http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Ану Печать Email

Саралиева Табарк

 

Советан Iедал тIедеъча, мелла а йоза-дешар хууш волу Iазиз Соьлжа-ГIалара рабфак чекхъяьккхина, Веданахь суьдхо вара. Цу заманан къонахаша лелош йолу шиветан галпеш йолу хечий, китель юхий, басца цаьрца йогIу лаба йолу хураьшка а туьллий, эпсарийн тIаьрсикан шуьйрачу доьхкар тIе тесна, хаьн тIехь сецош тапча а йолуш, дуьрстанца говран юьхь лоций, «ЙоьIан кIажар» шовдане гулбеллачарна тIевогIура иза.

Юьртарчу шен нийсархошка салам-маршалла хоттий, наштаран а, цIестан а чамеш карахь ловзош лаьттачу мехкаршна тIехула бIаьрг кхарстабой, шен расхачу говран хьаж тIера кIайн цетI къайла доккхуш охьашершина кхес, дайн куьг хьокхуш дIайоккхий, и хьостий, гIиллакхах ца воххал соций, ЦIе-Ведана боьду некъ юьхьарлоцура цо. Дикка дIанехьа валлалц говра ца хууш, некъаца хьалавоьдучу Iазизна тIаьхьахьуьйсура лаьттарш. Товш вара кIант а, хьаж юккъехь а, тIаьхьарчу цхьаьна кога тIехь а кIайн цIет долу цуьнан говр а.

 

Вовшашка ца дийцахь а, хууш дара, Iазизан юьртахь тIехьийзаш йоI цахилар. Ишттачу кIентан хила хьакъ яра шен юьртара йоI, кIайлаха цуьнга ойла кхобурш а хирг хир бара. Амма кIентан дIавахаро гойтура, цуьнан ойла кхечанхьа латтар.

Говран бергийн «цIок» саццалц, цунна тIаьхьабогIабелла кегийрхой, юха а шайн цхьацца забарш ян буьйлалора. Ша цагуча ваьлча, говре юм йойтура кIанта а.

Суьйре маьркIажан чорда маша боьзна ялале дIакхиа везара. Хадда йоллуш гIодаюкъ йолуш, хьийзинчу Iаьржачу месийн ши чIаба, кIудал белша тIейилла йоI охьакхевдича лаьттах хьакхалуш, юккъерчу дегIахь йолчу ЦIе-Веданара Анун йийсарехь яра кIентан дог-ойла. Кхечанхьа йолчул а, цигахь лекха а, сийна а хетачу стиглан а, геннарчу арц лакхенехь лестачу баьццарчу бецан соьналлин а басахь лепачу йоьIан бIаьргийн аймина чувоьжна, мел тасавелча а хьала ца валалуш, виснера кIант. Ануна ма-лаъара а, шен дагна ма-хеттара а ца нислуш, хи йисте кхача хьевелча, сатийсаман хьежаро собар кхаччош йолчу йоьIан хьажар шийла хеттачу кIентан даго дукха йорт еттара юха кханенан суьйре кхаччалц.

1937-чу шарахь вовшахкхийтира Iазиз а, Ану а. Нохчийчохь хьовха, ерриг СССР пачхьалкхехь дехачу халкъашна луьра еъна зама яра иза. Дуткъачу шаьлтан ирачу диттан йистехула вала санна, хала дара мотт-эладитнах а, «халкъан мостагI» бохучу цIарах а ларвала. Пачхьалкхехь дIахьочу политикех дика кхеташ, ира хьекъал долуш волу Iазиз, оцу хенахь ларвелира набахтех.

Кхиа болабелира доьзал. Церан бераллех а, царех шайх а марзо эца кхиале, 6 шо кхаьчна Саламбек а, 4 шо кхаьчна Асламбек а, 2 шо долу Асет а йолуш, 1944-чу шеран 23-чу февралехь махкахбехира хIорш. Луьрчу некъан къизаллех бевлла, Малхбален Казахстанан Семипалатински областерчу Кананерка эвлайистехь, дIатесначу божли чу хIорш охьабассийна, юьрта дIаяхара стерчий доьжна салазаш. Сахиллалц, бIаьрга Iоьттича пIелг ца гучу божли чохь, вовшийн садоьIуш хезаш, лаьтта тесначу ча тIехь Iихкира. Сахиллалц, мацаллина угIу берзалой хьийзира кхеран отонна гонна, амма цхьаьна хенахь, ишттачу хIуманах ларваларна къовлуш хилла гIораш чIогIа хиларна, зе-зулам доцуш сахуленга бевлира хIорш. ШолгIачу Iуьйранна, юьрта ваханчу Iазиза, юучунна а, ягочунна а гIайгIа бира. Оьрсийн мотт хаарна, балха хIотта аьтто хилира. Дукха хан ялале кхин а стамбелира доьзал, кIант Зайналбек тIекхийтира.

Кхолладеллачу хьолан нийса жамI дан хааро а, дагахь дерг хьекъало хьоьхучул сов ца далийта ницкъ кхачаро а, вочух ларвеш цхьавогIу Iазиз лар ца велира юьртарчу комендантах. Иза а, хIорш санна, бахарх бохийна схьахьовсийначу немцойх вара. Бакъду, шен куьйга кIел долу адам акхаройл башха хеташ вацара. 12 шо хан тоьхна Iазиз набахте хьажийра. Тоххара, ЦIе-Веданахь Iазизна евзаш ма-хиллара, эгIазчу дегIахь йолу Ану гIорасиз хетара, цуьнан ницкъ кхочур бац доьзал хене баккха аьлла, ойла кхоллалора. Амма сарралц кан лахьочохь, кIа оручохь, я кхечу, колхозехь «турдденош» дахархьама бан безачу белхашкара цIа йогIу Ану, мелла а, тоьлла хуьлура. ТIеттIаийзиначу тIелхигийн киснаш чохь хуьлура бераш мацаллех доху кIан, берцан буьртигаш я картолийн хIоънаш.

Юьртарчу берашца уьйраш теснера воккхахволчу шина кIанта, школерчу дешарца а дика ларавора и шиъ. Жимах долу йиша-ваша Iалашдарца а, шайга дало гIо-накъосталла дарца а шайн ненан дог оьцура цу шимма. Еха йоцчу аьхка-гурахь луларчу хьуьнхара акха стоьмаш лехьабора, уьш бакъабой, Iаьнна дIабохкура. ДIанехьарчу дакхан хьуьн чохь а гIуллакхаш хуьлура берийн, муьйлура кIайчу дакхан мутт, иза уггаре а мерзачу хIумнах лур доцуш чомехь хуьлура. Цуьнга марзбелла Анун доьзалш, цхьа а сиркхонаш ца лехьош, кхуьуш бара. Ткъа дакхан муттаца корта буьлучу Асетан месаш цхьа шатайпа бос лепаш а, мацах ЦIе-Веданарчу лаьмнийн шовданашца корта буьлуш хиллачу ненан месех тера, юкъачу чIабанах юьйцина яра. Дагахь доцуш, кехат деира Iазизера. ТIейолчу хенахь иза хIинцца чуван везачу ойланца бехара хIорш. Массо а кехата тIехь дас дешар далхадора. Иштта а дешарна тIера долчу берийн кхиамаша йоккхаейора нана.

ТIекхечира Саламбека юьртара юккъера школа чекхъяьккхина, дерриш а «5» долуш экзаменаш дIаелла де. Колхозан «пирсидателан» кIантаца цхьаьна Барнаулерчу юьртбахаман институте инженерно-механикан факультете деша ваха лаьара Саламбекна. Мел ойла йича а, кIант деша вахийта аьтто бацара ненан. Некъана дала шай а дацара. Бакъду, олуш ма-хиллара, ирс хилира – ирс дарца: кхетта белира кхеран цхьаъ бен боцу етт. Цунна тIера схьадаьккхина неI, районерчу заготскоте дIалур долуш, цунах деллачу ахчанах новкъана мадар йийр йолуш, таро йира кхара. Кха тIерачу картолех ах сов гали дуьзна, царна тIехула можа стоммачу кехата юккъе хьарчийна, шен цхьаъ бен йоцучу кIайчу кисин меттан шаршух кIантана тегна ши коч а йиллина, мохь кечбира нанас. Букъ тIе диллина и гали а долуш, каралаьцна аьчкан сарагца къевлина, даш санна деза бежанан неI долуш, новкъа велира Саламбек. Иртыш-хи тIехула лелачу бурамца ваха дезара кIентан.

ГIаш боьлху хIорш дIакхаьчча, председателан кIант новкъа ваккха баьхкина боккха «замой» бара хикеманийн йистедогIийлахь. Кхарах «доглозурш» а нисбелира царна юккъехь. «Аня, «спецпереселенец» ма ву хьан кIант, эрна къа хIунда хьоьгу аш?» – ца кхетара уьш. Эвхьаза ца яла а, оцу дешнаша шена йина чов ца гайта а цергашца балда къевлира Анус. Делан диканах а, шен кIентан хаарех а тешаш йолчу нанас дийхира Саламбеке, хьо деша чекхвалахь, мухха а цхьа хаам белахь суна, аьлла. ДIадевлира хьежаман денош. Юьртахь эккха доллуш лелаш эладита дара. Цуьнга ладоьгIча хуьлура, председателан кIант деша чекхваьлла, Анунаг ца ваьлла.

Ненан даго вониг ца хьоьхура, амма шен дагара цхьаьнгге а ца хоуьйтуш, Деле диканиг доьхуш яра Ану. Ши кIант цIа ван везара, тIаккха къаьстар дара бакъ-харц.  ТIекхечира бурам догIу де. Юха а гIаш йоьду Ану а, кхуьнца шолгIа кIант Асламбек а дIакхаьчча, эшарш лоькхуш, хелхарш деш, дукхе – дукха кечбелла, тайп-тайпанчу ленташца говран кхес а, гIомат а кечйинчу пайтонна тIехь дуьхьал баьхкинера председателан кIантана.

Анун дог меттахь дацара, са а когийн кIажошна чудоьжнера. БIешерашкахь ша ма-эххара, бендацараллица, бердашца тулгIеш ловзош догIучу Иртыше хьоьжжучохь севццера цуьнан бIаьргаш. Генарчу геналлех чекххьажа гIерташ санна, бIаьрнегIар ца тухуш тергалйора Анус хинан анайист.

Схьахетарехь, кхин детта са дац, аьлла, кхунна хеттачу минотехь, гучубелира бурамо тесна Iаьржа кIур. Кийрара схьаэккха доллуш детталора ненан дог. Цкъа сирамкан баттал, тIаккха жим-жимма доккхахуьлуш, гучуделира бурам.

Ша схьакхочуш хиларан билгалонна бехха мохь баийтира цо. Гулбеллачеран хазахетаран гIовгIанаш а, синкъераме аьзнаш а девлира. Деге ши куьг лаьцна, балдашца Деле къинхетам боьхуш, бурам тIера бIаьрг ца боккхуш, цу тIера цхьаъ ган гIерташ, когийн буьхьигаш тIехIуьттура Ану.

Оцу минотана гондахьара аьзнаш дукъдеш, сийначу стигалан Iаьрчашка кхочуш, Иртышан бердашца даьржаш «А-а-а-н-у-у-у-а-а!» аз деара берда йисте.

Цхьаьна минотана лацаделира адам. ДIахьаьжча, кIай доцуш, доьхна аьчка ведар гира Ануна. Цунна тIе пIелг хьажийна: «Асламбек, дIатохал вота!» – мохь туьйхира цо.

Нанас и аларе сатуьйсуш Iаш волуш санна, ша цкъа а ца тоьхна вота туьйхира кIанта. Мацах, ЦIе-Веданахь, доккхачу ловзаргахь, шега къайллах бIаьрг беттачу Iазизна хазъялархьама, ша ма-яллара, боккха гуо тосуш, байн ког шаршош, леккха айбина корта а, цуьнга нисса айдина куьйгаш а хьийзош, хелхаелира Ану.

Кечбелла баьхкина кхуьнан юьртахой, кхуо хIун леладо ца кхеташ, цецбевлла хуьйсура. Саламбекан аз девзинчу Ануна хиира, «спецпереселенец» волу шен кIант институте деша чекхваьллийла.

Ткъа хIара хелхар а, мацах санна, Iазизна лерина дара. Анун яхь яра шен берийн деца. Иза йоккхаера, шен бераш цхьа ца къаьсташ, могаш-маьрша долуш, «пирсидателан» кIант воьдучу деша баха хьекъал а, кхетам а болуш, уьш кхион шен хьуьнар тоарна а, ша Iазизна хьалха юьхькIайн хиларна а. Ши кIант схьакхаьчча билгалделира, председателан кIанте экзамен дIа ца ялаелла хилар.

Ткъа Саламбека математикин экзамен дIалуш далийначу шен тоьшаллех цецбевллачу тIеэцаран комиссин векалша цхьабарт болуш дIаэцнера нохчийн кIант.

…Дешнаваьлла цIавеъначу Саламбека Нохчийчоь юхаметтахIоттийначул тIаьхьа, шен республикин юьртбахаман декъехь дуккхачу а шерашкахь къахьийгира совхозашкахь инженеран а, директоран а, «Госагропроман» коьрта говзанчин а даржашкахь. Цул жимахчу Асламбека чекхъяьккхира Ростовера автодорожни институт. Ищерерчу ДРСУ-н хьакам лаьттира иза а. Зайналбека чекхъяьккхира Кемеровера горный институт, вайн республикехь лаьмнийн ярташка свет ялош, инженеран белхаш бина цо а. ЙоIа Асета дийшира Нохч-ГIалгIайн хьехархойн институтехь. Республикин школашкахь а, институтехь а хьехархочун белхаш бина цо. «Республикин хьакъйолу хьехархо» аьлла, сийлаллин цIе а елла цунна.

1958-чу шеран аьхка Соьлжа-ГIалин йистерчу Мичурин поселкера меттиг эцна, цIабирзира Анун доьзал.

Реабилитацина юкъавахна цIавеара Iазиз а.

Вайн махкахь мелла а паргIата еанчу заманчохь баха а, шайн доьзалах ирс эца а цхьа кIеззиг хан тоьира цу шинна…

 

Р.S. Вай даиманна а дозалла дан догIу луьрчу Сибрехахь шайн доьзал хене баха а, царех шайна а, юкъараллина а пайдехь адамаш кхион а хьуьнар тоъначу нохчийн зударех. Уьш цIершца бийца дуккха а хир бара. Цундела ца яьккхина ас сайн турпалхочун Анун фамили. Оьшучунна йолуш ю иза а. Кхин дIадерг хилларг а, лелларг а ду.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.