http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


“Шу марша lойла-кха, казахийн латтанаш…” Печать Email

Шу марша 1ойла-кха, казахийн латтанаш,

Дагара ца йовлу дай баьхна меттигаш.

Ц1аьххьана ка тоьхна, гена схьакхиссина, –

Къахета, г1о лаца да воцуш дисна.

 

Вежарех, йижарех, дай-нанойх къастина,

Мацалло, шелоно та1ина, г1елдина,

Хан яккхар нисдели, къинт1ера довлалаш, –

Т1еэцна, тхо кхаьбна, казахийн латтанаш.

 

Не1алтах кхайкхадеш сий доцурш ва дина,

Йоккху ц1е «зуламхо», «мостаг1а» тиллина.

Б1арзделла хьийзачохь девла хир г1алаташ, –

Къинт1ера довлалаш, казахийн латтанаш.

 

Мацалло хьовзича яьлла хир хьарамло,

Къизал сов яьлча аьлла хир ца дог1ург;

Адамаш дара тхо вай Дала кхоьллина, –

Къинт1ера довлалаш, казахи латтанаш.

 

Къизачу 1едало дожала омраца,

Воккха а, жима а, зударшца, берашца,

Декъаза де лехна, цу 1аьна чиллаца,

Т1едог1уш ло долуш, хьийзочу дорцаца,

Боцу бехк кхоьллина, – ямартло лелина, –

Тешначу бехкаца дари тхо-м дохина.

 

Шу марша 1ойла-кха, казахийн латтанаш,

Юха а гур ду вай далаза дисинарш.

Замана йохаллехь шу тхуна диц лур дац.

Т1аьхьенаш мел кхиарх дицдала йиш ма йац.

Халонаш, баланаш биси тхан кхузахь,

Декъаза ойланаш йиси тхан кхузахь,

Вежарий, йижарий биси тхан кхузахь,

Дай-наной, доьзалаш биси тхан кхузахь,

Коша барз нисбелларш ирс хилла лоруш,

Каш доцуш, барз боцуш д1абайнарш болуш.

 

Шу марша 1ойла-кха, казахийн латтанаш,

Беркатца, маршонехь дехила адамаш.

Дуьнена къемат де тхуна деъча,

Халкъ махках даьккхина дохина хьовзича,

 

Харц ц1ераш техкина холча тхо х1иттича,

Шелдина, мацдина, г1елдина 1аьвшича,

Тхан рицкъ схьадала юкъара хилла,

Тхо хене дахарна баркала хьуна.

 

Тхуна х1инца ц1а даха бакъо ма ели,

Тхан дагна кхаъ хилла са т1ома дели.

Ойланаш ц1ахь лаьтта, тхо ц1ехьа доьлху,

Шу марша 1ойла-кха, казахи латтанаш.

 

Даймахко ша байлахь ма бита боху,

Лаьмнаш шаьш д1атесна тишделла боху,

Аренаш якхйелла, хьагйелла боху,

Шовданаш г1елделла хьуллуш ду боху,

Даймахко сихонца ц1а дерза боху.

 

Шу марша 1ойла-кха, казахийн латтанаш,

Юха а гур ду вай далаза диснарш.

Замана йохала шу тхуна диц лур дац,

Т1аьхьенаш мел кхиарх дицдала йиш ма яц.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.