http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


«Казахстанан бераш» Печать Email

 

Байсултанов Дауд

«Казахстанан бераш» ц1е йолчу организацин декъашхо

 

«Казахстанан бераш», юьхь1аьржа доьлхий-те вай Г1ум-Азехь вайн беллачу дайшна дуьхьал?

 

 

Ца доьра цара ялта.

Цкъа а ца доьра ялта.

Иштта шаьш буьйшура

Шийлачу лаьттах х1у санна.

И. Бродскийн «Ленинградана юххера жуьгаттийн кешнаш» ц1е йолчу стихотворенина т1ера

 

 

 

20 б1ешерахь 44-чу шеран 23 февралехь, кхаарин дийнахь, сталински 1едало Юккъерчу Азехь депортаци дигна, 13 шо ссылкехь даккхийтина, Нохчийчу юхадерзийна вай, тахана вешан ц1ахь, тезетана гулделла 1а цигахь вайн беллачарна. Доккхучо саг1а а доккху, кхайкхочо мел а кхайкхабо, до1анаш до, шайн беллачийн даь1ахкаш цигара ц1а а еана, Даймехкан лаьттах ц1ахьдолчу кешнашка уьш д1айоьхкинарш, церан баьрзнаш т1е х1уьттуш, еса доьшуш бу: Аллах1е шайн беллачийн синош халчохь делахь, аттачу дбхар, аттачохь делахь эхартан ни1матийн даржехь хьаладбхар доьхуш – Дала массеран до1анаш къобалдойла вайн. Гуш ду: шен махка дийна юхавирзинчун б1аьрг кхолош, дог делхош де ду х1ара.

Амма вайн дегнашка йоьссина к1адаллин ойла деккъа ша-шех хетачу къахетарна т1ете1ар а гуш ду вайн. Вай, дийна ц1адирзинарш, ц1ахь кхиънарш, лаьа вайна олучу дикачу дашна хьалха даха а, вай-ваьш тидаме лара а, васхалехь хила а.

 

Вайх-м дика нах эр ду.

И алийтархьама лелош а го вайн дуккха а х1уманаш – дерриш ду ца боху. Хьанна ца лаьа диканиг шена алийта, шех ала, ша ала? Нахана юккъехь, гуччехь хилча, муххале а – шайт1а 1ийр а дац цхьаъ ца лелош. Коьртахь х1ума ца лелийнарш а, пес-куй тиллина, хаза х1айбате кечделла, вовшашна гучудовла а доьлху, зорбанехь тамехь, хьекъале д1ахьедарш а до, телевизорчухула ийманехь, хьасене озаца таваккале къамелаш а до, депортацехь хан яьккхинчарна а, цигахь бинчарна а яла йог1у ахчанан компенсацеш а хьехайо (цкъа а шен хеннахь я ах мукъане схьаелла ца йолуш йолу – депортаци-м ца хаьа, хьан ц1енна т1е итт бомба кхеттехь а)... Массара 10 эзар сом к1езиг хилар а – и х1умма йоцу х1ума хилар а ч1аг1до. Дера иза дан а ма ду ишта: ахчане даьккхича, цигахь даьккхинчу 13 шеран цхьа де а доккхур ма дацара оцу «йолах». Хаац, стагана х1ун т1едог1ур ду-м – цуьнга хьаьжжина хила там бу иза а – вайн заманахь цхьаьнне х1уманна ч1аг1о ян ваьхьар вац. Т1е а, лучохь-схьаоцучохь, схьаэцча – масийтта да ма волу цуьнан. Тилкхазъяьллачу ойлано цхьа берийн хаттар а ма хьийзадо саццаза коьртехь: стенна дуьхьа я хьанна дуьхьал луш ду и 10 эзар сом – 250 евро? Цуьнца депортацехь делла я цигахь дуьнен т1е девла – муьлхачу адамийн ч1уран синойн мах лара беза? Я Даймахках воккхуш, ц1ахь битинчу бахаман декхар лерина, саг1ийна делла ду иза – цхьа уьстаг1ан мах?! Цуьнца лерича – 13 шо депортаци... Депортацехь даьккхинчу 13 шарах цхьацца шарна дуьхьал – таханлера дайделла хир хаьдда лела 779 сом – 25 доллар. Цуьнан йоьхка-эцаран мах – 4,5 кийла ца кхоччуш бежанан жижиг – кхин т1аьхьа хийца ца лахь. И дерриге компенсаци вовшахтоьхча Киргизе – Бишкеке я Алматан гонд1арчу казахийн областашка йоьдучу ц1ерпошта т1ехь плацкартан меттиг ма ца бог1у х1инца я даим т1ера «наь1» даккха 1еминчу таможнехь кховдо х1ума а яц иза-м. Бехк ма биллалаш х1ара чоьташ еттарна. Башха сайх-сох доьзна доцуш – и вай ваьшна чохь-арахь, ц1ахь-балхахь, вог1уш-воьдуш - лаамехь-лаамаза вайн дуьненахь 1амоза а ца даьлла 1амийна х1ума ду шуна. Цундела вайна – воккхачунна а, цунначул дика – жимчунна а – массарна хаа-м хаьа ахчанан мах а, цуьнца, цхьа нахарт гал а ца долуьйтуш, муьлхха х1ума лара а, цунна чот тоха а – машенех, герз-автоматех, итальянски кибарчигах, визанах, гаишникана, муьлххачу меттигах, балха воьдуш – мел, и дуьйцучунна – мел, иштта кхин д1а а Мантех кхаччалц – мелла а! Ахчанна т1ехь ледийр ду бохург-м бакъ дацара вай цхьаммо! Хьахийначуьра: вешан сакхтийн мах ца хууш, Делан эхарта а доьлхуш ду вай, – ваьш т1едог1учу шоьтан дийнахь юхадог1ур долуш санна; х1ара амал ца хийцахь, – кхин т1аьхьа а г1ур долуш ма ду, вешан дерташна кхин даре ца деш. «Вайна ца лаьа вешан сакхташ, гIалаташ, къинош дийца, царах дIакъаста, цIандала гIорта», – нийса аьлла яздархочо Абузара Айдамировс.

Юккъерчу Азехь вай депортацехь долуш мух-мухха, хьал-аьтто ца хиларе терра, лаьттах те1ийна долчу вешан дай-нанойн, йижарийн, вежарийн кешнаш билгалдаха, царна цхьа 1уналла дан, меттигерчу 1едалан г1уллакххошца цхьа барт бина, царна керташ мукъана йина – х1ора шарахь уьш хилла меттигаш бульдозершца д1а а ца хьоькхуьйтуш, – и шайн дай белла дисина долу компенсацеш оцу г1уллакхна хьовсийча муха хир дара? Цара цхьа а вбхб хаор вац, уьш уггаре хьалха дала дезарш вайн 1944-1957 шернашкахь д1акхелхина хийрачу махкахь. И ков цуьнца дуькъча – ма доккха г1уллакх хуьлур-кх цунах! Х1инца вайна юккъехь дукха а бац и хенаш дагайог1урш – вай «цигахь», олий, билгайоккхучу депортацин хенахь лайначу, аьлча а – 1ийшинчу 1азап-баланаша а, к1ора, даш, сурма, дети... – кхин ден букъ доккхучу шахташкахь кхеттачу цамгарша – силикозо, пехийн, даь1ахкийн туберкулёзо, энийн, кхечу а цамгарша уьш лаххьийна х1аллакбина цигахь а, ц1а баьхкинчу хьалхарчу шерашкахь а. Цигахь беллачу шайн дай-нанойн кешнаш д1а а туьйсуш, шайн доьзалш – тахана  вай – 50-65 шераш кхьаьчна долу къоман чкъор – Даймахка юхадерзийра вайн дай-наноша. Юха, ц1ахь, ерзинчу стиглана к1елахь шайн доцчу денца, 1едалан хал-хала белхаш а беш, мерзаниг яан а, ц1енниг т1еюха а йиш йоцуш, ц1ера-ц1ийнан а дина, кога ира а х1иттийра. Т1аккха жимма юха хьовса ца мега вай – ц1адалийнарш?! Мичахь ду вайн цигахь д1акхелхинчу дедайн кешнаш? Мила ву вайх церан г1айг1а-бала кхаьчнарг? Уьш мичахь ду хуушверг? Б1е эзар а ца кхочуш – 65 шарал сов хенаш йолуш 44 эзар стаг, 46 эзар зуда – оццул нохчий бисина вайн къоман 2002 шарахь д1ад1аьхьначу дагардарехь – тахана и 1аьржа хенаш лайна, мила-мичахь хилла, хьан х1ун лайна дагадог1уш. Церан кхетамехь дисинчух вай пайда ца эцахь, х1инцале бода т1екъовлалур бу оцу муьранна а. Депортацехь текхна къизалла а, т1е х1окху т1аьххьарлерчу т1емийн баланаш а ца лайна, д1акхелхина вайн къоман баккхийчеран чкъор. Тахана дийна долчу адаман дукхалла жима-воккхаллийн процентийн барамашкахь дуьстича, Къилбаседан Кавказехь дехачу халкъашлахь уггаре к1езиг баккхий нах бисина къам – нохчий бу. Баккхийчу нехан кхетамо ларбеш бу халкъ кхечу къаьмнех къастош болу бух: 1ер-дахаран ламасташ, мотт, оьздангаллин 1адаташ, синкхетам, д1адаханчун иэскъал, динан-оьздангаллин гуранаш шен меттехь латтор.

Юккъехула аьлча, 1944-чу шарал хьалха мотт 1еминчу чкъурана бен нийса, говза, к1оргера ца хаьа нохчийн мотт а. Вайн мотт талхийнарш-м царел т1аьхьа дуьнен чу даьхна вай а, вай кхиийна, 1амийна вайнчуьра доьзалш а бу, бакъдерг дийцича. Къоман баккхийчу нахера меттан, культуран, д1адахначух бисина кхетам т1екхуьучу чкъурана д1абала вай ца ларадахь – вайн къам дуккха а къоман хила еза билгалонаш ца тоьаш хир ду. Цигашкахьахула хьаьжча го кхерам – уггаре баккхийчарех хета. Т1аьххьарлерчу хенахь ц1ахь а, арахь а дикка лахбелла вайн кегийчеран баккхийчаьрца болу лерам. И баккхийнаш – цхьа т1аьхьенаш хеташ – вай ц1а далийна вайн дай-наной бу, 1аламат к1еззиг бисина уьш, тахана берш а дукха лаьттар бац. Таханлерчу дийнахь вайн – 50-60 шераш долчу цхьана цергарчу нехан, дукхох болчийн, боцуш бу дай-наной. Шайн боьхначу аьттонца, шаьш ларочу кепара вайн дай-наноша д1абоьхкина Казахстанехь а, Киргизехь а шайн белларш. Царна бен ца хаьа тахана уьш хьенан, мила-муьлш хилла, мичахь, маца кхелхина. Дахар цхьана меттехь ца лаьтта. Х1ора т1екхуьучу чкъуре д1ало цхьана адамаша шайгара ийман, оьздангалла, дикалла, къинхетам, комаьршалла, тешам; кхечу адамаша нисса цунна б1останниг: 1есалла, хот1алла, волла, къизалла, писалла, зиналла. Со кхоьрург – ши некъ бу. Цхьаъ – халкъан докх-доккхачу чкъуро, оццул вонаш шайна т1ех1иттиннашехь, схьадеанчух диканиг вай схьаэца ца кхиахь, – вайна, шеко йоццуш, цуьнах боккха эшам хирг хилар, вайн т1аьхьенна – кхин а боккханиг. Т1аккха х1уттур долу манкуртийн 1ер-дахаран хьал: шен къастам (самоидентификаци) яйна къам муьлххачу кхечу къомо шех атта д1аэдо – ассимилировать до, маттаца, динца, культураца, дахаран д1ах1оттамца. Шолг1аниг. Нагахь санна, къомо шен дахаран историн таханлерчу дийне схьаеана хиллачуьнца-д1адаханчуьнца йолу з1е вай я вайл т1аьхьа бог1учара хадаяхь, – цхьана 1едална цатар бахьанехь я кхечу бахьанехь – юха а кхочу вайн къам оццу киртигна т1е. Иза вайна советийн 1едало гайтинарг ду.

Кхин цхьа аг1о хьесапе лаца а луур дара кхузахь.

Халкъо депортацехь даьккхинчу 13 шеран а, т1аьхьа, парг1атдевлча, цигахь ваха висинчу б1е эзар сов нохчочун истори ю вайн Казахстанехь а, Юккъерчу Азехь а йисинарг. Иза кхана 1уьйранна (оьшург хиларна шеко яц) йохка-эцаран товар а дина, – иза а дицдечу – политикан жухаргаллехь цхьа «т1ам» бина лело, хьийзо яккхарна а бу кхерам. Вайнчул вайн истори «дика хуурш» а бевр бу. Таханлерчу вайн халкъан х1окху дийнахь вай х1оттийначу тезетан дай хила г1ертарш а буьйлу Миклухо-Маклайн ц1арах йолчу институтехь, ТЕРРА издательствехь, карти т1ехь Нохчийчоь мичахь ю ца хуурш, кхечанхьа а – вайн дайн цхьа кица делахь а: «Уггаре 1овдал стаг нахаца нехан тезет къуьйсуш верг лерина», – олуш. Массо заманахь бовла а бевла. Вайца вешан шира истори къуьйсу, вайца Шайх Мансур коьртехь хилла волу болам къуьйсу, ца хуьлчу даьлча, цунах итальянец-мозг1ар вина а хьаьвсина, т1е нехаш хьакха а г1ерта; имам Шемална т1аьхьах1иттина 20 шарахь ах х1аллакьхилла доллушехь, цкъа Шемал вайна вуьтуш, т1аккха вайгара «схьавоккхуш» а лела. Уггаре вайн хьал валар-висаран зил т1е х1оьттинчу хенахь Шемалан к1ентан к1ентан йо1 ю ша аьлла Эфиопехь, боккъалла а аьлча, хьенан х1ун къоман, динан ю а ца хуу цхьа йоккха стаг елира, лаьттан бухара яьлча санна, мичара ели ца хууш, динна нохчийн халкъана, цхьана-шина къуьно ядийна йигна говрийн ковра т1ехтоха – х1ай, даьдиса цуьнан! Мел дукха шерашкахь дуьйна, сакъуьйлуш, садетташ, хьекхийна хила еза цхьа ког коша бахханчу хенахь йоккхачу стага вайна тесна цергаш, аьлча а, церг! Ма дезаш хилла вай цунна! Цунна а х1ун бехк буьллур бу. Иштта пусар ца ди Советан 1едало а ша доккхуш  Деникинан эскарх летта нохчийн эзарнашкахь х1аллакьхиллачийн а. Иза-м х1ун дара, оццул нохчий, г1алг1ай Даймехкан сийлахь-боккха т1ом болуш, Брест-г1ап ларьеш, х1аллакьхилла аьлча, х1инца а ворх1 ле шайн дай-наной маца, мичахь, муьлхачу «дом престарелых» д1абоьхкина бу а цахуучу цхьаболчу «непомнящийг1еран». Царех тардала лаьа вайна а?! Кхин дисинарш-м вай хьеха а ца дер: хилларш-лелийнарш, гинарш-дийцинарш, дерш-доцурш, даьхнарш-дайнарш – мел ду уьш вайн маттахь, культурехь, фольклорехь, исторехь... Таханлерчу хьолехь а 1илманехь вайн лераш каро атта ца хуьлу – виноградовг1ара, тишковг1ара дукха т1е когаш бахарна-беттарна, амма т1аьхьа уьш янне а йоцуш, яйча – лаха а х1умма йоцуш дисарна кхерам бу. Ишта ца хаьа вайна 19 б1ешарахь Турце, Сире, Иордане баханчу нохчийн истори, церан меттан, 1ер-дахаран хьал. Цхьа 1илманан болх бац вайн оцу аг1ор таллам беш язбина. 1илманехь дац Российски Федерацин дозанал арахьа бехачу нохчийн диаспорех лаьцна яздина х1умма а, цхьа газетийн репортажашкахь билгадаккхарш а, географически кепехь х1иттийна боцца хаамаш ца лерича. Кхин йолу пачхьалкхаш ца лерича а, цхьана Казахстанехь вехаш ву тахана б1е эзар нохчо. Х1ун телхина церан, х1ун таделла, х1ун лардина, х1ун дайна цигахь, кхечанхьа бехачу нохчийн? Мила ву вайн шайх Мансуран я Кунта-хьаьжин кошан барз т1е х1оьттина, 19-20 б1ешерашкахь ссылкехь д1акхелхина вайн къоман динадай, 1еламнах, дешнанах мича меттехь д1абоьхкина хууш?

1945 шарахь советски эскарша йийсар бинчу Сибрехь гулагашкахь беллачу цхьаболчу японцийн испискаш, цигахь болх бина волчу цхьана чекиста, дукха хан йоццуш, ведда Японе а вахана, цхьана ц1ерах цхьа доллар доккхуш, йохка йолийна хилла японцашна. Иза-м сихвелла. Хьанна хаьа х1ун эшалла хилла цуьнан оццул йораха уьш йохка – хетарехь, кхин цхьаъ валарна кхеравелла хир ву, миска. Вайн докъазаллина, вайн испискаш архивашкахь эца а карор яц я карийначух цхьа денвахар доккхур ду – церан бала хила безаш дерш: уьш, – казахаш, г1ирг1изой, оьрсий бац, вай, – нохчий, бу. Вай ду и испискаш х1отто дезарш. Ма моттийла интернет чу кхийсина СССР-н МВД-с х1иттийна йолчу «Списки жертв» олу кехаташ вайца бала кхаьчна зорбане даьхна ду. Гергарчу барамехь аьлча, 20% нийса а ца х1иттийна уьш: ц1е, фамили йолу цхьа стаг шозза язвар-м – к1еззиг г1алат ду церан доккхачуьнца лерича – депортаци бигначу нохчех 30-40 процент, гарехь, боцуш бу царна т1ехь. Юкъа ца бахийтинадела. Церан кехаташ архивашкахь доцу дела. Цхьаболчу нехан испискаш яйъар я х1аллакйина хилар, царна т1е цакхиийтар – Историна хьалха юъхьк1айн долу дела.

Вайн Г1ум-Азехь белла бисинчеран кешнийн 1уналла дан декхар дерш – тахана наг-наггахь бен ца го вайна юккъехь. Хьанна дитина вай и декхар? Мацах-мацах, 1есан хенахь, доккха хилла да-нана д1акхосса лелийна джехийлачу нехан  «тускар» ц1а схьадеана вай? Маца? Хьанна? Х1унда?.. Нохчийчоьнан 1едалан жоьпаллийн декхарш т1ехь долчу нахе дала а ду х1ара хаттарш:

– Маца яхана Нохчийчуьра делегаци вайн беллачарна кешнашка т1ех1отта Казахстане я Киргизстане?..

– 1944-1957 шерашкахь Казахстанехь белла нохчий хьан багарбина? Мила ву церан бала болуш? Муьлха министерство, политически парти, парламент?

Мел лахара а 240-250 эзар нохчо д1авоьллина (нисса аьлча, лаьттах д1ата1ийна вай) Казахстанехь, 34-37 эзар иштта – Киргизехь. Кошан б1арз боцуш д1акхелхинарш багар ца бер вай: иза тахана гергарчу барамехь а мел хилла ца хаьа цхьаьненна а. Шар1о беллачийн кешнаш ахка, уьш д1ехьа-сехьа хийца ца магош лору вайн дукхахболчу 1еламнаха, т1аккха а уггаре луьрачу Советийн заманахь а, цхьаболчара чамданаш чохь шайн беллачийн даь1ахкаш ц1а а еана, лаьттах д1а а дера йоьхкина – Дала шен дуьхьа лорийла иза а: дуьненан дахарехь адамашна юккъехь лела цхьа ламаст шена хуъучу кепара кхочушдар-м ду и – шен велларг даймахкахь д1аволлар (шар1о бохучуьнца дуьстича, мел галморзаха долу ишта дина г1уллакх я тесна 1аддитча – динадайшна дика хуур ду). Царна лахьтийн эшаллина, кешнийн баьрзнашна стагана-зудчуьнна дуьстича: 1,5 метр – шоралла а (шина кашна юккъера хила еза шоралла а т1ехь), 2 метр – йохалла а латта лерича, – 85 гектар латта Казахстанехь а, 12-14 – гегтар – Киргизехь – и ду-кх вайн 1уналла дан деза латта. Еак1ов 1 километр ца кхочу иза. Вайн деллачу берийн баьрзнаш оцу терахьехь лерича, – мелла а кхин к1еззиг латта кхочу. Ца хуьлчу даьлча, и латта цигарчу бусалбанийн пачхьалкхийн 1едалера мах белла а, цхьаъ дан дезара вай. Кхузахь Казахстанан, Киргизстанан 1едалшна тидаме даккха оьшу аьлла хета кхин цхьа хаттар а: депортацехь хьегначу къинна – шахташкахь уггаре кхераме белхаш беш, г1амаршкахь хиш доьхкуш, г1ишлош еш, лаьмнашкахь некъаш дохуш, бай-аренашкахь ялташ кхиош – мел ду уьш дийца! – 1944-1957 шерашкахь цигахь беллачу нохчашна меттигерчу 1едалера х1оранна лахьтийна меттиг а ца кхочу-те?! Вай доьхург кхин цхьа а тайпа дуьненан даьхни ма дацара! Казахстанехь бехаш болчу вайн нохчаша стохка Нобелевски премина хьалха теттира оцу пачхьалкхан Президент Назарбаев Нурсултан. И совг1ат дала иза ван а ву хакъ: шен пачхьалкхехь дехачу адамийн сий-лерам барна, долуш долчу х1уманан т1алам-пусар дарна, халкъашлахь барт-масла1ате политика д1акхехьарна. Делахь а, цигахь бехачу нохчашна кхин а хьалха даха дезарш-м дара, иштачу г1уллакх т1ехь вай казахашна хьалха лелхар а нийса ца хета. Вешан дуьненан 1ер-дахаран эшалле хьаьжжина, хьаькам цкъа хьалха вазвар а, т1аккха и аьшнаш вар – и ший а цхьаьнгге а ца кхочуьйтуш дан, ала х1ума доццуш, х1окху т1аьхьарчу хенахь, кхоччуш, дика кара а дирзина вайна (оцу амална жимма урх юхаозо езарий-те аьлла а хета). Х1ара ойланаш, хьесапаш ца товш, жирга хетарш хир бу. Амалт дина вайна т1ехь долу х1ара вай хьехо юкъадаьккхина декхар, ши б1аьрг хьаббийна, ши лерг та11ийна, ша «дижина долччохь» матардолийта-м дера ларор ду вай х1инца а, т1аьхьа а.

Кхузахь цхьа х1ума хьахо луур дара. Вайн халкъ дохийна депортаце дигча, вайн махка баха балийначу суьйлаша а, гуьржаша а, х1ирийша а шайн меттанашкахь вайн ярташна, г1аланашна техкина ц1ерш гучуйоху Википедин сайт чохь. Иза а эрна дац. Кхана 1уьйранна цхьа 1отта-баккхам эккхийта кечбечу гуранах тера хета иза. Тахана цхьа а бух болуш х1ума иза ца хетахь а. Кица ду: г1иллакх лелийначунна ду, – олуш. Хьахо луур дара кхин цхьа х1ума а. 1944-57 шерашкахь Нохчийнчохь – Нажин-юьртарчу а, Веданан а районерчу яьрташкахь, схьакхалхийна баьхначу цхьаболчу суьйлаша шайн белла нах (нохчийн кешнашка д1а ца бохка лиънехь а я ишта ц1енна уллехь шайн велларг д1аволлар безамехь хеттехь а, шаьш чохь 1ачу вайх дисинчу ц1енойн гонд1а а, бошмашка а д1абоьхкина хиллера. Вайнах ц1а баьхкича, цхьаболчарна (юьртахь – иттех доьзална) шайн ц1енойх йисинчу херцаршна юххехь, коьртехь доьг1начу чарташцана ши-кхо каш карош меттигаш хилира. И кешнаш шаьш долччохь 1адда а дитина (кхин х1ун дийр дара царна?), суьйлий д1а а баханера. Цул т1аьхьа оцу кешнийн хьенан мила да велира, мел бала кхечира я ца кхечира – суна цунах дерг дика ца хаьа. Амма уьш шайн латтанаш т1ехь долчу вайнаха церан х1инца а 1уналла деш а, царна хаза аьчкан серийн керташ еш а – чуьра буц-яр д1аяьккха мангал йоккхуш, чарташна басар тухуш – церан дола деш а – иза-м гина суна. Делан дуьхьа – и белла нах бусалбанаш хилла дела – леладо иза вайнаха. Дала сий дойла церан! Боккха юьхьк1ам бу иза вайна массарна а.

Тахана муьлххачу т1едеанчу г1уллакхна, балхана шорта хаарш, доьналла, хьекъал долуш дуккха а нах бу вайн къоман: политикаш, культуран а, литературан деятелаш динадай, 1илманчаш, бизнесменаш – хьаьнцца бийца мотт болуш, яккхий з1енаш-аьттонаш болуш. Йиллина, «Дети Казахстана» (Казахстанан бераш) ц1е йолуш цхьанакхетаралла. Герггарчу хьесапехь х1инца дийна долчу нохчийн къоман доьлг1а я пхоьалг1а дакъа лара дог1у иза. Оцу вайн х1оттийначу хаттаршна т1аьхьа дог1учу чкъурана жоп дала декхарийлахь бу уьш.

Г1ум-Азин хийрачу махкахь беллачара амалт дина, царна ц1абирзинчара ва1до йина, вайн чкъурана кхочушдан кост хилла т1ехь дисина декхар ду тоьхна, организаци а ю вайн Юккъерчу Азехь дуьнен чу девлачу берашна кешнийн 1уналла дар.

Вайга хоьттуш доцуш, булдозершца д1акерчийна вайн беллачеран даь1ахкаш Талды-Курганан областехь цхьайолчу г1аланашкахь а, ярташкахь а. Цигарчу Сары-Озек олучу цхьана г1алахь т1еман гарнизонна объекташ еш, 60-70 шерашкахь хийла вайнехан каш д1ахьаькхира. Оццу г1алахь Кутузов орденан ц1арах йолчу 68 ракетни бригадана 12 площадка-майда шарьеш, 17-20 вайнехан каш д1ашардира. Целиноградехь керла объекташ еш, Чимкент-г1алахь ялта 1алашдаран складаш а, элеватор а юг1уш, Алматахь, Кызыл-Ордынехь, Тюратам олучу Советан 1едалан къайлаха хиллачу т1еман-стратегически дакъош д1ах1иттош... лаьттах д1аэдира ц1арах-ц1азах баьхна беллачу вайн мискачийн баьрзнаш... Киргизехь – Бишкек-г1алахь, Джалал-Абадехь, Базар-Курганехь, Ташкумырехь, Ошехь т1ех1отта шайн беллачийн кешнаш ца карийна 70-80 шерашкахь цига баханчу вайн нахана. Уьш к1езиг дисина г1ирг1изойн узбекашца дозанца йолчу Нарын-хинна, Алатоо лаьмнашна гонд1а йолчу районашкахь а – Кербенехь, Алабукахь, Казарманехь, Массехь, Терк-сехь, Чарткхалахь... Сурма, даш доккхучу шахташка даккхий некъаш дохуш д1ашардина цигара цхьадерш а... Х1инца-м деши карийна боху цу лаьмнашкахь (авторна шена гинарш-хезнарш)... Ойла е вай: оцу хийрачу арахь, лаьмнашкахь, г1амаршкахь д1акхийсина дитинарш-м вайн дайн-нанойн, йижарийн-вежарийн кешнаш хиларх. Цигахь, нехачу махкахь, д1акхалха Делан 1ожалла вайн – ц1адалийначеран хиллехьара, цара – вай санна д1атесна битинчу цу г1ийлачу баьрзнийн ох1ланаша – шайн берийн, бери берийн – вайн кешнаш ата-д1ашардан дитина хир дарий-те?.. Прибалтикехь, Германехь, Молдавехь – мичхьа кхечанхьахь кешнашна зен-зулам дича, массо СМИ къарзло х1окху йозанашца: «Вандалы осквернили могилы советских солдат!», «На могилах наших павших фашисты издевались», «В Таллинне снесли памятник Бронзовому солдату»... 1едало а, къомо а дика цхьа барт хуьлий, жигара дакъа а лоцу иштаниг цхьанхьа хилча д1ахьедарш деш, емалдеш а, кхин ца хилийта сацамаш т1елацийтуш а. Веллачуьнгахьа г1одоккхург, шеко йоццуш, бакъ а ву оцу т1ехь. Дуьнен т1ехь шен махкана арахь уггаре дукха белларш бисинчу къомах цхьаъ вайниг лара дог1у, ткъа цхьаьнне 1едалера ца хиллачу, ца хуьлучу терго-1уналле хьаьжча-м, хьалхарчу меттехь хила а мега. Х1ара къамел дерзаре даьккхича, ша-шаха х1утту хаттар:

Вайн Юккъерчу Азехь дисинчу дайн кешнашна х1ун дан деза?

1. Нохчийн республикан 1едало а, парламенто а Российски правительстве д1ахьедар дан дезара аьлла хета къоман ц1арах: нохчийн къоман Юккъерчу Азехь 1944-1957 шерашкахь беллачийн кешнийн Казахстанан а, Киргизин правительствошка 1уналладар т1елацийта д1адахьарш юкъадахарца.

2. Нохчийн пачхьалкхан 1едалан кхолла езара ша-тайпа урхалла – по охране захоронений чеченского народа в Средней Азии в период сталинской депортации (1944-1957гг.).

3. Нохчийчохь массо юьртан маьхькамо д1адахьа дезара депортацехь беллачийн испискаш х1иттаяр, царна т1ехь билгалдан дезара мила, мичара, маца, мичахь ваьхна, велла, мичахь д1авоьллина и.д1.кх.

4. Нохчийн 1едалан векалша, муфтиято, динадайша къасто дезара кханалерчу нохчийн халкъан т1аьхьенна жоп дала деза х1ара хаттар а – х1ун до вай тахана дохош, д1ашардеш лаьттачу нохчийн халкъан Г1ум-Азехь беллачийн дисинчу кешнашна: Казахстанан, Киргистанан 1едалшца цхьа барт лахий, вайнехан кешнаш лардарна дехна а, лахьийна, мах белла а, цхьа меттиг эцна, циггахь, схьадаьхна, цхьанна новкъа йоццучу метте, д1акхалхадо вай уьш я Нохчийчу схьакхалхадо, я 1адда 1а вай, белларш-м мича г1ур бара я вайна стенна оьшуш ю лаьттах схьаяьхна беллачийн гоьмаш-даь1ахкаш аьлла? Ткъа муха лардо вай уьш д1ашардарх, д1ахьакхарх? Велларг веллачохь-д1авоьллинчохь вуьтуш ца хилча х1ун до вай т1аккха?

5. Вайн барт хилахь, х1инцца д1аболо беза Нохчийчохь а, РФ-н 1едалан структурашца а, Казахстанехь, Киргизстанехь вайнехан, шаьш 1ийначу меттигашкара архиваш т1ехь болх бар, ишта кхиндерг а. Масийтта томах лаьтташ хирйолу «Иэскъалан жагно» (Книга памяти) х1отто йоло еза.

6. Вайга ваьшка балун болх бац лакхахь хьахийнарг – цунна оьшу вайн Г1ум-Азехь бехачу вайнехан бахархойн а, цигарчу диаспорийн оргкомитетийн, казахийн, г1ирг1изойн къаьмнийн политически, культурни деятелийн г1о. Аг1о хила еза уггаре тидам т1ебахийтина. Цаьрца и болх д1ахьон болу нохчийн векалш хила беза дин-ийман долуш, хьанал нах, вайн истори, мотт, культура, меттигера хьелаш а девзаш, коьртехь сталински депортацех чекхбевларш а болуш.

7. Оцу урхаллин бюджетан бух хила беза депортаци йинчу халкъана реабилитировать дарца лушдолу компенсацеш: цхьана шарна я итт шарна болх хилла ца 1а иза – цуьнан хенан доза ган а ца го. Иштачу балхана хаьржина х1ора юьртахь, цуьнан йоккхалле хьаьжна, – кхоъ, кхааннал сов стаг – штат хила а езара.

И ца дой:

«Казахстанан бераш», юьхь1аьржа доьлхий те вай вешан цигахь беллачу дайшна дуьхьал?

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.