http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Дийцарш Печать Email

Дишни Iусп-Хьаьжин воI Цалл

Дишни 1усп-Хьаьжин во1 Цалл вина Дишни макахь Таусхар юьртахь 1898 шарахь. Цуьнан да 1успа, нахаца а тарлуш, нахаца мага а мегаш, шен хьанал ваьхна стаг вара. Иштта, хьанал баьхна цуьнан ден вешарий а, ц1ийн нах а, динца ч1ог1а а болуш, Дишни махкахь дика ц1е а йоккхуш. Миклай II волчу заманахь Хьаьжа-Ц1а вахана хилла ву 1успий, цуьнан деваша Атий, да Цаллий.

Хьаьжа-Ц1а ваханчохь, цомгуш хилла, кхелхина Ата цигахь д1аверзина. Хьаьжа-Ц1а баг1анчуьра ц1а баьхкина дукха хан ялале, 1успина к1ант вина. 1успин дас Цаллас шен ц1е тиллина к1ента к1антана. Цалл аьлла.

Вай ц1ера дахале Соьлжа-Г1алахь «Красный молот» зовтиехь машинист болх бино цуо. Цул т1аьхьа ц1ейойу бригадехь, цу хенахь «полутарка» олу машенахь. Иштта, Соьлжа-Г1алахь болх беш, мукъачу деношкахь ц1а а вог1уш, доьзал кхобуш 1ийна и вай ц1ера даххалц.

Цаллас, Соьлжа-Г1алара Итон-Кхаьлла ялийна «полуторка» машен х1инца а йуьйцу иза вевзаш хиллачу баккхийчу наха. И х1ума 1936 шарахь хилла ду. «Со Итон-Кхаьлла воьдуш ву шуна машенахь», – кхо аьлча, цуьнан накъостий ч1ог1а цецбевла хилла, цуо дуьйцучух ца тешаш. Шуьйта-Г1ала кхачалц говра-ворда яххалла бен шуьйра ца хилла некъ. Цигара хьала ч1ог1а вуон хилла боху, говр-ворда а яхалур йоцуш.

«Даланза дисахь гур вай, к1ентий», – аьлла, Соьлжа-Г1алара хьала хаьхкина, халий, аттий Шуьйта кхаьчнера х1ара. Цул т1аьхьа къемата де хилла х1оьттинарг: готта некъ, оьрнаш, т1улгаш. Органа йистехула вахар дукхох хилла. Цхьацца йолчу меттигашкахь ч1ургаш к1ела аннаш дохкуш, новкъара т1улгаш д1адохуш хьала ихна Цалл. Ч1ог1а каде, хуьнаре хилар бахьана долуш, Делан къинхетамца лаза ца веш, кхин машенна х1ума ца хуьлуш Итон-Кхаьлла кхаьчна х1ара цу. 1успин Цалл машенаца веъний хиъча, наха ч1ог1а тамаш бина хилла, виран ворда яхалур йоцучу сел готта новкъа муха веъна и кхуза бохуш. Цунах боккха кхаъ хилла юьртахошна. Цу сарахь доккха ловзар х1оттийна, уьстаг1ий а дойуш. Ч1ог1а т1еэцна хилла 1успин Цалл, веза хьаша санна. Иза воцург цу хенахь Итон-Кхаьлла машенца веъна стаг вац боху бакхийчу наха тахана а.

Вайн къам ц1ера даьккхича Кзыл-Ордински областе, Кармачински районе кхаьчна 1успин Цалл. Цигахь а, корматалла йолуш хиларе терра, г1ишло ян, машен лело, ц1ейойу бригадехь болх бина, ч1ог1а г1о-накъосталла дина боху цо, иза вевзачара Акин Сапра1ила, Абубакаран Мусас, Чопан Суькиша. Ч1ог1а вуон хьал хилла хьалхарчу муьрехь махках баьхначу нахехь: шело, доцу дечиг, цхьар доьлла, чу мох хьоькху ц1енош, аьлча а цхьа лаппаг1наш. Цул совнаха мацалло, г1елоно, г1ора дайна хиларо бохийна хилла нах. Дог доьхна хилла.

1успа-Хьаьжин Цаллас дуккхачу нахана г1о дина, ша говза стаг хиларг терра. «Вай къардала, к1еладиса йиш яц, вайн 1ер-дахар кхолла меттиг нисъян еза, вай дахар кхолла деза. Вай-м нохчий дай, вай нохчий хила а дезий, вай нохчий хир а ду», – баьхна цуо. Иштта, г1аддайна нехан дог оьцуш, куьг кхочучохь вошалла деш, масал хилла чеккхваьлла 1успа-Хьажин во1 Цалл Карамачински районехь. Даймахке ц1а дирзинчул т1аьхьа а лайна наха сингаттам, хало, бала. Олхазар-К1отар охьахуу Цалл шен доьзал. Ц1а ма кхеччи горга ц1енош дан волало иза. Ша ечу х1усамех уггаре йоккхах йолу чоь «зиярт» чоь ю хир аьлла нийат дина хилла Цаллас. Шен нийат ма хиллара, цо «зиярт» чоь а ма йира, таханлерачу дийнахь а чу чохь гуллуш нах а ма бу. Ц1а дирзинчу хенахь, вайна ма хаъара, ч1ог1а луьра дара бусулба дин лелор. Массо а х1ума дихкина дара: зиярташка некъ шар ма де бохура, зуькар ма де олура, джам1ат дар ца дезара. Совет 1едало кхерамаш туьссушехь, иза ч1ог1а доллушехь, «зиярт» чоь Олхазар-К1отарахь йинарг 1успа-Хьажин во1 Цалл ву-кх.

Тахана а, кху 51 шера чохь, и «зиярт» чоь йолуш а ю, цу чохь гуллуш хьаьжин мурдаш а бу. Цу хенахь 1едало мел ч1ог1а кхерамаш тийсарх, «зиярт» чоь д1акъовлур ю, ц1енош дохор ду, хьаьжийн мурдаш луьйцур бу бахарх цхьана дийнахь а «зиярт» чоь д1а а ца къевлара, я цхьа а кхера ца велира. 1усп-Хьажин Цаллас аьлла хиллера хьаьжийн мурдашка, нагахь «зиярт» чоь бахьана долуш ша 1едало лацахь, цу сарахь доккха ловзар делаш аьлла.

Кхин цхьаъ а, цо дина мелие г1уллакх дийца лаьа. Ц1а даьхкинчу хенахь Олхазар-К1отарахь ч1ог1а хало хилла молучу хица. Генара дан дезаш хилла и. Геннара, лаха чуьра хьала дан дезаш. 1усп-Хьажин Цалл нахаца дагаваьлла цу хьокъехь, х1ун дичи х1ун хир дара техьа аьлла. Церан барт соцу, орцан юьххера шовда юьрта чу далор т1ехь. И г1уллакх шена т1елоцу 1усп-Хьаьжи Цаллас. Шен куьгара кегий нах а гулбой болх сихха д1аболабо цара. Цаллас Делан дуьхьа нийат до, дукха болу г1ирс шен чоьтах оьцур бу олий. Иэца г1ерташ волчуьнга, цуо оьцуьйтуш а ца хилла. Шен кертара уьстаг1ий а дойуш, нахана яа х1ума а латтийна. Латта к1еда долчохь белаца охкуш, т1улг болчохь лом детташ къахьегна наха. Дуккха а бирг1анаш хилла езаш, хьалатекхо трактор а оьшуш хилла, уьш вовшех лието чухьар оьшуш хилла. Дукхах йолу харж шен чоьтах еш, ц1а даьхкина дукха хан ялале, 1усп-Хьаьжи Цаллас 5-6 чаккхарма, орца к1елхьара шовда далийра Олхазар-К1отара, 1959 шарахь.

Цу шовдана ц1е 1усп-Хьаьжи Цалли шовда олий йоккху х1етахь дуьйна. Х1окху 53 шарахь наха а, дохно а, олхазарша а пайда оьцуш ду Цалли шовда. Дарбан хи. Суна тахана санна дагвог1у иза: шурула к1айн маж йолуш, юьккъерчу дег1ехь, куьцана товш, хаза воккха стаг – 1усп-Хьаьжи Цалл.

Дала декъала войла, Дала гечдойла цунна.

ДIаязийна: Олхазар-КIотарара Мазуров Моьхьмад.

Дийцинарг: Успанов Руслан, Iусп-Хьаьжи Цалли кIентан кIант Олхазар-КIотарара вахархо.

ГIезин Iаьнцаг

Мацах, Кавказан т1ом болчу заманахь, 1834-1859-чу шерашкахь, Нижала юьртахь вехаш хилла цхьа воккха стаг Г1езин 1аьнцаг. Б1е кхузткъа шо хилла цуьнан.

Цхьана шарахь имам Шемалан т1емалой цо дажош долчу даьхни юккъера, пурба а доцуш, цхьа берстина сту охьа а тоьхна, цунна урс а хьаькхна, боккха ц1еста яй чохь кхехкош 1аш хилла Нижала йистехь.

Иза шена ма хеззи, Г1езин 1аьнцага, т1е а вахана: «Х1ара х1ун ду аш лелош дерг? Хьаьнга х1ун-хаьттинера аш?» – аьлла, кхехкаш болу боккха ц1еста яй, айина, кхоьссина бердах бахийтина.

Шемалан т1емалой цунна х1ума дан а ца баьхьна д1абахана. Имама Шемала и шена ма хеззи, кхин т1емалой хьовсабо и вен. «Дуккха хан ю цо дуьненахь яьккхинарг, кхид1а вахар цунна пайдехь дац, бала хьегар доцург», – аьлла боху цо. Сарахь-суьйренца, Нижала д1акхаьчна уьш. Мац а белла, г1ел а белла, юьрта йистера х1усаме а биссина.

Кет1ахь, нуьйра тиллина цхьаъий, важа яйдакх ежаш ши говр гина царна. Т1емалошна юккъехь воккхаха волчо мохь тоьхна: «Х1е-е-й, х1усамда, чохь дуй шу? Хьеший т1еоьций аш?». Мохь тухуш хезча, ара а ваьлла: «Дера оьцу мел дукха хиларх-м», – аьлла х1усамдас. Шега делла салам схьа а эцна: «Марша дог1ийла, схьадуьйла, хьеший», – аьлла, к1еда-мерза, герзаца кечвелла дуьхьал веанчу Г1езин 1аьнцага. Парг1атбевлачу хьешаша бийцина шаьш ара баьккхина некъ.

Г1езин 1аьнцага: «Цкъа хьалха х1ума юур ю вай», – аьлла, шуьне ховшийна уьш. Хьешех воккхачо хаьттина: «Воккха стаг, некъана кечвелла хьо, арахь ежаш лаьтташ ши говр ю, оха новкъарло йи-кх хьуна».

Х1усамдас аьлла: «Х1ан-х1а, ца йина. Цхьанхьа а ваха кечвелла вац. И говраш иштта лаьтташ ю гуттара, г1елъеллачуьнга са а до1уьйтуш, де- буьйса моссаза долу нуьйра д1аса а хуьйцуш. Со-суо а ву массо а ханна, кхин парг1ат воцуш, вуьжуш жимма г1одаюкъ малъяр бен, кичча 1аш. Орцана цхьаьнгара мохь хезча, суо кечлуш я говр кечъеш хан ца яйа, ма кхуьъу сиха г1о оьшучу д1акхача».

Иза хезча имаман омра кхочуш ца деш, юхабахана уьш. «И воккха стаг кара а вира тхуна, амма иза хьекъале а, майра а хетта ца вий оха», – аьлла цара Шемале. Т1аккха кхайкхина шена т1евалавайтина имама Г1езин 1аьнцаг.

Хаьттина цуьнга имама: «Ахь дуненахь яьккхинарг б1е кхузткъа шо хан ю. Оццул дукха муха ваьхна хьо ?» Г1езин 1аьнцага жоп делла: «Со кхаа г1иллакхца ваьхна: хьекъалций, комаьршалций, майралций».

«И г1иллакхаш муха 1емира хьуна?» – хаьттина имама. «Осалчу наха ца дийриг дора ас – иза хьекъале хетара суна. Сайн аьттоне хьаьжжина саг1а луш вара со – иза комаьрщалла яра. Цкъа а нийсо бен ца юьйцура ас, ткъа нийсонца лелачуьнгахь майралла а хуьлу», – аьллера Г1езин 1аьнцига.

«Кхин цхьа хаттар а дийр дара ас, – аьлла Имама. – Х1ара дуьне маца кхолладелира хьуна?». «Пхийтта шо кхаьчча кхолладелира, ткъе пхиъ шо кхаьчча таделира, кхузткъа кхаьчча дуьйхира», – аьлла Г1езин 1аьнцига.

«Хьо хьайн юьртана, Нижална, дола а деш, вог1у-воьдург мила ву хууш, хьешана хьошалла а деш, майра а, доьналла а долуш стаг хилла.

Хьоьца болчу ларамна, хьуна цхьа совг1ат дан лаьара суна, ахь пурба делча», – аьлла, имам Шемал велакъежарца, г1одаюкъ яьстина, дато мукъ болу шаьлта а, датон доьхка а деллера Г1езин 1аьнцигна. Ткъа Г1езин 1аьнцага тапчанца совг1ат дина боху Шемална.

Дала и санна къонахий ма эшабойла вайна.

ДIаяздина Мазуров Мохьмада,

Олхазар-КIотарара вахархо.

(Дийцина ГIунашкара 90 шо долчу Межидов Iабдул-Вахьаба)

Майра кIант Сулима

Дишни махкахь, Тусхарой юьртахь ваьхна, дишни тайпанах а волуш, оьзда, майра к1ант Сулима. Кавказан боккха т1ом болу зама хилла иза (1840-1859 ш.ш.) Цу юьртахь цхьана ден-ненан, дагаяла йиша а, дола дан ваша а воцуш хаза, ч1ог1а куьцехь йо1 хилла, Шовда ц1е а йолуш. Цхьана дийнахь кху шинний вовше б1аьрг ма кхиттий марзо а кхоллало кхеран къоначу дегнашкахь. Кхин дукха хан ца йолуьйтуш Сулимас вистхила Шовда шовдане кхойкху. И шиъ вовше реза хуьлу. И йо1 юьйцуш хезна хилла имам Шемална. Цо нах бохуьйту иза еха цуьна ден т1е, шен цхьана гергарчу стагана.

Дас хьеший т1еоьцу, царна шун а х1оттадо. Раг1 т1екхаьчча, хьешех воккхах волчо, пурба доьху деана г1уллакх дийца. Х1усамдас пурба ло.

Цуо олу, шаьш имам Шемала захало дахьаш дахкийтина хилар, шен цхьана гергарчу стагана. Йоь1а дас баркалла ала олу шегара Шемална ша ларарна а, гергарло дезаш хиларна а. Делахь а, ша цкъа йоь1а нене хоттур ду, цуьна цхьаьнца захало дуй аьлла. Нагахь ца хилахь, шу нускал эцна д1аг1ур ду, хилахь шен дан х1ума а дац. Х1усамнене хотту цуо цунах дерг. Кхеран юьртара Сулимица дийцина даьлла х1ума ду олий жоп ло йоь1а нанас.

Шемалан нах хьала г1овту, х1ун дийр ду т1аккха, йоь1ан, к1ентан барт хилча дан х1умма а дац олий арабовлу. Цул т1аьхьа Сулима т1аме, г1азот даккха воьду.

Иза т1аме вахар шена хиъча, имама Шемала юха а нах бохкуьйту йоь1ан дена т1е. Дас юхаъ захало т1е ца дуьту. И х1ума шеха д1а ма кхиттий, Сулимас шовдане кхойкху Шовда. Х1ара шиъ цхьаьна лаьтташ долуш, имаман нах хилла шовдане бог1учу новкъа бог1уш. Кху шинний т1екхочу уьш. Вовше салам а лой кхин бист ца хуьлуш лаьтта.

Шен динан урх йо1е д1а а елла, герзаца, духарца кечвелла йо1ана хьалха д1ах1оьттира иза. Цуьнан майраллех, цуьнан шек ца валарх цецбевла имаман нах, цуьнга х1умма а ала ца х1уттуш, шайн дой хохкий д1абоьлху. Цул т1аьхьа, дукха хан ца йолуьйтуш, бертахь, хаза даха хуу и шиъ.

ДIаяздина Олхазар-КIотарара Мазуров Мохьмада.

Дийцина Олхазар-КIотарара Гайрбекова Дагмана.

19. 07. 2013г.

Синкъерамехь аьлларг

Хьалха, вайн къам дохадале, Хьачара махка, Калхьада юьрта гергарчу нахе, хьошалг1а цхьа йо1 еана.

Хьаша лоруш, цуьнан сий деш боккха синкъерам бина хилла.

Цу юьртара цхьана къонахчо, Межин 1ийсас, т1е хабар дахьийтина хьешана, шеца хелхаялахьара аьлла. Шен аьтто бац хелха яла, дуккха хан йоцуш нана кхелхина аьлла дуьхьал хабар даийтина вукхо.

Т1е а вахана, бехк ца биллар доьхуш, кадам бина Межин 1ийсас йо1е.

Межин 1ийса сонтал, курал х1ун ю ца хууш хьанал вехаш стаг вара. Духарца а цкъа ца хилла шен юьртахойл билгала ваьлла къаьсташ.

Синкъерам юккъе бахначу хенахь, герзах воьттина, духарца кечвелла цу х1усаме воьссина, кхера юьртхо, ломахь г1араваьлла, массарна а вевзаш волу Султан Йог1алби. Чоьхьа ваьлча, салам а делла, охьахиъна иза. Кхано шега еана хьаша ю аьлча, Султан Йог1алби хьалаикхийна, йо1ана улло ваг1ана, хелхаяла шеца аьлла бохь боьг1на.

Йо1 хелхаяьлла цуьнца. Хелха волуш, иза лоруш, кхуза-доьазза герз дожийна цуо.

Ванах, соьга-м хелха яла йиш яц, сингаттам баьлла ю ма элара кхуо, кхуьнца-м ма елий х1ара бохуш 1аш хилла Межин 1ийса, цунах цецваьлла.

Эххара йо1а динчух т1ахьа а кхиъна, цунах дика кхета а кхетта, нана елла бохург шеца хелха ца яла бахьана дуьйла а хиъна Межин 1ийсана. И х1ума лан ца делла, хьешана реза воцуш, ч1ог1а халонга даьлла 1аш хиллера иза.

Маццаъ 1ен ца велла, синкъерам сацийна, тхьамдера пурба а даьккхийна, вистхилла. «Ша, юкъа лелачуьнга хелха ялахьара аьлла хабар дахьийтича, сингаттам баьлла ю, нана кхелхина дукха хан яц, аьтто бац хелхаяла элира шега вайн хьешо. И шега схьаьлча, ша бехк ма билла олуш кадам бира кхуьнга. Ткъа кхуо динарг вайна массарна ги. Шеха ца ешаш, куралла йича санна хетта шена кхуьнгара даьлларг. Иза-м х1умма а дац, иштта а нисло».

Цул т1аьхьа, шена хьалха 1ачу Султан Йог1албина т1е а вирзина аьллера боху: «Ванах, х1ара Султан Йог1алби кхуьнан кхелхийна «нана» ялош веъна-м ца хилла те кху синкъераме?» Чохьберш бийла беллера.

Дийцина Зубайраев Баймерза, Хьалерера вахархого.

ДIаяздина Мазуров Мохьмада, Олхазар-КIотарара

29. 08. 2013 шо

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.