахь!

– Къолам схьа а эций д1аяздел. – Вашас экран т1ехь хьалхе кечбина хаам схьабиллира. Масех аг1о д1а а листина, х1иллане йо1е б1аьрг а та1ийна, кхетира. – Сан хьуна кхузахь 1аламах лаьцна хаам бу. Беларуссех банне а тера боцуш тамашийна мохк бу и, ала дашна...

Сергейцана йо1а дийшира Туркменин мехкан доккхах долу латта г1ум-арех лаьтташ хилар. Масех б1е чаккхарма д1аэхарх, г1ум бен х1ума хир яц. Хи к1езга ду г1ум-арахь. Масех хи а, Каракумин апари а бен дац. Наггахь йолу г1у, хаалуш йоцуш, хьан-хьаннаъ карор йоцуш, ловчкъина йолуш санна хета. Кемсийн беш кхуьъчу оазисера 1индаг1ехь 1ар г1олехь ду йовхачу хенахь, х1унда аьлча цу меттехь кхиъначунна а малх 1аткъа кхерам болу дела. – Гой хьуна, мел атта дац цигахь баха нахана хьовх, амма тайп-тайпана экхашна а, алхазаршна а, – кхетира Светин орцхочо. – Цигахь х1ун экхий, олхазарш ду?

– Сеш, бобраш, к1айн черчи, булаш нисло...

– Вайн хьуьнхахь санна ма ду и, – элира йо1а. – Делахь а кхеташ дац, можа г1амаршлахь к1ай черчи х1унда ю?

Йиша цхьана х1уман т1ехь шек яларна кхеравелла Сергейс сихха шен къамел д1адира:

– И ца хаьа суна... Со, аьлча, г1ум-арахь гезна вац. Ткъа Интернетах ца теша а сан йиш яц... Цигахь-м кхин а тюленех а, пингвинех а, моржех а, буланех а дуьйцу... – Цхьадолу экханаш суна дуьххьара хезаш ду, – элира йо1а, голеш т1ехь сецочу блокнот т1е Туркменера са долчу х1умнийн ц1ерш леррана д1а а язъеш.

– Гала ца яла хьажа. Коьртаниг ду хьуна – язйина яьлла сочинени цхьаьнна а гайта сих ма лолахь.

Ишколера яьллачул т1аьхьа жимма са доь1на, делкъе йина, шен язъен стоьла т1е тетрадаш, киншкаш охьаехкира Светас. Пенал схьа а йиллина, шена хазахета ручка схьа а эцна, керлачу тетрада т1е д1аяздира: “Сочинени. Туркмених лаьцна суна хуург. Тхан Беларуссина генахь ю Туркмени. Карти т1ехь можа басца билгала йина ю и. Иза лаа а дац. Хьаннашций, 1аьмнашций къаьсташ болчу вай махкаца буьстича цигахь дукха г1ум ю. Аьхна малх кхетта денош дог1анашший, йочаной хуьйцуш наггахь бен ца дог1у. Туркмениехь уггаре мехала х1ума – хи ду. Туркменера 1алам хьийкъана ду экхашца а, олхазаршца а. Цигахь ду сеш а, булаш а...”.

Хетарехь, йо1а карахь тоъал ч1ог1а лаьцна хилла ручка, ша-шах разйелира. Мог1а нийса ца баг1нера. Ручка хьала а айбина леррана перога хьаьжча, башха х1умма а ца тосаделира Светина.

Иза юха а язъян йолаелира: “... К1айн черчеша шайн яха г1амар-раьг1нийн баххьаш хаьржина. Ткъа Каракумин татолан бердашца пингвинаш шайн баннаш дина...”.

Эццигахь “пингвины” аьлла дош яздешшехь, йо1 ойлане хилла ручка хьалаойушшехь тетрад т1е йоккха хьоькх юьйжира. Иза мел йоккха яра аьлча, аг1он т1ера сеххий, булаххий, к1айн черчеххий, Каракуман татолца ехачу пингвинеххий лаьцна т1аьххьарлера мог1анаш къайла а дохуш. Хиллачун т1е – цу йоккха хьоькх т1ера г1иттина цинцаша йоь1ан юьхь т1е а кхийтира. Ткъа цхьа шекъан хьаша, хьоькхан юккъера схьа а къаьстана, кехат т1ехь тамашийна шех сизаш хила дуьлийра, – ца девзачу экхан, я инзаре олхазаран г1аларт.

– Де дика дойла кху х1усаман, – дог дика хазира сибто, Светин цеце озал хьалха а долуш. – Сан ц1е Пингвин Гренландкин ю... – Лестира сибта. – Далла бу хастам, Каракумин доцуш!.. Хьо – сан хьомениг, Пушанера тамаше берийн юккъерчу ишколера дешархо Светлана Семенович ю, со гала ца яьллехь...

– Ю, – кхин х1ума ала ца делара йо1е.

– Суна ч1ог1а хала дара хьоькх юккъехула хьан тетрад т1е кхача. Амма кхузахь кхин некъ бацара. Тхо, пингвинаш, Каракумахь ца еха. Дуьйцуш санна а ма дац – шовзткъе итт градусе кхаччалца йовхо! Цигахь-м тхох, пингвинех, алун цуьргаш бен ма юьсур яцара. К1айн черчех а, моржех а, тюленех а яцара... Иштта сурт х1оттаделла: кхо метар а, кхин еха а, ши тонн йолу морж Каракумин довха хи чу кхочуш. Иза-м ша т1ера ца йосса йоьлла ма яйца. Цхьана ханний бен, рицкъ лаха. Б1еннашкахь, шен кхача, лахьорчаш а, чкъуьйригаш Каракумахь цунна мичара карор яра. Х1ан-х1а, Света, къилбаседахь 1ачарна г1ум-арен ялсамане, доккхачу татолан бердаца а, я Каспийн х1орда йистехь а дахар доьг1на дац. – Соьга-м Сергейс шух лаьцна мел дерг Интернетехь карийна ма элара... – йоь1ан б1аьргахь хи къегара.

– Бакъ дерг дийцича-м дика а ма нисделлакхи х1ара. Ваша ма вукхи хьан и... Г1о дан меттана, хьо кхоччуш тилаян ойла хилла цуьна... Ас цхьа хьекъале туьйра дуьйцу хьуна. И тхан Пингвинин Махка ц1еракемаша-гезахоша Африкера дуьйна деъна ду.

Мацах цкъа Лергъяхаррий, Чаг1алкхий доккха ши доттаг1 хилла. Цкъа дагадеъна царна меттигера хьоладена балха х1итта. Дуккха а къахьегна цу шимма цуьна кха т1ехь. Дог1наш доьлху хан т1е ма кхеччи хьоладас йолахой парг1ат буьту. Хьегначу къинна ахчана метта цо кху шинна яттий, стуййий ло. Лергъяхаро Чаг1алкх берта а ялайой етт шена буьтуш, сту цунна ло. Х1оразза Чаг1алкх доттаг1 волчу хьошалг1а мел дог1у, цо цунна керла яьккхина шура малош хилла. Цкъа Лергъяхаро шен неше аьлла: “Хьо со долчу мацца деъча а, ас хьуна гуттара шура ло. Ткъа хьо долчохь суна х1умма а ца кхочу. Нийсо яц и. Шен бехказлонна Чаг1алкхан сту шура луш бац алий бен дацара. “Шура ца лучу хьайбанх х1ун до, – хаьттира Лергъяхаро. – Бийча г1оле дац и?” Чаг1алкх реза хилира. Стунна урс а хьаькхна жижиг дийкъира цу шимма. Т1аьхьалон жижиг кхачийча, Лергъяхаро стун ц1ога, юьхьиг гуш а юьтуш к1орга лаьттах доьллира. Т1аккха еана Чаг1алкхе олу: “Кхузахь бежнаш ду кхуьуш. Гой хьуна хьалакъеда ц1оган юьхьиг. Схьаозаде иза”. Со и доггах оза а дина лаьттах даьккхира. Лергъяхар ц1ийзаш мохь хьекха юьйлира, Чаг1алкхо шена рицкъ латточуьна ц1ога даьккхи, ткъа етт кхерабелла дукха к1орга лаьттах бахана бохуш. Аьтто боьхначу Чаг1алкхан Лергъяхарна хилла зен метта х1отто дийзира. Шолг1ачу дийнахь Лергъяхаро етт схьалаха ор даккха деза аьлла 1ехийра и. Ор даьккхина ма делли, Чаг1алкх цу чу йоьссира, етт ца го те аьлла. Цу минотехь Лергъяхаро т1е латта хьаькхира цунна. Шен сонта хиларо кхуьна дог эт1адо Чаг1алкхах иштта йолу Лергъяхар. Гой хьуна, Света, доллу хьехар ма дац ойла ца еш т1еэца дезаш, юххерачара луш делахь а.

Йо1 халахетар 1аьткъина тийна 1ара. Новкъа даьллера, 1овдал санна ша Сергейс 1ехаярна. Ваша ма вайца и... Кхин а ч1ог1а новкъа даьллера ша Туркмених лаьцна сочинени язъяр хир дац бохург. Елха лаьара.

Х1оьттина тийналла йохира Пингвин Гренландкинс:

– Са ма гатде. Деригге дацахь а цхьа долу х1ума вайн карахь а ду хьуна. Коьртаниг, ц1ена тетрад корор ду...

– Тетрад-дам ду, – ца кхийтира йо1. Кхуьна хьешан башха план кхоллаеллера. Пингвинас шецана самукъане гездаре йола элира. Цо Света цхьана ханна цхьа жима-жима Дюймовочка-пистон йина, и т1емашца т1ома а яьккхина мехкан коьрта библиотеке юьгур ю. Цо иза са ма дайнехь дийр ду, буса еанчу хьешана киншкийн терхешна а, энциклопедешна а, тайп-тайпана атласашна а “т1елеташ” кхунна цхьаьнгара новкъарло ца хилитархьама.

– Хьо ц1ера ара йолийтар юй-те, сан лараме Света?..

– Телвизарчохь “Калыханкi” чекх ма елли ден-ненан буьйса декъал а йина со суо 1ачу г1ура ю. Сергейна а хоуьйтур дац, цуьна харцо сайна гучуяьллийла.

– И дика хир ду. Делахь тховсехь новкъа довлу вай...

– Бехк ма биллалахь, суна ма хаъара, хьан т1емаш ма дац... массо пингвиний санна.

– Бакъдерг дийцича, тхуна ца делла т1ома лелар. Хьалха со а яра т1емаш доцуш, дикачу г1уллакхийн г1арип а, дурз а, 1илманча а Пингвин Гренландкин хиллалца. Атта доцу хьелаша аьтто бира сан. Ма-дарра вай цунах лаьцна дуьйцург хилар теша со. Хетарехь, вай юха вовшах кхетчхьана. Х1инца сихо е. Шек ма яла хьо, ас хьо юьхь1аьржа х1оттор яц хьуна. Цхьаъ ду даима дицдан йишйоцург – юьхьар лаьцна некъан 1алашо диканиг хилар. Цундела елла суна дикачу г1уллакхийн 1илманча аьлла сийлахь ц1е. “Колыханки” чекх ма елли йо1, массера буьйса декъал а йина, ша 1ачу чу а яхана не1 д1акъевлира. Дукха хан ялале бартхой т1ома боьлхуш бара. Света, иза-м кхин Дюймовочка-пистон а, Пингвинан ц1оканах я месех тасаелла т1ома хиларан кхерам а, сагатдар а къардан г1ертара. Некъ бечу юкъана Гренландкин вист ца хилира. Мацца а 1алашоне д1акхаьчча, уьш цхьана 1аламат йоккха, есачу х1усмехь нисбелира. Киншкийн терхьашка а хьаьжна цо элира:

– Вай кхуза даьхкинийла хууш ду кхузахь. Кеста воккха стаг – Библиофил Библиофилыч схьакхочур ву. Цец ма яьллахь, цуьна лаьттах хьекхалучу еха можах – иза цуьна 1илма ду, ехачу хенахь киншкана г1уллакх деш цо 1а1ийна. Цец ма яьллахь, цо хьо хьайн хила деза дег1е ялийча а. Цо г1о дийр ду хьуна мел оьшу киншка лохуш. Цуьнга ла а дог1а, цо мел олург д1а а лаца. Ткъа болх чекх ма белли, вай ц1а г1ур ду. 1уьйре т1еяле хьо хьайн меттахь хила езаш ю.

Цо ма бохху и кхочуш хилира. Мичаре вела ца хууш к1айн еха маж а йолуш воккха стаг гучувелира. Хаза-к1еда къона хьеше маршалла а хаьттина, цо куьг а даьцна ешаран зал чу йигира и. Х1ара цхьана стоьла хьалха охьа а хаина, ша боданца ийра. Цхьа-ши минот ялале юхаъ гучувелира. Цуьнан карахь стоьла т1е х1оттайо стогар-фонарик яра, аьхна баьццара абажур йолуш. Хетарехь иза батарейкаш т1ехь йогуш а яра.

– Электронни блокнот кечйиний ахь, ва Света? – хаьттира воккхачу стага.

Йо1а корта ластош дацаре ишар йира.

– Ткъа хьуна и муха лелон еза ма хаьа?

– Суна вешехь гина и санна ерг. Экран а, клавишаш а йолуш. Цуьнца кхин а электронни къолам а бу. Сергейс сих-сиха...

– Дика ду, ца вуьйцур вай Сергей... Суна хаьа, Интернете цуьна йолчу марзоно и стенга кхачийна. Ас х1инца блокнот схьаяхьа хьуна, т1аккха вай иза цхьаьна Туркмених лаьцна хаамашца хьала юзур ю.

Светин хенан чот яйнера. Керла довзарийн а. Дукха сиха хиира цунна, Туркменехь к1айн черчи яхалур йоцийла а, г1ум-аре пингвинийн мохк боций а. Ша Ашхабадехь, пачхьена дийнатийн паркехь ца гахь уьш цигахь ган йишйоцийла а. Каракум – иза эмкалийн, уьстаг1ийн, яккхийчу текхаргийн езаелла меттиг хилла. Эмкалша ойла ехьнера йоь1ан. Цу динатийн санна доьналла долуш, дийшира цо, кхин дийнат а дац. Итт-кхойтта дийнахь хин т1адам а боцуш 1ало иза. Ткъа цунна дукха беза кхача – баь11ашший, к1охцалгший ду, хьостамий санна г1амаршлахь кхуьууш долу.

Йо1 кхийтира, цигахь бехачу нахана, малхах буьзначу махкахь, хин татолаш, кяризыш сел мехала х1унда ду. И дешнаш кхунна хезна а дацара. Карти т1ехь баьццара оазис Фирузу а гира, ломан алц1езамо заза хоьцу де а иесахь дисира, бамба муха кхуьу а, мерза паста муьлханиг лоруш ю а т1аьхьа кхиира.

Сатоссуш ц1а кхаьчна х1ара кхин охьа а ца йижира. Библиофил Библиофилычас елла блокнотан аг1онаш луьстуш, Светас леррана д1аяздора керлачу тетрад т1е дукха хан йоццуш шена мел девзинарг. Цхьа де хьалха сочинени д1аяла а ларайира иза. Я Анна Петровни а, беларуссин мотт а, литература а хьоьхучу хьехархочуьна а шеко яцара, сочинени конкурсехь толам хьена хир бу аьлла.

Шен болх массарел дикчарех лаьрра хилар Светас ц1ахь а ца аьллера даздаран хьокъехь мог1а бо хан т1екхаччалца. Сергейн цецваларан доза дацара, массо классашна хьалха шен йиша горгали бекош чекхъяьлча. К1ант цуьнга, т1аккха Туркменера векалга хьоьжжучохь виснера. Ойлане а деара: “Деша дезара цо, буланашший, сешший г1амарийн раьг1наш т1ехь к1охц1алгаш лехьош ду бохург...”. Воккхачу хьешана Пушанера ишколехь мел дерг тайнера. Сирла классаш а, йоккха зал а, ишколан музей а, Назар Ёмудскина лерана керла гайтам а. Векална мог1ана хьалха хаза горгали бекош едда чекхъяьллачу йо1аца къамел дан лиира.

– Кхушара т1аьххьара горгали бекор цунах тешор лаа дацарийла хаьи хьуна. Цо массарел дика язйинера “Туркменистанех лаьцна суна хуург” аьлла сочинени, – дуьйцура векале ишколан директора.

Йоллучу ишколехь Света лохучу юкъана векало, дукха хенахь дуьйна Беларуссехь болх беш хиллачу цунна беларуссин мотт хаьара, сочинени йийшира.

Йо1 хьехархойн чоьна чоьхьа ма елли даггара, баркалла олуш къамел дира цо цуьнан балхах лаьцна. Т1аьххьара вела а къежна хаам бира:

– Тхан векалаллехь а ду Светина д1адиллина цхьа х1ума. Иза ду Туркмене хьошалг1а кхайкхар. Дика хир дара, къона 1илманча деца-ненаца кечъелча. Я кхин а ву шу доьзалехь цхьа а?

– Ву, ворх1алг1ачу классехь, аьлча а х1инца борх1алг1ачу классе ваьлла шен ваша Сергей-м. – Йо1 цхьана х1айтана ойлане а хилла т1етуьйхира:

– Иза а ван мегар дуй Туркмене?

– Х1унда мегар дац?! Тхуна хазий бен хетар дац Махтумкулин Даймахка шун доьзалера мел верг веъча, беларуссин халкъера маршалла а дахьаш, – сиха реза хилира векал.

Т1омахь санна йоьдура йо1 ц1а. Оццул даккхий кхаьънаш! Дагвеара дикачу г1уллакхийн 1илманча Пингвин Гренландкин. И муха карор вар-те? Библиофил Библиофилыч а дагвеара. Мичхьа, уьш муьлхачу туьйранехь беха те? Чохь мел берш дуьхьал бевлира Светина. Хьалххе ц1а веанчу вашас дийцинера х1ета деригге. Цара массара цхьаммо санна бохура:

– Декъалйо, декъалйо тхан хьоме “туркменка”!

– Вайна доккха совг1ат динийла а ма ца хаьа шуна. Вай дерриш Туркменистане хьошалг1а кхайкхина.

– Некъ дика хуьлда, – ц1ий а луш, шегара даьккхира Сергейс.

Корта айбина Сергейка а хьаьжна Светланас дезаллехь элира:

– Вай дерриш доьлху, дийи – дай, наний, Сергеййий, соййий. Ткъа хьуна, сан ваша, баркалла боху ас. Ахь г1о дира суна Туркмени а, г1ум-аре а, Каракумин татол а, т1аьхьарчу деношкахь дуккха а х1ума суна довзуьйтуш г1о дарна.

– Муха... Асий... Х1унда... – ваша кхин а ч1ог1а ц1ий велира, къамел а тийсалуш.

– Со кхеташ-м вац...

– Ахь, сан ваша, туьйранаш ца доьшу, – дола дечу эшарехь элира Светас. Нанас х1орш еза кечйинчу стоьла т1е кухничу кхайкхира. Баккхийнаш хьалха а бовлуьйтуш, метта вог1уш волчу вешига юха хьаьжира йиша.

– Света, ахь со чаг1алкхо санна д1акхалла везаш ма вара.

– Со-м ишттаъ чаг1алкх ма дайца, – елаелира йо1, – амма догдиканиг. Воло, нена мерза х1умнаш яа доьлху вай. Туркменехь кемсаш юур ю вай, Чарджоура г1ара яьллачу пастах чам а боккхур бу. Билггала эмкал т1ехь а хахкалур ду. Реза вуй хьо?

– Реза ву со!

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.