http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Цlерадахаран хьокъехь аьлла назма Печать Email

 

1уьйрана бусалба нах г1уьттучу хенахь,

Вайн Делан парзана кечлучу хенахь,

Мерзачу набарха  доьзалаш бохуш,

Вай ярташ гулйина майдана ехира.

 

Г1айг1ане ма хилира и юьртара адамаш,

Кегийчу доьзалех  х1у хир те ва бохуш.

Дела Ша Воцург къахета да воцуш,

Къемата де х1оьттира цу кхаари ва дийнахь.

 

Юьртара д1алоллу эна бажа ва санна,

Шай дег1ана дола да хьекъалах баьхна.

Вай Дела кхелана собаре хилла,

Махкаха девлира вай, дела кхел ва хилла.

 

Масане йиш-ваша вовшашка кхойкхура,

Масане доьзалаш дех-ненах къастира.

Вовшашка шаьш боьлхуш, эхарте ва боьрзуш,

Къемата де дари те, ва Хастам хилариг?

 

Каш-лахьта ше доцуш, коша барз ва боцуш,

Хийла да витина мехка доцчу ва лаьттахь.

Х1отта зерат да билгало ва йоцуш,

Къемата де кхаччалц вовши гур ва доцуш.

 

Вай Элча ма ваьккхира махкаха велхавеш,

И юха вирзира кхел лелла ва яьлча.

Махкаха дехира вай къемата де гойтуш,

Вай юха дирзира кхел лелла ва яьлча.

 

Ц1ера балеха Ибрах1им ваьккхинчу вай Дала,

Уьрса балеха Исмаь1ал ваьккхинчу вай Дала,

Х1урда балеха Юнус ваьккхинчу  вай Дала,

Дехира вай балеха везачу вай Дала.

 

Доьзалца ва вахнарг ша цхьалха ма веара,

Ша цхьалха вахнарг доьзалца ма веара.

Азаллехь Дела кхел ша сецна ма хилла,

Вай Далла хастам бу, Алхьамдули-ллах1и.

 

Шу марша 1ойла-кха, мехка доцу латтанаш,

Г1елонца хьийшира шу, мацаллах ва хьерчаш.

Хьакъ боцу ницкъ бина къинхетам боцуш,

Дела Ша воцуриг кхи г1о да да воцуш.

 

Безаман гергало дуьсу тхан шуьца,

Шу марша 1ойла-кха, мехка доцу латтанаш.

Даа-нана, йиш-ваша дуьсу тхан шуьца,

Къемат де кхаччалца къаьсти тхо царах.

 

1елам нах, муъми нах буьсу тхан хьоьца,

Хедар доцу гергарло хили тхан хьоьца.

Къемат де кхаччалца къаьсти тхо царах,

Ялсмани бошмашкахь, гул делахь Дела!

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.