http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Туьйра Печать Email

Алесь Карлюкевич, гочйинарг Кадиев Руслан

ШАБАРША БЕРДА Т1Е ВОЛУ

Мацах цкъа, де суьйренга лестинчу хенахь, Шабарши сахьаьвзира. Свислочь хи набарна тевжинчу Маьлх-Аьзнех тера дара: го баьккхина тийналла лаьттара, цхьа а тулг1е яцара цуьнан тем бойуш. Шабаршин хи-кема цхьана меттехь лацаделча санна хетара. Жимачо аьтто а, аьрро а аг1ор б1аьрг кхерстабора. Цунна юха а цхьана дийнахь мукъне а, пийсакаш охьа а дехкина, лаьттахула волавала а, бай т1ехь карча а лаьара. Мацалло а шениг дуьйцура: масне де дара цуьнан кхайкхам цо хица хьулбо.

Х1инцалца цунах кхачам хуьлуш схьавог1ура иза. Хица тамашийна ницкъ болчух тера ду. Цуьна х1ора т1адам а шеца доккха дарба дохьуш хета. «Олуш хезна, велларг а денвеш хи хуьлу бохуш», – ойла иккхира хи-кеман капитанан коьрте , х1ара кхера а луш. Хи-кеман аг1ора т1одца кана хи а эцна, муц1арах хьаькхира цо. Кхин цкъа а хьаькхира, хица мукъне а карзах яьлла ойла къахко г1ерташ. Бакъду, хих лаьцна кхин а цхьацца х1ума дагадеара кхунна, мичхьа хезна а ца хууш – хетарехь Вероникас цхьана урокера деанчух тера дара: «Криницехь цхьа хи ду дог1уш, иза цкъа мелча стаг наж санна ницкъе а, г1орехь а хуьлуш. Иштта хьан т1аьххьара ницкъ д1аоьцуш дерг а ду…»

 

– Х1ан-х1а, сан ницкъ д1аэца ца оьшу, – хезаш ала кхиар Шабарш, цунна нисса т1ехула цхьа доккха кема оллалуш. Гонд1ара хи карзахделира, кхуьна жима хи-кема тулг1енаша айира.

Х1ета, олуш ма хиллара б1аьрг стешха бу: ма-дарра аьлча вайн майра капитанах 1оттаелларг акха бад хиллера. Даккхий пийсагашца санна хи лелош, когашца луьйзуш иза нисса Шабаршана т1е йог1уш яра, х1ара хьашарна кхерам а болуш. Вада я цхьаъ дан г1ортар т1аьхьа дара. Цундела хин гезанча ши б1аьрг д1а а хьаббина, г1орзолг хилла хебара.

Ткъа бад-кемо мас санна майра капитанца айина дехьара хи-кема. Б1аьрг биллича Шабарша кхийтира, ша х1аваэхь хьуш хилар. Кхерам а къарбина, дикоха д1анисвала хьаьжира иза. Хазахийтира пийсакаш дайна ца хилар а.

Хи-кеманца бедо, Шабрша берба т1е а веъна – цигахь свилоч хин т1адмашцана охьаластира. Ког бокх-боккхучохь тамаше хиларш хила тарлучу, бецан варшахь нисвелира гезанча.

Екъо меттиг лехна, хи-кема бертал диллира беро, юххе пийсакаш а дохкуш. «Дакъло хьайна. Кхин тоъал зераш хир ду вайна. Суна х1инца ма ца хиъна, маса чаккхарма ю сайн Болочанке кхача йисна, – дагатесира Шабаршана. – Цкъачунна со кхузахь волалур ву. Хи-кема дитана меттиг йиц ма лахьара…»

Т1аьхьо хи-кема долу меттиг карорхьама, х1ума гина гезанчас билгалонаш йита сацам бира. Царах дуьххьарлера билгало кагдина бецан хелиг дара. Х1ора итт г1улч мосазза йоккху и «лар» юьтура Шабаршас шена т1аьхьа. Юха хьаьжна иза реза хилира, хи-кема кардан атта хир дуйла а хиъна. Х1ара кхин д1а шен некъ бан тохавеллачу хенахь, пхи метр гена хир долуш тачана юккъехь лаьтташ зингат гира кхунна. Шабаршана цуьна хьажар ч1ог1а кхераме хетаделара. Жимма кхера а велара. Жимма ца хила а дера мегара иза…

Цундела вайн гезанча ша чу г1орта сацам бира:

– Х1ай цавевзарг, некъ бита! – б1окъежна д1ахьедира Шабаршас.

Зингат жоп дала сиха дацара. Иза коьртера когашца кхаччалца лерана хьоьжура бере. Тийналла т1ех ях а елла, Шабаршина зингат д1ататта дагадеанчу хенахь, важа дистхилира:

– Хьо мичара вела те ишттаниг?! Б1е метр ца ваха хьо, ткъа зулам мел дукха дан кхиа. Кхушара 1а дахделлера, б1аьсте т1аьхьо бен ца еъна тхуна. Бай х1инций бен кхиа ца болабелла. Ткъа хьо, бохь боцу котт (герой), х1унда ву кхузахь х1ара буц отуш- кегъеш? Хьуна хаа мукъне хаьий, х1ара х1ун буц ю?

Шабарша дукха эхь хетта юьхь стенга хьура ю ца хууш, лаьттах вахана велара ша аьлла хьаьвзира. «Х1ун ду те соьгара даьлларг? И зингато г1о доху буц, кхузахь 1аламат дукха ма ю», – хин капитана ша-шега а аьлла, хозуьйтуш элира:

– Суна хетарехь, хьо бахьана доцуш оьг1аз дахна, х1ай зингат. Доккха зен ду те масех бецан хал кагдина бохург? Цу т1е сан доккха бахьана а ма дара.

Кхузахь зингате са ца тохаделира: ша долчохь кхиссалуш мираш беттара цо, аьтта-аьрро аг1ор д1аса а хьийзаш. Хетарехь, оьг1аз ч1ог1а даханера.

– Х1ай хьо я1, ца хаьа суна хьан ц1е… Амма схьахетарехь хьан хьалхара класс чекхъяккха а ницкъ ца чекхначух тера ду. Х1арам ч1е1а буц яй, массо бецан нана. Дукха хан ю кхузахь цуьна йоккха майда кхуьу. Кху безаме бецан йолу ц1ерш ягарйина а девр дац. Царах цхьаъ ю – исбаьхьа йо1. Кхин а – даккал, ч1е1а-орам, пелаг-буц, сийна хонкар, акха сендарг…

Халахетта велахь а, Шабаршас леррана ладуг1ура. Иза муха ца ихина ишколе?! Иза-м Вероникас х1ора дийнахь шен дневник юккъехь ишколе лелавора. Цуьнан дукхах йолу (х1аъ, дукхах йолу) лакхара оценкаш – кхуьна хьуьнар ма дайца. Х1ан-х1а, х1ай зингат… Вуьшта, хин гезанча къовсаме вала ца х1уттура: зингат дукха оьг1азе дара. Цундела Шабарша, шена дуккха а ца тайна х1ума хьулдина, тийна-таь11ана ладуг1уш лаьттара, шен дагара ца хоуьйтуш.

– Заза доккхур ду ч1е1а-бецо, шен б1аьрхи-зезаг доьллур ду – т1аккха мел хаза хир ду кхузахь… Г1ад леккха ирх г1ура ду. Вайшинна цунна т1ехула баккъаллаъ геза ваха а мегар ду. Пайда мел бу ч1е1а-бецан… Мел дукха молха доккху цунах. Тхан туьйлигехь цхьаннах цамгар ма хьакхаелли, ч1е1а-буц дагайог1у…

Шабаршас зингате ладоьг1на-доьг1на цуьнга бакъдерг д1адийца сацам бира.

Цкъа хьалха ша хелагаш х1унда кегдора…

Цул т1аьхьа шен болу сингаттам а.

Шабарший, зингаттий тан а тайна, мел хилла вас шаьшшиъ вовше кхеттачахь а йитна, кхин д1а лела бахара.

Зингато ва1да дира Шабаршина, бацахула лаьллачул т1аьхьа ша кхуьна хи-кема лаха г1о дийра ду аьлла.

Ткъа хин капитана Бацалгана ва1да дира (иштта яра зингати ц1е, хьанна хаьа, кхуьна хир волу доттаг1чуьна а), ша пийсигаш лаца пурба лур ду аьлла.

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.