Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Зайба Печать Email

Султан Яшуркаев

 

Т1аьххьара кхуьнан дег1ах схьаболу шурин т1адам лекъна, тахана кхоалг1а де ду. И стомара хьалхарчу буса а, 1уьйкъехь а, 1уьйрана а яра. Кхуьнан карара ялх бутт кхаьчна к1ант тасалой вакха а векхара, вузан а вузура. Шина дийнахь кху балхах ца тешаш и т1е ца эцалуш, шен некхах ка етташ, и к1анте кхийдош хьийза х1ара. Мацвелла к1ант воьлху, нанна реза воцуш, оьг1азе некхах тасало, амма ца йог1у шура. Шен х1инцца яла къедина церг туьйсу беро некхах.  Х1ара лазайо. Юха, воьлхий-воьлхий, вукха некхах лета к1ант, цунах а т1адам ца болу. Йоьхначу кхуо а детта юх-юха шен некхах ка. Ша а дозалла деш, даш санна беза, цкъа дакхийна бер юха дакхон хан кхачале буьххье шуьрен т1адамаш лелхаш хилла кхуьнан ши накха, есса ши моьрдиг хуьлий оллало, карзах хьийзачу кхо 1овдий шаьшша д1ахецча, шайна чохь ягар а лур йолуш хаало малъелла, чуьра т1ум д1аяьлла шурен екхоаш. Х1ара шен ц1енкъа ча диллина биллинчу меттара а г1оттий, йоккха, шийлачу чоьнан лаьттан ц1енкъахула к1ант мара а къуьйлуш чоь ма-ййу карзахе д1асахьийза.

Арахь даржа г1ерта са х1инца а чу кхачаза ду. Ц1енкъахь, йолу-йоцург к1ел-т1етесна, хьаьрчина деха адам а, х1ара а ша-ша йоккха горга бодане хьоькхнаш хета. Цу хьоькхнаш юккъехула лелаш ю х1ара. Т1ейоьдий, не1арехьа лаьттачу доккхачу чермичуьра хи молу кхо. Ца деззашехь, дуккха а молу, некхе шура йоссаре дог дохуш. Беран маьхьаро самавоккхий, бйшанчех цхьаццаверг ша волччохь меттах хьов, амма г1елделла адам са а хилале дижинчуьра ца г1атта г1ерташ 1а.

Наб кхетта-м к1езиг хир ву. Семачара ойла йо: хьалаг1аьттича волавала веза, т1аккха дег1ера, иштта а к1езиг болу, ницкъ кхин а оьшур бу. Адам, экха, олхазар, чохь са долу х1ума  1уьйрана г1аьттича, шена даар лаха дезаш, лехна делахь, цунах кхета дезаш ду. Кху чохь болчийн и лехна я охьадиллина а, я лаха меттиг а яц. Кхарна юккъехь жимма а доьналлехь, болхана пайдехь верг тоххарехь колхозан бригадашка д1асаваьккхина. Уьш шаьш болх беччохь 1аш а бу. Кху чохь баккхийнаш, бераш, цамгаро лаьццарш, карахь жима бер долу х1ара карзахъяьлла хьийза Зайба а ю. Кхеран бовла меттиг яц, ишттачех биргадашкахь дан х1умма а дац. Х1орш х1ора дийнахь цхьаъ-шиъ леш бу. И хаан а хууш 1адда а битина, битина аьлча а, д1акхиссина. Наггахь, дог лезначу казахо, керстано, ша гуча ца волуш, арахь не1аре картолийн чкъоьргаш а, хича йоьллина нарс-помидор а, суоса деман кхалларан юьхк юьллуш меттиг а нисло, амма дукха ца нисло ишттаниг. Шайна лачкъон аьтту баьлла кара х1ума еача, биргадехь болчех стаг а вог1у. Ишттаниг а наггахь хуьлу. Кху чохь цхьацца волчун гено-о шен дег1ах д1абиллина к1ен, берцан, суосан буьртиг а бу. И маса бу хуур дац цхьанна а. И буьртиг шегахь болчунна а ца хаьа, я хаан а ца лаьа. Уьш дагар дича, маса бу хиъча, цунна ша мацалла маца лийр ву хуур ду, и хиъча кхин а хьалхе лийр ву.

Цхьангахь-м ц1ера еана туьха тесна мохь а ю… Мунц1ехь ю. Амма и цуьнга йоьхур йолуш а, я цуо и лур йолуш а цхьа вац кху чохь. И ца луш-м, кхо де хьалха, Зайбин шура лекъначу 1уьйранна, Мунц1ас шен шича а валийтина. Эцца ц1ийна т1ехьа ву важа, лайла д1авиллина. Кхин дуккха а бу ц1ийна т1ехьа-м. Уьш лаьттах д1абохкалур бац кху чуьра цхьаьнга а. Г1орийна, зайл санна ч1ог1а ду латта.

Дуьхьал даьлла латта нохчашна, велларг а т1е ца оьцуш. Уьш кхано, г1урано д1ахецна и малделча, биргадехь болчара д1абухкур бу. Кхаьрга шайна юкъара дакъа халла арадаккхало, лайк1ел д1а а нисло. Далла хастам беш 1а, шайгахь и де долуш а. Ж1аьло ж1аьла дуун олун бутт март бу арахь. Кхеран хьесапехь и чекхболу-уш боллу, амма и мухха делахь а, арахь ло ду. И шийла а, г1орг1о-о а цхьа дистина хеташ а ду, доьзалхочух йолу зуда санна, дазделла. Цунна к1елхьара хьалаг1ерта б1аьсте хир ю и дестийнарг.

Чу г1аьххьа садаьржа. «Цхьаммо а х1умма ца йиллина-те», – олий, Зайба к1ант а карахь арайолу. Х1умма а ца карайой, ша йоьхна йолчу т1е а юхий чуйог1у. Зайбас-м эцца йиллина х1ума карийча а, шена юур яц, х1ара, мелхо а, и х1ума йиллича схьа а оьций массарна а д1асакховдош ерг ю.

Юрт тиша а, г1алийна генахь а ю. Зайба-м, и мел генахь елахь а, к1ант кара а эцца, къайллах г1ала д1аяхана хир яра, яхан де долуш а яра, цкъа и дан  тоха а елира. И дагахь а долуш, чу д1асахьаьжира х1ара. «Ма г1о, хьо тхуна оьшуш ма ю», – бохура, чохь болучеран  б1аьргаша, хьуьлла сонехь, х1инца санна, т1ехьа верзина шен мохь 1уьйшуш воллучу Мунц1ин б1аьргаш боцучара. Т1аккха ца яхаелира х1ара. Кхуьнан ц1е ма ю: Тайсуман Зайба, Тайсуман ц1е ма яра Жембикан Тайсум, Жембикан ц1е – Б1агийн Жембик…

Б1агийн ц1е Нохчийчуьра араяьлла, гонахьара мехкашкахь а лелаш яра. И ц1е хезна веана бохура, Б1ага волчу, шеца кхузткъа динбере а волуш ж1айн эла. Б1ага волчохь дууш-молуш хьешан кхо де-буьйса даьккхина, Б1ага вевзина, Б1агийн г1иллакх-оьздангаллин тидам бина, ша ж1айн санна, ночийн эла хила веза хьо а, аьлла бохура цуо Б1агига. «Элий лаьш болчохь бен ца хуьлу», – аьлла бохура Б1агас.

Б1агин Жембик волчохь сецца бохура, де эшна, шена х1ума тасийта веана стаг. Цуо ша беана некъ бийцича: «Ша волчу веана стаг т1аьхьа а х1оттийна, саг1а доьхуш лелаш ву Б1агин Жембик», – эра ду шена аьлла, шен жах цхьа кийсаг схьатохийтина, и хьалха а яьккхина вахийти бохура и миска.

Атаг1ан арахь, махкара к1ентий вовшах кхетта, нийсалла топ-тапча кхуссуш, говраш хохкуш, кхин доьналла, жигаралла гойтуш къовсам хуьлуш хилла цу заманахь. Цхьа ша к1орга баьккхинчу к1агчу диллина паччахьан детин эппазна тапча кхета бохура кхузткъа шаре ваханчу Б1агийн Жембикан, хехкина йог1учу говра т1ера хьажайой.

Эвларчу йо1е эвхьаза забар йина аьлла, паччахьан къорза эпсар, пурстоп, зударийн г1абалех а кечвина хелха ваьхна бохура Жембикан Тайсума. Тайсуман виъ к1ант Асланбек Шариповн б1онехь воьжнера. Кхоъ воьжча ц1а веана воьалг1ани, човхийна юха вахийтинера Тайсума.

Тайсуман доьзткъа шо кхаьчча ялийначу Закийн Елимата йина яра Зайба. Цхьаъ бен яцара и Тайсуман. «Къонахчуьна даь1ахк йолуш, лаьттах ког тоьхча хи доккхур долуш ю» олура Зайбина.

Зайба хит1а яхача, бухахь каравора Микаил. Цуо къамел дора, Зайбас шен юьзна к1удал шовдана к1ел т1ехъоьхуьтура, Микаилан курачу дино шовданан тархах берг еттара. Зайбе «ладог1а шен берече» бохург дара и цуьнан.

Цхьана сарахь Решед веара шовдане. Цуьнан дин а бара кура. Решед къуьнан Бисолтана к1ант вара, Бисолта – къунан Болатан, Болат – къуьнан Байгин. Амма къуьн Бисолтанан к1антах ц1ен эпсар хиллера, хант1ехь тапча лелон, 1аьржачу т1ерсаган духар духа, хурашкин т1ехь ц1ен седа лелон бакъо йолуш. Сарахь шен чохь маьрша вижнарг, Решедаг1ара г1аттавой вуьгуш, вигнарг юха ц1а ца воьрзуш яра зама.

Микаил хьаькам вацара, ша воллу нохчи хилар бен, цуьнан тапча кисанахь лелош яра. Рашеда къамел говрара ца вуссуш дора. Кура дора. Сиха д1аяхара Зайба .

Юьртарчу 1елиман Аьлбика кхайкхийтинера Решедана дуьхьал хаан. Важа шен жимха йолчу йишийца еанера. Альбике шен синкъераман г1уллакх хьахийна, Альбикас и т1е лаьцна х1орш самукъадоккхуш 1аш, Албикийца еанчу йише а хьахийнера Решеда сикъераман г1уллакх. Юьхь1аьржа х1оьттина ши йо1 чуьра еддера. Оьг1азваханчу Решеда цу буссехь, кулак ву аьлла, лацийтина 1елим кхин ц1а ца вирзира. Решеде салам ца дала цунна пе тухуш бовлура нах. Иштта цкъа ша вог1уш, шега салам ца дала нацкъара ваьлла, моун дитташ юкъавахана луларчу юьртара воккха стаг тапча тоьхна охьавиллинера Решеда. Цу стеган к1ант а хиллера Решедаг1арца балхахь. «Хьан да боху и ж1аьла ас дийна 1уьллуш ду хьуна хьуьллахь», – аьллера Решеда к1анте. Дуьхьал вист хила а стаг ца хилла бохура важа.

Шоллаг1чу сарахь а веара Решед хийисте, цуьнан юьхь-дог ца еш сихха яхара Зайба.

Кхозлаг1чу сарахь хийистехь дуьхь-дуьхьал кхийтира Микаиллий, Решедддий. Цу шиммо Довта-дукъахь чучча дой хаьхкина вовшийн тапча тоьхнера. Решед динара воьжнера, Микаил шечо ц1а кхачийнера. Цу буссехь, шен чевнаца, 1едалхий, Решедан нахаххий пе тоьхна, юьртара къайлавелира Микаил, кхин Зайба ган хийисте а ца веара. Б1е шарал сов ваьлла Тайсум г1ала оьхьавигира, кхин юха а ца веара. Соьлжан бердах чу эчиган апарий а диллина, Решедаг1ара болх бечу х1усаман лаьттах йолчу чоьнашчуьра саццаза оьхучу ц1ийх д1аийра Тайсуман ц1ий а. Къонахийн зама д1аяьллера, цундела д1алахьош а бара.

Ши шо белхаран боданехь делира Зайбин. Микаил а вацара хаалуш. Цкъа, «Зайба дакъазаяккха ца лаьа шена», – боху аьлла, хабар кхийтира Зайбах. «Жембикан Тайсуман йо1 дайн 1адат т1ера яьлла боху ц1е ца езара шена, ша хьалхалера Микаил велахь, ша д1айига вола ала, дакъаза ма валарга», – аьлла, хабар д1ахьийтира Зайбас Микаиле. Шоллаг1чу буса веара Микаил. Х1ара, йоьддашехь, Лекха эвларчу моллига мах а бойтуш, цуьнана ц1арт1е елира.

Ловзар, гуьйренан йочане дийнахь, Нохчамахкахь вехачу Микаилан доттаг1чо Ойбас дира. Ловзарна го лецира Решедан доттаг1аший, гергарчарий. Нускалан кирхьан т1ехьа, кхуьнан метта, юьртара къена жеро а х1оттийна, 1аьржачу буьйсане кховдийра нохчамахкоша х1ара шиъ.

Цкъа туркойн махка, мацах паччахьо цига бохийначу нохчашна т1е даха, новкъаделира Микаиллий, Зайбий, амма Даймахкан зил а ца хадабелла юха дирзира. Дуьне доккха дара, амма оццул долчу цунна т1ехь цхьа жима к1айдарг бен йоцу дай баьхна латта ца диталора. Цу к1айдаргах ца далалун х1ара шиъ, сема буьйсанаш йохуш, кхерстара, цхьана хьехара вукха хьехе долуш. Кхо доьзалхо, цхьа а шаре ца волуш, кхелхира кху шиннан. Доьзалхо мел хуьлу, Микаил х1ара цхьана эвла д1атаръян г1уртара, амма х1ара дуьхьалйолура. Воьалг1а доьзалхо, х1ара керахь верг, дуьненчу вала хан герга яхача, Микаила х1ара дуьххьара човхийра. Сербила эвла а йигна шен ненан мехча Ану йолчохь йитира. Шен йо1 санна, т1еийцира х1ара Анус. Беттан коьртехь буьйса яккха Микаил а вог1ура.

Кху карахь волчу Мусайн биъ бутт кхочуш юьрта салт воьссира. Цхьана 1уьйранна адам салазаш т1е а дуттуш юьртах даьккхира. Х1ара цкъа салаза т1ера охьа а иккхина ядан а едира, амма т1аьхьа кхоьссинчу тоьпо сацийра. Шен са лардан ца йирзира х1ара юха, беран син дуьхьа йирзира. Кхуо дош деллера Микаилна, х1ара к1ант ларван. Букъа юккъе тоьпан бух а тухуш, салаза т1е теттира х1ара салтийчо. Чеха а йора, амма кхунна цуо х1ун боху а ца хаьара, я цуо бохучуьнца бала а бацара.

Органан тог1ехь цхьана яккхийчу машенаш т1е даьккхира адам. Ша шен махках х1унда воккхуш ву ца хаьара цхьанна а, я тахана а ца хаьа.

Кхузахь болчара-м нохчий немцошкахьа бевллера бохуш дуьйцу боху. Масех шарахь, мосуьйттаза Нохчийчухула чекхъяьллачу кхунна цхьа а немцо гина я цара Нохчийчу ког баьккхина аьлла а ца хезнера, Германний, Сталинний т1ом беш ву олуш хазар доцург.

Велха к1ордийнехь я к1адвеллехь к1ант д1атий. Цунна наб озийча жимма метта еана Зайба, и охьа а вуьллий, пеш латон х1утту. Ц1е хьалха г1аьттинчо латайо, хьалха гуттар а х1ара г1отту. Кху чохь кхин карахь бер долуш зуда а яц. Хиллачийн тоххарехь делла, церан наной биргадашка болх бан д1асабигна. Х1ара а яхара биргаде, амма, к1ант а гехь, кара бел а эцца д1ах1оьттича, вист а ца хуьлуш, карарчу шедан кхожун юьхьиг хьажийра биргадиро юьрт йолчу аг1ор. Бер гехь х1ара йоцург а, шортта бара цунна бацон нохчий. Куьйга эшарехь дехар дира кхо цуьнга, амма к1ад ца делира вукхуьнан дог.

 

Кху чохь Зайба баккхийчарал жима а, кегийчарал йоккха а ю. Ану елла дисина дарийн юрг1а а, шен лергара дашон ч1агарш а, Анун бохчийчохь карийна х1оьънаш а, паччахьан дато ши сом а, ша четахь лелош хилла Микаилан шаьлтан дато ботт а кхо йоьхкина, аьлча а, шуреххий, ялтийн цинцеххий, цхьана даьттан стаканхий хийцина.

Т1аьххьара шаьлтан ботт хийцина дукха хан а яц. Цу 1уьйрана: «Тахана марха досту де ду-кх вайна», – элира, д1о сонехь хьаьрчина 1ийначу Мовтас. Иза массарел воккха а, дешна стаг а вара. Ша хьалаг1атталуш вацахь а, шега эца ца лахь а, ша воллучохь, чуьра т1ум а, г1ора а д1адаьллачу настарш т1е корта а тухуш ламаз дора цуо.

Мухха хаахь а, цунна муьлха де ду а хаьара. Цуьнгахь Къуръан а дара, цунна т1е хьажа а г1ертара и, амма б1аьргах духку куьзганаш ц1ахь диснера Мовтийн. Шена дагахь хуун сураташ я аяташ хир дара цуо доьшурш. Нохчийн къомана т1ера доьшу ша бохуш, гуттара еса а доьшура. И ду, олура, леш долчу адмана оьшург.

Ша марха досту де ду аьллачу 1уьйрана т1екхайкхина Зайба шен г1овталан сахьт дуьллучу кисанара схьадаьхна массарна а цхьацца кхочуьйтуш хьаьжк1ийн буьртигаш декъийтира цуо.

Зайбийн хьесапца, стохка марха дастаре диллича, иза марха досту де а ца хуьлура, делахь а, Мовта дешна стаг ву, цунна дика хуур ду аьлла дитира Зайбас шен хьесап.

Цу 1уьйрана цхьа сирла яьллера Мовтийн юьхь а, хьаьнцца дахь а, цхьа къамел а дара цуьнан деш. И цуо цкъа 1арбийн маттахь дора, цкъа ночийн: «Шега кхайкхинарг, хезар ву ма аьллера Ахь. Нийсачу новкъа воьдург суна дика вевза, ма аьллера. Вон деш берш суна ца беза, ма аьллера. Гайтахьа Айхьа харц берш совцо кечдина барголаш, бехка кечйина з1енаш»…

Зайба т1аьххьара а кхийтира, Мовта шена хьалхара Къуръан адамана даийтинчуьнга къамел деш хиларх. Кхо яхана, дела балийца, дехьо-о дехачу цхьана доккхачу шина стагаца шаьлтан ботт хийцира цхьана даьттан стаканхий, суосан деман кедаххий. Цунах худар дира. Х1оранна а цхьацца 1айг худар кхочуш марха даьстира кхара. Цу сарахь тийна, узам боцуш кхелхира Мовта. И Зайбас ша виллира ара а вехьна лайла. Къуръан а цуьнан чета диллира.  Пиллиг санна, дайн дара Мовтийн дег1.

Самаволий к1ант юха а велха волало, аьлча а, иза-м белхар а дац, цхьа, Зайбийн син массо а пха изош, узам бу. Пешахьалхара д1ахьодий иза кара оьцу Зайбас. Ненан карахь к1ентан узам алссам болу, амма юха шен г1ийлачу эшаре боьрзу. Х1ун дер ца хууш д1асайолий, бага хи а оьций ч1ечкъана г1аьттинчу к1ентан бага т1адамаш ледадо Зайбас. Важа д1атоь, амма шена бага ледарг шура ца хиларх сихха кхетий, велхаозаво, юха а, онда велха ницкъ ца хиларна, хьалхалеррачу узаме воьрзу. И мара а къовлий, дагахь орца дохуш, чухула хьийза Зайба, юха, охьа а вуьллий, шен корталех ка тухуш арахьоду.

Цхьа хан яьллачу хенахь, коьртара х1ума яьккхина, яьржанчу месашца, куьйган пхенаш сендина, некъа т1е та1ийначу горгачу баьпкан булканан юьхкаца, т1аьхьа хьоькхуш мохь а хезаш, чу эккха Зайба, не1аран еза эчиган ч1уг чехка д1а а тосуш.

Т1аьхьа йог1у адамийн г1овг1а не1аре кхочу. Дикка девнан маьхьарш хеза арара. Юха уьш г1еллу-уш г1елло, дов дохьуш баьхканарш д1абоьлху. Зайбас ц1ийзаш витина к1ант, массо а пха сен а белла, тийна 1аш ву, наб кхетта вац, юьхь т1ера к1оргга чу боьжна ши б1аьрг г1ийла биллина бу.

Ка тухий к1ант кара а оьций, шен месаш, цхьаммо-м коьртара даьккхинчу, амма кочахь дисинчу, йовлакха к1ел а ерзош, ша деанчу баьпкан цуьрг йоккхий и багахь 1овший лам а дой кхалладо Зайбас берана. И халла логал чоьхьадоккху вукхо. Шоллаг1а лам а иштта д1акхоллу. Кхоазлог1аниг ч1ег1ий ара тосу. Шен чета кховдий, цхьа жимо банка схьайоккху Зайбас. Кхуо и моз хиларе сатийсинера, амма банкийчохь, берамна кечбина саьрамсекх санна, аьтта х1ума ю. Чу п1елг 1оьттина чам баьккхича, цхьа даго т1е ца оьцу к1олла хаало цуьнца. И, берана яла мегар йолуш х1ума ца хиларна вас а хуьлуш, юьстах юьллу Зайбас.

Ша ара хьадча, масийтта ц1ийнан не1 йоьллий чу хьожуш, д1асаидира х1ара. Т1аьххьара не1 йиллича, хевшина х1ума юуш цхьа доьзал гира. Цаьрга йист ца хуьлуш, дехьо-о лаьттачу жимачу стоьла т1ехь шен б1аьрг кхеттачу баьпкан юьхкана т1екхийтира, цунна уллехь лаьтта банка а схьаийцира. Чохь берш кхунна т1ебеттабелира.

Уьш кочахь а болуш ара хьаьдира х1ара. Д1асатохаъелла, харц а, бакъ а церан карараяьлла ц1ехьа хьаьдира. Уьш дукха чуг1ертар боций хьаьа Зайбина. Не1 йиллина йитича чоьхьа бевр барий а хаац. Цаьрга, нохчийн кху юьрта буьссушехь хьедина, уьш акхарой ду, цара бен ца хеташ стаг вуьр а ву, вуур а ву, немцошкахьа бевлла вайнчарна дуьхьал т1ом бина а бу, аьлла. Цундела нохчех озалуш бу юьртара нах.

К1ант тийна 1а. Т1аьхь-т1аьхьа и ца дезаш саготта ю Зайба. Х1инца кхунна и велха, меттах хьоьйла лаьа. Тийналло салуьйцу ненан. К1ант меттах хьаво, д1ахьарчийна х1уманех схьавосту. Сийсара дуьйна х1ума а ца т1адийна цуо. Вочадаьллачу дег1ан чкъор деса ду. Т1едевлачу, серий санна дуткъачу, п1ендаршна чекх са го.

И ца лалой, юха а д1ахьарчаво Зайбас к1ант.  Дехьо-о, меттахь хьала а хиъна, кхо еанчу баьпкан юьхка т1ера б1аьрг ца боккхуш 1а ворх1-барх1 шо долу шалавина, нана елла висина, Хьасанний, Хьуьсейнний, Селиматан ши к1ант. Цу шиннан б1аьргаша меттах йоккхий, к1антана уллера хьалаг1отту Зайба.

Схьаоьций баьпкан юьхк, дуткъачу цастаршка а хедайой, уьш массарна улле цхьацца охьадуьллу.

Т1аьххьара диъ цастар Хьасанний, Хьуьсейнний д1ало. И шиъ цастарш д1а а оьций, цкъа кхуьнга хьоьжу, юха кхуо юьстах йиллинчу банке. Эххар а церан хьежарх кхетий, яалур йолуш х1ума юй хьажийша олий, банка а д1акховдайо Зайбас шина к1анте. Х1ара юхаерзале банкийчу баьпкан цуьргаш 1итта волало и шиъ.

Дохийна халкъ далош йог1учу шалонашчохь цхьацца сонехь 1уьргаш а даьхна, дуьхьал верта я юрг1а тосуш, божаршна а, зударшна а ц1ано ян меттиг нисъйинера. Кхин, ва Дела аьлла, цу т1ехьа ца йоьдуш, ша шена ницкъ бина елира кху шина к1ентан нана Селимат.

Х1ара цу т1ехьа яхара. Яхача Жембикан Тайсуман йо1ана, Микаилан х1усамнанна эхь дуй хуъушехь. Яхара ша Микаилна х1ара к1ант ларван дош даларна.

К1ант д1аохьа йоьду аьлла бахьана лехира шена. Амма Селиматан а ма вара ши к1ант, цунна а ма дара и бахьана, амма цуо схьа ца ийцира и бахьана, кхуо санна. Цундела, Селиматан яларан бехк шен болуш санна хета Зайбина. Селимат кхул йоккха яра, х1етте а, бахьана ца лехира цуо шена. Х1инца кху шина к1антах жоп ша дала деза аьлла, ч1аг1делла кхуьнан дагахь. И жоп луш а ю шен ма хуьллу.

Цхьаммо-м не1 туху, юха кхойкху:

– Зайба! Шу дийна дан а дуй, Зайба!

– Ду дера, ду дера, – йоьдий ч1уг д1айоккху Зайбас.

Чуволу Хьасбек. Дег1ана эшна велахь а, х1айт-аьлла жима стаг ву Хьасбек. Ишттачара латтош бу кху чуьрнаш. Х1ара ворх1 километр ведда веана цхьаъ яхьаш. И еанарг охьа а йиллина, ша биргадехь коьртах валале юха вахан деза кхуьнан.

– Муха дохку шу, Зайба? – кхуьнга хьал-де а хоттуш, йоккхачу пеша т1ехьа волий, шен дег1ахь д1алачкъийна берцах буьзна, зударийн бохччел болу, т1оьрмиг схьабоккху Хьасбека.

– Иштта 1а тхо-м, Хьасбек. Шу долчохь дуй х1умма а? – аьлла х1ара ялале, пеша улле лаьттачу йист иккхинчу текха шен т1оьрмиг а бассабой:

– Х1ума дац, Зайба. Х1ан, со хьело. Кхана а, Дала мукъалахь, цхьаъ вог1ур ву шуна, – олий, д1авов Хьасбек. Ши к1ира хьалха, х1инца х1ара Хьасбек санна, веана Несарсолтий, Зайндий, шаьшша деанчу суосан буьртигашца схьа а лаьцца 1едало д1авигна. Цу шиннах кхин хезаш х1ума а дац. Царел хьалха кхин маса вигна…

Юха а к1антана т1е йоьду Зайба. И наб кхетта я воьлхуш вац, ша ма 1арра тийна 1аш ву. Чуьра ц1ий дайна балдаш къевлина ду. Багара схьатесна, иръеллачу ч1аьнга к1ел 1уьллу шена кхаллийна баьпкан лам а.

Цхьана х1уманах тийсалуш санна ду хар ден саде1ар а.

Кху деношкахь даге г1ерташ, амма кхо чу ца буьтуш, гонахь хьийзина кхерам х1инца кийрахь массо меттиг д1алоций, цкъа шийла ша, цкъа йовха ц1е хуьлий, массо а меженах хьерча.

Цу ц1арца т1екхетий, к1антах хьаьрча Зайба. Аз доцуш, шен кийра харцахьа бохуш, мохь хьоькху.

И мохь кийрахь лаьтташехь, дагахь цхьа сацам бой, к1ант а карахь хьалаг1отту. Г1ан-набарх санна, меллаша арайолий, юьрта юккъе боьдучу ураме йолу. Йоьддашехь ша хьалха бепиг дадийна йог1уш дожийна коьртали а карадо, лайла а хьаьшна 1уьллуш. Иза шена т1аьхьадаьллчу орцано д1адаьхьна хир ду моьттуш яра х1ара.

Оьрсийн маттахь к1езиг дешнаш хаьа Зайбина. Амма мухха а кхуьнга цхьа ши дош вовшах тасаделла. И шиъ кийчча ду кхуьнан ша дуьххьара т1еяханчу ц1ийнан не1 йоьллуш:

– Возьми тебе! – олу кхуо, шен карара к1ант д1а а кховдош, чохь болчаьрга. Х1ара ара а тоттуш, шайн не1 т1еч1ог1у вукхара.

– Возьми тебе! – кхунна дуьхьалхьаьдда пешан йовхо ара ца йолуьйтуш, не1 т1еч1ог1у вукхахь а.

– Возьми тебе!..

– Возьми тебе!..

– Возьми тебе…! – къора йина Зайба цу шина дашо, амма цхьаммо а жоп ца ло цу шинна.

«Сох ца кхета-те х1орш» олий:

– Хьайна д1аэца…. хаза бер ду хьуна х1ара… дакхийча, шура елча лийр ма дац х1ара… воккха хир ма ву… к1ант хир ма ву хьуна… – т1етуху Зайбас нохчийн маттахь. Амма иштта аьлча а ца ло цхьаммо а жоп…

Цхьаццанхьа кхуьнан чета баьпкан цастар 1уттуш, цхьаццанхьа картол кховдош т1еч1уьйг1у наха шайн не1. Хийла не1 ч1уг тесна ю, кхуо мел еттарх а ца йоьллуш.

– Возьми тебе… возьми…. Адам ма ду х1ара, хьо а ма ду адам… цхьа Дела ма ву вайн…     Ша еза варзапаш етташ хета Зайбина неха ч1аьг1начу не1арш т1е… Т1ееанчу буьйсано можа таммаг1аш летадо нехан ц1ийнан корашкахь. Ц1еран т1е полла санна, корийн серлон т1е еттало Зайба, шена не1 ца йиллича.

Кхуьнан карара, х1ара адаме, дуьнене кховдо г1ерта к1ант-м велла. И ца хаьа Зайбина. Кхуьнан и, цхьана адаме д1авелла, вакхавайта везаш ву, и ца валийта цунах яла реза ю х1ара…

Возьми тебе!..

– Возьми тебе!..

– Возьми… сох ца кхета шу?! Сайн бер д1а ма ло ас, х1ара дакхийначунна… кхунна шура еллачунна… кхуьнан дена дош ма делла ас, х1ара ца далийта… Д1аэцийша…. мел хаза ву хьовсийша… Адамаш дац вай… Нана ма ю со… дикачу тайпана… Жембикан Тайсуман йо1 Зайба… Оьздачу ден, оьздачу тайпана волчу Тимийн Микаилна ма вина ас х1ара…

– Возьми тебе… возьми… д1аэцийша… сох ца кхета шу?! Адамаш дац вай…

 

Къорачу эвла юккъехь лаьтта буьсий, Зайбий…

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.