http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Шабарша хит1е юха а воьду Печать Email

Алесь Карлюкевич, гочйинарг Кадиев Руслан

Туьйра

 

Вероникас тидам бинера, т1аьхьарчу хенахь цхьана меттехь социйла доцуш Шабарша тем байна хилар. Дукхахьолахь дешархочуьна дневник юккъера ара а ца къедаш, цхьаьнна а терго йоцуш тийна-таь1на 1ара иза. Йо1а дневник т1оьрмигчу ма йиллий набарха ваьлча санна болабора цо шен талам. Жима а, горга а, пистонах тера эхь доцу ира меран буьхьиг болу иза, хьехархоша оценкаш ехкина йоза а толлуш, хазахетарца царна т1аьхьа а кхуьуш шен болх болабора. Ткъа йо1 ишколера ц1а ма еъи, т1оьрмиг чуьра киншкаш хьала а яьхна ц1ахь елла дарс ян йолаелча, Шабаршана шен лочкъийла к1ордайора.

Иза сихха стоьла т1ера кхоссалора. Цуьна леларе ма хьаьжжина йо1 кхетара, иза самукъадаьлла я оьг1азе ву. Нагахь оценкаш «ворх1аннал» лахар караяхь, Шабарша вуса велла хуьлура, цуьна ира пистон-мара горглора. Баьццара суйнашца къега, диеларна т1ера б1аьргаш г1аьххьа хьаббина а, ткъа мера-з1ок шорйелла а, ц1ийелла а хуьлура.

«Ялхий», «пхиъий», «диъий» г1ортаме талламхочунна даррехь ца товра. Болчунт1е б1аьргаш шорлой, сих-сиха пехаш х1аваах дузуш, х1ора дешан дешдакъа ша-ша олура:

– Ве-ро-ни-ка! Му-ха ме-гар ду ли-те-ра-ту-рин дарс ишт-та йий-ца? Ку-па-лан бай-таш ца е-заш-м яц хьо? – поэтан ц1е беро нийса а, айаме а йоккхура.

Вероникас эхь хетий, шен накъосте и ца томехь долу х1ума дицдар доьхура. Иштта и лер цунна, г1ортаме талламхочуьнгара, шина-кхаа дийнахь хаддаза хезаш дара. Йо1 собаре хуьлий, нешарша (подруги) еттачу з1ена дуьхьал жоп ца луш, компутар ца латош, математикин задачаш еш, байташ дагахь 1амош йоллура. Хазахеташ географин карти т1ехь гезара. Сарле г1елйелла хилахь а, ша-шена реза йолуш юьжура и д1а, кхана Шабаршица барт а, машар а хилар лууш. Йоь1ан оценкаш, цуьнга хаьттича, лакхарий бен хила йишъяцара.

Мухха делахь а цкъа Вероникиний, Шабаршаний ч1огг1а дов делара. И цатам кхьуьнан шича, Наталья, йина де даздечу дийнахь хилира. Наталья ворх1алг1ачу классехь доьшуш яра.К1ентий а, зудабераш а тайп-тайпана кхачанах кхеташ стоьла хьалха цхьа сахьт даьккхинчул т1аьхьа, суьйрана кинотеатре баха барт хилира. Ша дарсаш янза ю ала ца х1уттуш Вероника а яхара цаьрца.

Ц1ахь стоьла т1ера тетрадаш схьа а гулдина, дневникца т1оьрмиг чу йоьхкира цо, Шабарша оьг1азг1ахь а аьлла, и т1оьрмиг маьнги буха д1а а лачкъош. Х1ета 1уьйрана, т1е х1ума йоьхна яьлча, хала баьккхира цо иза цигара схьа.

Математика Веронике ца хаьттира, литературина «диъ» даьккхира, географина – иззий. Чиний маттана – «кхоъ». Физкультури, белха дарсаша г1о дира. Б1е метр х1ара массарел чехка едира, цундела хьехархочо дневник т1е кхунна доккха «итт» диллира. Белхан дарс кхача кечбан 1амош яра. Вероники чуданаш дешин бос богуш а, мерза а хилира.

Амма Шабаршан кхин ойла яра. Цо Вероникина ц1уьх1ар (неуч) аьлла т1ех тохам бира, иза бехказа яла йоьлча. Ца тийшира, цхьа болу студенташа цхьана буса чиний мотт 1амабо бохучух, ткъа географих лаьцна кхо аьллачунна боккъал а оьг1аз вахара:

– Суна дас дикчарах нотбук эцна. Ткъа компутарчохь Википендихула суна муьлхха пачхьалкх а, г1ала а карор ю!.. Тоьар ду ахь со 1амаяр!..

– Хьайн корта ма байалахь цу компутарчохь, – вас хилла элира Шабаршас, юха вала некъ ца буьтуш т1е а тухуш:

– Ткъа со... со д1авоьду, хьалха ваьхначе!..

Цхьана минотана ойлане хилира Вероника, ишколера а, шен а йоллу къайле тешийна, стоьла т1ера г1анта волуш, г1антара лаьтта вуссуш не1аре воьдуш , уггаре юххера шен доттаг1 вайча. Хаза а, диканиг дош цуьнга ала луъушехь йо1ера кхинарг делара:

– Хьайн хи т1е яхийта делахь!

Цхьана аьхка, хьуьне йистера Болочанк жима хи долчохь карийнера кхунна Шабарш. Аьлча а кхо хин бердаца лахьийначу зезагийн курсах летта воллуш. Вероникина дуьххьара и 1аьржа пистон ган а ца гира. Цул т1аьхьа, Шабарш шеца къамеле ваьлча кхера а дера елира х1ара. Цу шинна гергарло тасаделира, тешамца вовшех лаьцна, хетарехь, доллу х1ума а дийцира.

Шабаршина ша Болочанк хи т1е муха кхочур ву ца хаьара х1инца. Вероникера петара иза машенахь ма веънерий. Цундела некъ-ам цунна, х1ета, дагабог1ийла а ма даций. Амма малонча дешархочуьна, йо1 дог дика елахь а, дневникехь 1ен кхин ницкъ тоьар бацара.

Ламийн майдана а керчина, цигахь цхьа хьулме меттиг карийна, генара некъ юьхьарлацале жимма сада1а деза аьлла сацам бира кхуо. Кхин д1а ша ден долчуьна ойла а яра ян езаш. Шабаршана х1инца товш дерг хьун а, хи а гург хилар, аьхна махца ша кийра бузор хилар а дара. Аьтто балахь цхьана хи-кемахь Болочанки т1ехь кхарста а г1ура вара. Х1ара хьуне, аьхналла йоцу г1ала йитар – коьртаниг дара.

Х1ета Вероника… Вероника-м дохко хьаха ера ю, ойла йора Шабарша. Цунна йо1 йолчу юха а веъна ала лира: «Доттаг1ех довла атта ду хьуна, уьш карочулла».

Ткъа иза юха-м ца вирзира.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.