http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Сих ма ло, зама Печать Email

Гелагаев  С-М.

 

Сих ма ло, зама, хьо сох са дIакъасто.

Вахийта кхин а со сайн Даймохк хьеста.

Кхойтта шо даьккхина ас цунна генахь,

Воккхавеш и сайна гайтинчу гIенех.

 

Лохьа кхин кхойтта шо ахь церан метта,

Хьомечу Даймехкан шовданаш хьеста.

Хьеста бай-аренаш, дайн бIаьвнаш, лаьмнаш,

Хьеста и къиза хан лайначийн дегнаш.

 

Яйра сан бералла, къоналла яйра,

Цундела даг тIера чевнаш ю дера.

Уьш ерзо кхойтта шо тоьар яц зама,

Махкана лаза и хан лохьа царна.

 

Кхин кхойтта шарахь со вахийта, зама,

Хьестийта Даймохк соь, сайн нана санна.

Цой, асий баланаш цхьатерра хьегна:

Вовшашна сагатдеш кхойтта шо текхна.

 

 

Кхойтта шеран кхойтта бала

 

Кхойтта шеран бала хьегна,

ГIамаршлахь сан бералло.

Кхойтта чов сан даг тIехь йисна.

Ас уьш чIогIа гIийла лов.

 

Хьан духьа дуьненчу ваьлла,

Варий со-м, сан Нохчийчоь.

Хьох ваьккхина хьегна бала,

Биц ца бойту хено соь.

 

Кхойтта шеран кхойтта бала

Къан валлалц лан дезна сан.

Нохчийчоь, хьан хаза Iалам,

Ца гуш ас гатдира са.

 

Со дIаваьлча седа хилла,

Са хьан стиглахь лепар ду.

Хьох яьккхина сан бералла,

Цо зIаьнаршца лоьхур ю.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.