http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


ХИЛЛА Я ЦА ХИЛЛА Печать Email

Эльсанов Ислам

 

 

Бераллера суна уггар генара дагайог1ург сан диъ-пхи шо долуш тхаьш Георгиевскехь 1ийна хан ю. Ас хала доьллучу тхан кевнах араваьлча гург Кавказан к1айчу лаьмнийн сурт дара, т1ехула айабелла Башлам а болуш. Тхо хьалха хиллачу Соборан майдан т1ехь 1аш дара (оцу хенахь Кооперативни аьлла ц1е хийцинера цуьнан), хьалха суна а дагадог1уш, дукхе йоккха килс лаьттинера цигахь. Килс лаьмнашна дуьхьала йирзина яра, цаьрга а хьоьжуш, лакхаяьлча санна йолуш, ткъа и д1аяьккхича, лаьмнаш доцу анайист яссаелира, майданна т1ехьара беркъа ц1енош гучадевлча, эсехь сецначу суьртех цхьа доккха х1орадийнахьлера сурт эшна, деса хийтира суна, лазош санна. Оцу майданахь, гонахарчу ярташкара а т1ехь нах а оьхуш, йоккха базар xlyттypa, къаьсттина покровна1. Тхоьга Косово юьртара сарахь тхан хьеший Безгинг1ар бог1ура говра-ворданахь кхана хинйолчу базара. Хорбазан мазала хьакхийна мерза локъамаш йохьура цара базара йохка. 1929-чу я 30-чу шарахь коллективизаци еш дукха бераш долу Безгинг1еран доьзал а бинера «кулакаш», уьш берриш тхан ц1енна т1ехьара д1ахьаьжча гучу набахте балийнера. Тхо массо кевнах арадовлура, кулакаш биначарах урам баьккхина этапаш гучаевлча: берийн, зударийн белхарш... Со а, тхан нана йовлакхца б1аьрхиш д1адаха йоьлча, гуттар воьлхура...

Хаьдда йолуш гуьйре яра. Оцу шарахь базар ца х1уттуш, яьсса яра майда, шийлачу махо наггахь хьийзон дитташ тlepa хьалххе охьаэгна г1аш ца лерича. Набахтехь сих-сиха вовшахъетта этапаш, хьалха хиллачу гимназина уллорчу бохь бохийначу килса чохь буьйсанаш йохуш, 1уьйранна д1аоьхура. Цул т1аьхьа тхо Соьлжа-г1ала д1акхелхира. Цунна бахьана - керлачу меттахь тхан дена шен да мозг1ар хилла хилар къайладахийта атта хирг хилар дара. Эццехь, Соьлжа-г1алахь, нохчий, г1алг1ай а дукхахьолахь базарахь гора, гурахь ворданаш йоьттина мерза кхораш, хьаьмцаш дахьаш. Уьш дукха хьолахь гонахарчу ярташкахь 1аш бара. Георгиевскехь базара мел вог1учу ламанхочух а, хьалха Дег1астанан т1ом хиллачу хенахь санна, «татарин» олура. Воккхахволу ваша ишколера Орджоникидзена герга Камбилеевка олучу хица йолчу пионерийн лагере вахийтича, со ненаца цунна т1аьхьа вахча, г1алг1айн ц1енош, церан бераш гира суна: уьш кхечу берех кхин х1умма а къаьсташ а дацара. Нохчех цхьацца хаамаш бора газеташа, т1аккха, ткъеиттолг1а шераш юккъе дахча, радиос а. Т1аьхьо Соьлжа-г1алин радиостанци бен ца лоцу детекторан приемник йинера ас, цундела дика дагайог1у суна цхьатерра хетало к1ордон нохчийн эшарш, къаьсттина  Димаев 1умаран пондар. Г1алахь, х1инца оцу хенашка вухавеача, тайп-тайпанчу учрежденешка бог1у «выдвиженцаш» а гора, холхазан сира куйнаш техкина, галпеш йолу хечеш, френчийн тайпа кучамаш а йолуш. Цхьацца болчийн доьхкарш т1ехь кхозуш шаьлтанаш а яра.

Нохчий дуьххьара 1940 шарахь Веданахь пионерийн лагерехь бевзийла хилла сан. Цигарчу 1аламах, т1еман ширчу гloпax а бисина билггала дагалецамаш. Оцу г1опахь Шемалан хенашкахь Куринхойн полкан штаб-квартира хиллий суна т1аьхьа бен ца хиъна. Сих-сиха кхочура меттигера партин а, милицин а белхахой байина боху хабарш. Цхьа а х1ума шен бахьанаш доцуш ца хуьлу. Со 1илманан стаг велахь а, деккъа хабарш бен, цкъа а ца хезна суна оцу хенарчу г1уллакхийн бахьанаш. Оцу бахьанийн бух леррина ларъечу сейфашкахь лацабелла... Ца хаьа, оцу шерийн ойла йича, 1937 шо дагадог1у суна, бокх-боккхуш, халкъан корта баьккхина шераш...

Т1ом болабелча халкъийн доттаг1аллин тема охьа ца юьллуш лелош яра. Нурадилов Ханпаша, кхиболу т1еман турпалхой массанхьа кхайкхабора. Ткъа фронт Соьлжа-г1алина улло мел кхочу а, цхьацца хабарш т1етт1а совдийла дуьйлира: Крымерчу г1езалойн ямартлонах, г1алмакхойн улусашкахь байинчу ц1еэскархойн тобанех, кхарачойша Гитлерна кечйинчу говрах, Нохч-Г1алг1айн 1аьржачу лаьмнашка немцоша авиадесанташ кхийсарх... 1942 шеран гурахь, 10-11 октябрехь, фашисташа бомбанаш йиттира г1алина: Сталински хьалха, х1инца - Заводской район ерриг бохург санна ирхъяхнера шен крекингашца, нефтаг1уллакхан заводашца, бензин латточу цистернашца, мазут долчу оьрнашца. Нефть догучу 1аьржачу к1уьрах масех дийнахь г1алахь, буьйсанна санна, 1аьржа яра.

Со Субботникийн урамехь божарийн юкъарчу ишколехь доьшуш волуш, 1943 шарахь гурахь тхо зудаберийн ишколе лелара хелхаршка. Цигахь хьалха тхоьца цхьаьна ишколехь дешна йо1арий, цу хенахь Соьлжа-г1ала бахкийтинчу НКВД-н хьаькимийн йо1арий а бара цигахь доьшуш. Мичара 1еминера ца хаьара, амма к1енташка хьаьжча, берриге мехкаршна хелхабовла хууш хиллера. Масех сарахь фокстрот, танго, вальс 1амийра и хелхарш цахуучо оха цаьрца. Телехов Виктор вара къаьсттина дика хелхаволуш. И-м оцу хенахь зударий а дика бевзаш вара, классехь цхьаннах иза лечкъа а ца деш. Дешарна т1ехь, мелла велахь а, кхеташ вара и, цуьнан да г1алин ОБХСС-н хьаьким вара. Классера к1ентий хьега а хьоьгура цуьнан гуттар хуьлучу парг1аталлех: арахь, урокашкахь, собранехь, - букъа т1ехьа цхьа ч1аг1о йолуш санна. Оцу хенахь иттолг1ачу классехь тхо иттех к1ант бен ца висинера: цхьаберш эскаре кхайкхинера, вуьйш т1емах бронь лучу Нефтан институтан кечаман отделени деша бахнера. Нохчи Шайхиев Мамакхи вина д1аязвина 1927 шерара вара, ши-кхо шо воккха воллушехь. Да цхьана районан суьдхо волуш, оьшу кехаташ «нисдинера» цунна; иттолг1ачу классехь веанера и тхан ишколе. Лекха, онда чергази Нагожев 1айса шен девешица (трампаркан директорца) веанера Соьлжа-г1ала. Оьрсийн мотт дика хаьара цунна. Иза, Телехов а, вара г1еххьа «къонвелла», Мамакхи санна. Остров, Василевский, Травкин 1944 шо долалуш эскаре д1акхайкхира; Остров, Василевский - январехь, Травкин т1аьхьо. Айсор2 Багров Осип, Токарев Витя тхоьца чекх ца бевлира. Осип «тардинчу» т1ех дикачу аттестатца медицинин институте вахара, цул т1аьхьа ц1еяхана хирург а хуьлуш. Ткъа зударшна веза Телехов Виктор, цкъа х1умма ца деш а 1ийна, т1аккха эскаре вахарх, «могаш цахиларна», хьалха а ваьлла (да бехкен воцуш дацара и г1уллакх), театре балха вахара.  Хелхаршкахь Вихрева Ленас зударийн танго кхайкхира Телехов, массарна гуш болу шен озабезам ца лечкъош. Амма Телеховс Минькова Алла кхойкхура, Ленина халахета санна. Телеховн Аллица йолу уьйраш кеста гена а евлира, суна халахийтира и, сайн а, массеран а ц1ена ойланаш цо бехйича санна. Барх1олг1ачу классехь дуьйна Маринех ойланаш дукха хилла, кхузахь цуьнца хелха волуш хуъуш когашкара гlopa дайнера сан...

1944 шо дола ма делла, юх-юха нохчий, г1алг1ай арабахарх, бохабарх хабарш хеза дуьйлира. Кхарачой, г1алмакхой х1етале шайн мехкашкара арабаьхнера. Г1ирмалой-г1езалой, Волгица хилла немцой бохийний хаьара массарна а. Ткъа желтой3 бийца а ца оьшура... Церан даймохк кхузахь ца хиларна, иза тамашийна а ца хетара цхьанна...

Хабарш ч1аг1лора. Схьаоьзна эскарш а ломан районашка таттадала дуьйлира... т1еман маневрашка!

22-чу февралехь тхоьга, барх1олг1ачуй-иттолг1ачуй классийн дешархошка, кхана делкъал т1аьхьа, яах1ума, хуъйцуш духа чухулара духар дахьаш, т1е йовха х1уманаш а юьйхина, ишколе дахка деза элира. Кхана тхо, массо бохург санна, гатанан галех йина белшаш т1ехьа тосу ларчанаш-рюкзакаш йолуш, ишколе даьхкира. Районорчу зудчо Мамакхи ц1аваха мегар ду элира... И нохчи ма вара. Цуьнан кхоьлина юьхь гича, классехь мел верг а шайн-шайн когаш к1ел хьаьжира. Тхан коьрта волчу къеначу хьехархочо-математика Василий Васильевича корта тесира Мамакхигахьа, районорчу зудчо аьлларг т1еч1аг1деш. Тхо малхбуззалц лаьттира, тхаьш доьлхучу г1уллакхах вовшашка кхин бур-бур а ца деш, 1аьмиркан керла «Студебеккер» схьаяллалц. Уьш, Иранера схьаоьхуш, дуккха яра г1алахь, кхин 1аьмиркан «Виллисаш», «Шевролеш» санна. Ян а яра «Студебеккер» вуно дика, товш а машен: кабинин сенаш цхьа тамашийна горгдина, телат тоьхна йоккха кузов йолуш. Борташкара охьале1алуш дуьхь-дуьхьала деха ши г1ант а дара. Цул сов, тхан машенна т1ехь к1ел тесна йол карийча, дерриг дицделла, тхайн тобанций цу т1е охьаийгира тхо, дала дезачул сов самукъа а долуш.

Оха дан дезачу г1уллакхах, барт бича санна, цхьамма х1умма а хьаха ца дора: хабарш дукха дийцар - шпионийн аьтто бар ма дара. Машенан кабини чохь шоферна-салтичунна уллохь НКВД-н къона эпсар вара, керла духар дуьйхина, лейтенант я лакхара лейтенант. Погонаш кестта юкъаяхарна, суна, кхечарна а цкъачунна ца евзара. 1940 шарахь дуьйна тхан х1усамехь Анна Васильевний, цуьнан бераш: сол пхи шо йоккха йо1 Клавий, ши шо жима Славий 1аш дара. Жоьра йолу Анна Васильевна газировка духкуш яра, Клава - НКВД-н ОИТКахь - машинистка. ОИТКа х1ун ю хаьара суна - чохь бахкон хьакъ хета нохчий, г1алг1ай чохь бахкочу лагерийн урхалла яра и. Лагерш цхьанхьа г1алал арахь яра. Тхан ц1енна юххехь йолчу «Аргун» совхозан клубах тутмакхаш д1асахоьржу набахта йинера. Клубана гонаха бинчу лекхачу пенаца йог1учу тхан бешахь вышки т1ехь пулеметаца салти лаьттара, цуьнан и маь1иг ларъеш. И набахта д1аяьккхина дукха хан а яцара. Тхоьгахь Анна Васильевнин йоь1аца Клавица шуьйра муц1ар-дуьхьало йолуш, вуьзна полковник 1аш волу ши-кхо бутт бара. Цунна морбоьттина яах1умнаш кхоьхьура, - т1ам хьовзийчахьана нег1ар дастало 1аьмиркан жижиган консерваш, юкъйина шура, кхиерг суна билггала х1ун даар-малар ду а ца хаьара. «Виллисаш» т1ехь сих-сиха и волчу цул лахарчу даржеранаш а бог1ура, уьш  цунах озалой хаалора. Бат шуьйра и полковник ша Лаврентий Павловича Берияс ваийтина бохуш дуьйцура. Анна Васильевнас йolax Клавдия Петровна ала аьллера шена бевзачаьрга массаьрга а. Тхоьца ишколера зудабераш а дара, Марина а... Цкъа сархьо «Студебеккер» сецча, кабини чуьра шнура т1ера къегина лампа кховдийра шоферо тхоьга схьа, цуьнан м1ар тховх д1атаса а олуш. Т1аккха-м, чохь санна парг1ат а девлла, ала т1ехь тхайн ларчаш схьаяьстира оха. Х1ума кхаьллича забарш, эшарш а д1айолаелира.

Машен Гуьмсен aгlopa йоьдура, оцунехьа тхайниг санначу машенийн дийнна колонна гулъеллера. Тхан тидам т1ебоьду «Виллисаш» яра моьлкъарчий санна колоннин юккъехула д1асалелаш. Бода болуш Устрада-эвлал ара а девлла, Мескер-эвла дирзича кхийтира тхо цхьа ц1а а, к1отар а аддам доцуш еса хиларх: цхьана а кертахь леташ ж1аьла я корехь богуш чиркх а бацара. Т1аьхьа хиира тхуна, ж1аьлеш хьалххе дайина хилар. Бода, тийналла. Бодано тийналла к1аргйора. Йоккха юрт Гуьмсе елча я йийча санна яра. Нойбоьра кхачале, шозза-кхузза сацийра тхан машен. Сацийначохь дикка хьелуш. Леттачу ц1ерашкахь некъаца тоьхна фанеран турсаш гора: «Нохчийн бахархой! Шайн ма-хуьллу гlo де Ц1ечу Эскарна маневраш ярехь!» - цо ч1ог1а цец а дехира тхо... Набарш яьхкина тхо, машено г1овг1а д1а мел йо, наб еш дог1ура, кест-кеста машен сецча х1оьттинчу тийналлехь сама а довлуш. Сахилча машен чекхйолучу ярташкахь а цхьа а адам ца гуш, инзаре тийналла лаьттара. Лаьмнашка хьала мел гlo а, салтий, эпсарш совбуьйлура. Яс-хин ч1ожехь некъ ломаца хьалабаха буьйлира, хьийза мел хьийза а, т1етт1а гатлуш. Яс-хи цхьанхьа лахахь гlepгlapa, некъан уллохь ломаца хьаладоьлхура ч1анадевлла дитташ, ерзина кондарш. Ирхенах г1оьртича, хьалха-т1аьхьа йог1учу «Студебеккерийн» г1овг1анаш цхьаьнаэшшара хир хедачу ц1ог1ане йоьрзура. Бух к1оргачу басене хьаьжча, г1енах т1омаволуш санна, кийра саоьзна, ц1онганехь цхьа башха хийтира суна, кхералуш санна. Цкъа цхьанхьа колонна сецча, тхан шоферо капот схьайиллича, т1егулделлачу тхуна хестайора машен: «Гой шуна, ерриг винташ а шплинташ т1ехь ю! Г1ирс муха хета шуна?» - гойтура боккъалла а дика дог1анаш, сетилш4, морзахаш, ж1ов, кевнаш, кхин цхьацца кег-мерса х1умнаш а, телатан бохчи чуьра схьайохуш.

Ножай-юрт а дикка йоккха юрт яра, гонаха - даккхий, хьаннаш йолу лекха лаьмнаш. Гена йоццуш уггар лекха ерг НКВД-н г1ишло яра. Нийсачу майдана т1ехь маггlapa лаьттара тхан «Студебеккерш» д1ах1иттина. Некъахь тхан схьа ца дохкуьйтуш хьедалар селхана сарахь д1айолийна операци массанхьа  дика чекхъяьлла цахилар дара... Х1инца а автоматашца болчу салтийн канвойшца ларчанаш, чамданаш, галеш, тускарш долуш бахархой оьхура машенаш т1е... Нохчий арабохуш бара... Т1аьхьа салташа тхоьга ма-дийццара, юьртана эскаро го лаьцча, xlopa ц1енна т1е, коьртехь эпсар я сержант волуш, ши-кхо салти г1уш хилла, уггар ца торруш ерг схьаэцна, арадовла итт минот луш...

Инзаре сингаттаме тийналла лаьттара. Делахь а иза йоха езаш яра. Новкъадовлуш тхаьш йина забарш, лекхна эшарш йицъелира тхуна цхьа доккха 1аламате сурт гича: дуккха а баккхийчу нехан тоба яра, берийн аганех йогучу ц1арна гонаха хьийзаш, д1асакъастаран парз санна долчу зикарца цхьаьнаэшшара цхьа мукъам беш... Адамаш техкийначу декъачу дечигах летта ц1е, гонаха хьийзачийн лаьтта охьадуьйшу дахделла 1индаг1аш, го тосуш, царех суна дуьхьалбоьрзучеран къеначу яххьаш т1ехь ловзу ц1еран серло...

Хетарехь, цхьа а дуьхьала а вацара уьш иштта махках д1асакъастарна: салтий, эпсарш а лаьттара цаьрга хьуьйсуш, х1умма а ца олуш. Арабаьхначу нехан х1усамашкахь йисина х1умнаш, даьхний схьагулдеш, уьш д1адала деза тхо саннарш ярташка д1асабоькъу меттиг яра Ножай-юьртахь. Кхузара тхо тайп-тайпанчу меттигашка хьовсийра: Симсара, Зандакъа, Гендаргана... Со, соьца Нагожев 1айса, Травкин Петя, йolapex Вихрева Лена, Марина, Минькова Алла - тхо лаьмнашца кхин а хьала дигира, амма иза гена йоццу цхьа к1отар яра, лахахь Ножай-юрт а гуш.

Ломан басешкахь д1ай-схьай кхийсина ц1енош, цхьа г1ат ах г1ат лара мегар долуш. Пурхеш долуш. Лахарчу чоьнийн корийн баххаш лаьттаца цхьатерра дара.

Оха туптоьхначу ц1а чохь юкъ а яра шелъялаза. Капитан Фалеевн штаб а яра юххехь, цул дехьа йо1арий болу ц1а а долуш. Тхо йolapex д1ахердан санна, шен штабах тхуна юкъахь доза дира цо. Наб янза, бехачу некъо г1елдинчу оха, жижиг тесна, кхоьшций и кхехкийра. Ма мерза дара и! Оцу хьалхарчу сарахь дохделла, яа а йиъна, мазаца чай мелла, ма дезза эскархойн бепиг диъна (тхох дерриш, Телехов, Минькова йоцург, г1алахь ахмеца 1аш дара, коьрта даар - даьтта доцу ахьаран худар, наггахь шура а долуш), самукъадала доладелира тхан. Дукха къона дара...

Дукха ца 1аш дош дашера делира сан цхьана къоначу эпсаргца. Иза сол ши-кхо шо бен вокха хир вацара, сийна го болу НКВД-н хурашка йолуш, суна къегина хета эпсаран керла духар, погонаш т1ехь ши дашо седа болуш - лейтенант. Погонаш къасто х1инца 1еминера тхуна. Ша зеделла т1емало ву моттийта г1ерташ, гуттар ша хилла «къайлахчу операцех» х1умнаш къедадора цо тхуна. Доккха дозалла деш лелош трофейн «парабеллум» а яра цуьнан. Со, чу а веана, охьахиъча, иза бухахь карийра суна.

- XIa-а, мехкаршна юкъа д1авазвелларг, схьакхаьчний хьо? - велавелира и 1уттуш.

- Хьо а ма хуьлу цигахь сол дукха, - элира ас, со Марина йолчу вог1уш иза ца лалуш хилар дагадеана.

- Хьалаг1атта, НКВД-н эпсарца къамел деш! - мохь хьаькхира цо суна т1е, ша хиъна 1аччуьра. Чохь тийналла х1оьттира. Со дукха дог ца дог1уш хьалаг1аьттира, куьйгаш охьа а дохуьйтуш.

- Схьагайтал хьайн кехаташ! - х1инццалц кехаташка хьажа йиш ца хилча санна.

Тхоьга кхуза дог1уш а аьллера, х1орангахь кехаташ хила деза аьлла. Ас военкоматан «приписной тоьшалла»  д1акховдийра цуьнга. Тоьшалле хьежна, со эскарехь хилча,   ша суна «хоуьйтур дара» аьлла, схьакховдийра цо иза юха. Эпсар араваьлча, оха массара нанна элира цунна. Чохь, пеш ягош, йовха йолуш, чай муьйлуш, цхьанхьара беана мехкадаьттанан боккха чиркх тховх хьалаоьллина, кехатех ловзура тхо. «Очкох» ловза 1емина, шовкъ хилла, сайгахь мел долу ахча д1адаккхийтинера ас, цул т1аьха кхин ца ловза дош а луш. Цкъа «парабеллум» йолу эпсарг веанера тхо долчу. Хьалха хилларг оцу хене дицдинера оха. Цо шен гуттар дуьйцу т1еман хьуьнарш а дуьйцура. Цхьацца дерг кхечу эпсаршкарий, къаьсттина сержанташкарий а хезнера тхуна, кхеран дивизи дукха хьолахь т1ом бечу эскаршна т1ехьа «заградотрядехь» лаьттина бохуш.

Ц1еххьана кор дохийна, корах чухьаькхначу махо чиркх байина, 1адийра тхо тхаьш долччохь. Нагожев 1айса - лекха,  зоьрталла - чуьйналоцург эцна, араиккхира... Кестта арахь цуьнан велар хезира: даьлла лелачу эсано серло йолу тхан лоха кор бат 1оьттина дохийна... Тхан «т1емаш» гина эпсарг ца каравора тхуна. И шен «парабеллумца» маьнги к1ел воьлла хиллера. Оцу к1елара гуттар воьхна хьалавелира и... Хьалавьлча сихха д1а вахара, вист ца хуьлуш. Тхо, жимма хан яьлча, вовшашка хьаьжча бен, деладала ца даьхьира... К1отарахь оха йисина баккхал, сурсат, докъар, бежанаш - ерриг д1аязъеш, цхьаьнаметта гулйора. Наггахь генарчу к1отаршка кхочура, цига герз долчу салташца доьлхура тхо. Чохь наг-наггахь дика йийбар а хуьлура. Даккхий куьзганаш, пена т1еухку шира сахьташ, граммофонаш, патепонаш. Цхьана ц1ийнан йоккхачу чохь рояль гира тхуна, когах 1оьху эса д1а а дихкина... Дукхахйолу xlapa х1уманаш т1ом баьлчахьана дуьйна кхузара Хасав-юрта д1акхоьхьучу сурсатех хийцина яра. Рояль оха цхьана лекхачу берда йисте такхийна, чутеттира. Чушершаш хедачу мерзийн массо а оцу т1ехь лекхалучу х1уманийн музыка лелхаш санна... Наг-наггахь, т1е мехкдаьтта доьттина ахьаран даккхий т1орказаш, боьхачу д1акхийсина даьттанан гуьмалкаш5 а карайора тхуна.

Хьалхарчу дийнахь дуьйна тхан, тхан зудаберийн а бежанаш леладан цахаар гучаделира. Колхозан ферме далийна дуккха бежанаш дара 1оьхуш лаьтташ, оза стаг воцуш, шинаш даьгна, йол я хи диллича а, царах батт ца 1уттуш. Цхьана к1отарахь 1андой карийна, цигара веанчу стага мехкарий 1амо болийра хьелий оза. Делахь а бежанаш дукхахьолахь дойуш дара, жижиг массанхьа лаьттачу гарнизонашка д1аса а доькъуш. Тхуна цхьаннена муха йог1у ца хууш, кестта б1аьсте еара лаьмнашка. Иштта ц1еххьана хеташ дуьххьарлера буц-хелиг, хьалхара шела-зезагаш а хьаладевлира. Де декхча гонахарчу лаьмнийн - гена мел хили а, уьш доьхку х1аваъ сенлуш, бецан, хьаннийн соз болучу патарийн а беснаш б1аьргаш лазадалла къегара. Ишттачу деношкахь сарралц сайн чоий, буденовхойн буьхьиг ира куй а т1е ца духура ас. Чоа, парадан духар, вашас Николайс фронтера даийтинера. Сийна галпе-хеча, «хаки» к1аденан гимнастерка маццах мац ца дала д1адоьхкинера. Пальто йоцчу суна чоа дисинера, иза динбухкарш т1едевллачу сан белшаш т1е, букъан декъачу пханарш т1е а дика дуьжуш дара. Г1одаюккъехь гатдина, суна сайна а товш хетара иза т1ехь. Дуьххьарлера 1а дацара ас и лелон, т1аьхьашха гича фронтера ц1авеъначух тарлора со нахана... Наггахь малхбузехь Мариница малхо аьхна бохбар хаалучу боккхачу чхара т1ехь хиъна Iapa со. И йолуш хила везачул сов сапарг1ат а вара со. Буц т1еялар санна, иза, шеко йоцуш, сайца хила езаш а хетара суна. Говраш т1ехь пхи-ялх салтичуьнца цхьанхьара вог1у капитан Фалеев лорий хьожура тхоьга. Буса бодаш букълора, гонаха дерриг тапъаьлла тийна хуьлура, ткъа лаккха лаьмнашкахь, лахахь а к1отарш йогуш гора, уьш, цхьаъ ца юьтуш, ерриш ягош яра: бохабарх к1оьлабевллачу нахана ловчкъа меттиг ца хилийта. Бакъду, шозза-кхузза, кхин сов доцуш, геннахь герз дуьйлуш а хезира. Тхан меттигашкахь-м синтем хиллал тийна дара, цундела со Мариница, х1онан ц1еналла чууьйзуш, уллорчу басешка, лаьмнашка а лелара, т1ейог1учу б1аьстенах самукъа долуш. Панар оьций, дохк таь1начу буса араваьлча, уллохь дуькъачу дахкарх уьттаза доккха сан 1индаг1а х1уттура... Тата доцуш, ас диннарг дора цо а... Массо х1уманца а къайле яр-кха...

Токхечу напг1анах, тийначу махках, хих - тхо дерриш дикка т1едаьхкина тоделлера, сиха ц1а даха ца лууш. Г1алахь дукха дуьзна лелийла а дацара, ишколера урокаш а хетара сингаттаме. Бакъду, сагатделча еша х1ума-м яцара кхузахь, Сталинан, Бериян портреташ долчу штабехь ларамаза нисъелла масех книга ца лерича. Кхузахь оха дечу г1уллакхах, х1окху кепарчу кхечу х1уманийн маь1нех а дийца ца магадора, иза хьалххе капитана Фалеевс дуьххьала схьаэлира тхоьга. Оха-м ишта а тхайна юкъахь к1езиг дуьйцура и тайпана хабарш. Тхо г1уллакхаша дукха хьийзош а дацара, наггахь хьалххе чот йина х1умнаш схьакхехьар, юург яр бен. 1уьйранна капитан Фалеев хьаьжира тхан чу:

- Шух суьрташ дахка хьанна хаьа? «Боевой листок»6 кечдан деза, хьаькамаш баг1ахь а...

- XIapa Шура ву-кх ишколехь массо хенахь пенагазета арахоьцург, - соьгахьа хьаьжира Травкин Петя.

- Мила Шура? XIa-а, хьайга луьйш хилча хьалаг1аттал! Ас балхах мукъавоккху хьо. Вало штабе, цигахь оьшшу г1ирс бу...

Цо штабехь суна хьалха ватманан кехат, къоламаш, басарш дехкина, и муха кечдан деза элира.

- Массо х1уманах кхийтин хьо?

- Кхийти, накъост капитан.

- Делахь къахьега хьайна. X1а, кхаьрзина котам ю хьуна, xlaра  керла бепиг, моз а, - стоьла т1ехула т1е тесна шаршо д1аяьккхина, даар гучудаьккхира цо. - Спирт молуш вуй хьо?

- Х1ан-х1а, накъост капитан, молуш вац.

- Ца мелча дахарх муха кхетар ву хьо? Малахь лур-м ду...

Кхечу стоьла т1е ватман-кехат даржийна, лакхахь аьтту aгlop х1етахь тleман ханна дитинчу «Массо мехкийн пролетариш, цхьаьнакхета» меттанна «Немцойн оккупанташна -1ожалла!» яздира ас. «Боевой листок» аьлла «куй» биллина, пенагазета х1унехдинчуьнан орган ду аьлла яздан дезачохь Фалеевс куьг яздина, къайладахийтира оха НКВД-н т1еман дакъа. Т1аккха, цхьана aгlopa сайна дага ма-йоггly Кремлан Спасски б1ов йиллина, кхечу aгlopа ц1ен седа болуш, йоккхачу тоьпо ц1е-к1ур аратуху танк йиллира. Кхин д1а а, балхана чувоьлла, делкъе йоллалц къахьийгира ас. Шозза-кхузза капитан Фалеев а веара сан балхе хьажа:

- Хьо-м хила а хилла боккъалла художник... Хъажахьа...

Делкъе дикка т1аьхьа яхча, ватман пенах д1а а тоьхна, капитан Фалеев веана, цуьнга хаставайта дагахь 1ийра со, юх-юха а балхе хьоьжуш. И чуваьлла, сан «листоке» а, соьга а хьаьжира, иза сох дустуш санна. Цуьнан юьхь ц1еххьана хийцаелира, вулалуш, гуш лаьтташ оьг1аз а г1уш... Со, ца кхеташ, цуьнгий, айса биначу балхе а хьаьжира. Ванах, цхьа элп юкъадитиний-те ас аьлла висира со, цкъа цхьана газетехь «Приказ Верховного Главнокомандующего» аьлла, Сталинан буьйр арадоккхуш, типографехь «главнокомандующего» бохучу дашехь «л» элп «охьадоьжна», редакторах, типограферачех а «халкъан мостаг1ий» бина бохург дага а деана. Капитана Фалеевс, б1аьргаш гатдина, та11ийна элира:

- Мича етташ ю хьан танко и йоккха топ?!

Дукха хьежначу сайн балхе юха а хьаьжира со. Боккъалла, ма доккха х1ума дина хиллера ас, хаа а ца хууш: ц1ен седа болу Спасски б1ов аьрру arlop яра, ткъа седа болу танк а цунна дуьхьала, - йоккха топ нийсса цунна а етташ! Сан дег1е шело хьаьдира. Капитан Фалеев сема, зуьйш хьоьжура соьга. Аз лахдеш:

- Ахь динарг х1ун ду хаьий хьуна?! Х1окхунна-м хьуна 58 статья йог1ий, параграф... Исбаьхьаллин г1ирсашца антисоветски луьра пропаганда...

Со, букъе хорша еана, ч1енга лехна Iapa, багах дош ца даккхалуш легаш дакъаделла...

- Хьаькамашка хаийта деза, - чухула волалуш, ша-шега санна элира цо. - Хьаькамашка ца - особый отделе… - т1аккха д1а-сахьаьжна, чохь тхойшиъ бен воццушехь, т1е а вахна, «Боевой листок» дат1а а дина, соьга элира: - Капитан Фалеев хьо валлалц виц ма велахь! Охьахаа, юха а кхиниг де, хила ма деззара а деш!

Хиллачу далатохарх метта ваза, со юха а керлачу кехата т1е охьахиира, ткъа капитана къовламе элира: «Варийлахь, хиллачух цхьаьнгге дош а ма алалахь! Тапар-тип!»

...Буьйса юккъе яххалц бохург санна болх бира ас. Дерриг метта a х1оттош - танкан йоккха топ кхечахьа ерзош... Т1аьхьа хан йоллушехь, капитан Фалеев а вог1ура ас дечуьнга хьажа. Кнопкашца ас и пена т1е д1аоьллича: «Х1инца мегар ду... Д1аг1о. Варийлахь, цхьаьнгге х1умма а ма алалахь! Капитан Фалеев виц а ма ве-кха ахь!» Араваьлла, кийра буьззина 1аьржачу буьйсанан х1аваъ чуоьзна, тхешан ц1ийнехьа д1аволавелира со. Массо д1абийшинера. TIepa х1умнаш д1аяьхна, Травкинца юкъахь йолчу лохачу метте д1атарлуш, цо ахнабарха хаьттира: «Хьо ма дукха Iий? Х1оккхул хенахь-м Репинан «Запорожхой» а бахкалур бара!..» Со белхан халонах дийца вуьйлира, амма иза, набкхетта, хезаш вацара. Ч1ог1а г1елвелла воллушехь, т1аьххьалц наб ца кхийтира суна, хилларг юх-юха карладуьйлуш. Х1аъ, капитан Фалеев суна цкъа а вицлур вац.

Оцу деношкахь Травкин Петяс Марина капитан Фалеевца говрахь лакха к1отара яхана элира. Петяс иза салтий боцуш ваха майраваларх цецваьлла дуьйцу моьттира суна... Сарахь со б1аьргаш ц1ийбинчу Маринас чуьра аракхайкхира. Иза Фалеевас хьийзийна хиллера. Т1аккха дагадеара суна Петяс аьлларг... Суна коча а тасаелла, йилхира иза.

- Цхьанхьара герз лачкъийна, ас вуьйр ву и, - элира ас. И аьлча, цара сан къеначу дех-ненах, фронтерчу вешех «мостаг1ий» бан магар дагаиккхира. - Ас и вуьйр ву, вуьйр ву! - б1аьргаш чу хьажа ца луш, цуьнан нийсачу юьхь-амате, х1инца а къегинчу балдашка хьаьжира со. - Ас вуьйр ву, делахь...

Цул т1аьхьа, д1авоьжна, кхин цхьанне дийнахь балха ца вахаpa со. Цкъа к1ентий балха бахча еанчу Маринас, Фалеев вен ца оьшу, ша цуьнга маре йоьдуш ю элира. Т1аккха уьш говраш т1ехь цхьаьна кхерста бевлира, ткъа суна бен дацара...  Цхьа к1езиг хан яьлча, х1инца дага а ца дог1у х1унда, со, сайн накъосташца воцуш, хьаьжк1аш т1е брезент тесначу машенахь цla веара. Тхайга х1уманех, цхьа а х1ума ц1аяхьа мегар дац аьлла доллушехь, белшах тосучу сайн т1оьрмига чу масех кийла къорза кхоьаш йоьхкира ас. Г1ала чу кхоччучохь тергаман пунктехь тхан машен букъа т1ехьа автомат оьллинчу старшинас сацийра. Шофере воцца вистхилла, кузов чу а хьаьжна, соьга хаьттира цо: «Цхьа а xlyма-м яц хьоьгахь?» Ас сайгахь х1умнаш яц аьлла - х1окху хьаьжк1ашпа юкъахь мел йоккха а пулемет д1алачкъалур йоллушехь - сайн т1оьрмиг чуьра кхоьаш д1агайтира. Цо, хьажа а хаьжна: «Яхьа мегаш дац, делахь xlyн дер хьуна, хьо... Ц1ахь юург хир яц...» Цунах оцу мецачу ханна дика нaпг1a хилла, нанас дукхазза чоме кхоьаш кхехкийра тхуна, дог дика старшина дага а лоьцуш...

 

Ишколера сан урокаш д1айолаелира. Иттолг1а класс чекхйоккхуш тхан классехь ши дешархо бен вацара: Нагожев 1айса, со а. Хаза хуьлура ширчу гимназин хьехархо хилла, истори хьоьху тхан классан куьйгалхо Иосиф Николаевич Баринов урок яла веача. Чоьхьа волий, ширачух пенсне меран дукъа т1е тосий, журнал д1адоьллий, тхойшиъ «вагарвора» цо: «Нагожев?» - «Кхузахь ву»! - хьалаг1оттура шен парти т1ера лекха 1айса. Хьехархочо меллаша б1аьрг тухура цунах, цуьнан xилap шена бакъдан санна, журнала т1ехь а билгалдоккхуш. «Авдеев?» - «Со ву!» - олура ас, хьалаг1оттуш. Иштта итт класс а яьккхира, экзаменаш д1алуш ас цунна сочинени язъян гlo дира, цо суна - сан массо хенахь шеца хала хьал хилла математика ян.

Марина капитана Фалеевс маре ца йигира... Нохчех, г1алг1айх спецпереселенцаш бича, «вайнахалла» долчу меттигийн, г1алин урамийн ц1ераш а хийцира. Ломан районашка оккупацина к1елахь хиллачу Смоленский, Курский областашкара нах ховшийра. Г1алахь нохчийн, г1алг1айн хилла ц1енош т1ебаьхкинчу керлачу нахана д1алора. Нагожевг1еран доьзална а кхаьчнера г1алин банина уллохь дуккха чоьнаш йолу еттинчу кибарчикийн цхьа доккха ц1а, со кест-кеста хуьлура цаьргахь. Урамийн бордюрашна арабаьхначу нехан кешнашкара, т1ера 1арбийн йозанаш д1а а ца дохуш, кошан т1улгаш дохкура...

«Грозненский рабочий» газета т1ехь араюьйлучу материалашкахь к1ез-к1еззиг Ермоловн, Кавказан т1еман паччахьан кхечу хьадалчийн а ц1ераш яха йолийра. 1944 шарахь аьхка Грибоедов, вийна терахь даздира... Оцу хенашкахь долийнера валар-вер даздарш... Дукха ца 1аш Нечкинан «Грибоедовн талламан г1уллакх» аьлла йолу Ермоловн реабилитацина гlo дина книга араелира. Имам Шемалан ц1е-м йоккхуш а, я яккха ваьхьаш а вацара цхьа а. Истори, дуьххьара  а, т1аьххьара а доцуш, сиха а, к1оршаме а юхаязъеш яра. Оцу хенахь дуьйна хаьара суна цу теми т1ехь со сих-сиха хийцалучу хенаша нийсса д1авохуьйтур воций. Цу т1ехь билггала доза тоха ца хаъал доккхачуьнца ас къийсича, цо хьашарна кхерам буй а... Кавказан темина цкъа а хийра ца хилла со, диссертацина цунна а, кхечу х1уманашна а гена Австри хаьржинехь а...

 

Грознехь хилча, ширачу накъостех кхеташ, цхьацца х1уманаш вовшех дустуш, дукха ойланаш йо ас. Амма бакъ дац ткъа, Гегела ма-аллара, историн уггаре тешош долу хьехар - цо цкъа а, цхьанна а х1уманна 1амош ца хилар ду бохург?.. Нохч-Г1алг1айн автономи юха д1ах1оттийнехь а, мел хала хилла иза, и ца хилийта 1957 шарахь августехь Грознехь забастовкаш а йира ...

 

Цул т1аьхьа шовзткъа шо даьллехь а, хиллачуьнан декъашхо ларамаза со хиллехь a, xlopa шеран февралехь сагатло сан. Стенна делахь а, сайгара д1аяьккхина безаман бакъо, оцу шарахь хилларг а цхьаьнаоь сан ойланехь...

 

 

_______________________________________________________________

1 - Покров – (килсан) октябрь беттан юкъ.

2 - Айсор – ассирихо.

3 - Желтой – грекаш.

4 - Сетилш – отверткаш.

5 - Гуьмалкаш – кегийн кхабанаш.

6 - «Боевой листок» – т1еман декъан пенан газета.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.