Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Iожаллин гона йистехь. Гена некъ... Печать Email

Махаева Жовжан

 

Цхьа а политика а, я вай махках дахале хьалха б1ешерашкахь вай вешан Даймахкахь парг1ата, хьанал къахьоьгуш, даха ца дуьтуш, нийсо йоцуш, бакъо йоцуш вай хьийзадар а дац, цкъачунна,со дийца сихъелларг. Дала сайн хан яхъяхь цуьнан а ойла йир ю аса. Ткъа х1инца ас дуьйцур ду вай махках даьхна гена, ца бевзачу махка д1адуьгуш, цу бехачу новкъахь гинарш, лайнарш, хезанарш.

Со набкхеттачуьра самаяьлча тхо цхьана чохь дара. Х1инца ойла йича, схьахетарехь, ткъа метр еха а йолуш, барх1 метр шуьйра а йолуш (20Х8) чоь яра-кх иза. Суна-м иза божалах тера хийтира.

Со ч1ог1а цецъяьллера. Кху чохь юккъехь лаьтташ цхьа аьчкан пеш а яра. Вагонан цхьана маь11ехь цхьа не1 а яра. И не1 йолчу аг1ора, вукху маь11ехь, хьо хьала а кхочур воцуш лакхахь, цхьа жима кор а дара( 50 х 50cм ) хир долуш, иза а решеткашца д1акъевлина а дара. Кхин цхьа а х1ума яцара кху чохь: я маьнга а, я стол а, я г1ант а. Бежнаш д1аса лелош болу поездаш хиллера-кха уьш.

Кху чохь дукха луьста адамаш 1охкура: пенах д1атаь1на 1аччохь набарш кхетта а, хевшина 1аччохь набарш кхетта а, лаьттахь, к1елтесина х1ума йолуш а, йоцуш а д1адийшина а. Адамаш дукха хиларна ког хецна вижа а, я г1уллакх хилча юккъера д1аса вала а меттиг бацара. Кху чохь оццул дукха долчу зударшний, берашний юккъехь ши стаг бен ван а вацара. И ши стаг а ларамаза висина вара д1а ца къастош.

Тхан поезд делкъа хан хилча а д1а ца болалуш лаьтташ бара. Тхан денанас Алус бахара: « Гой шуна, суна-м хаьара вай цхьанхьа а д1адуьгур доцийла, вай махках дохар доцийла. Вайх д1акъастийна болу божарий бу боху кхечу поездашна т1ехь. Цаьрга бан безаш болу “пачхьалкхан лараме хаам “д1а а бина, уьш шен-шен доьзалех схьа а тоьхна, т1аккха вай ц1а дуьгур ду . Кху поездашна т1е а вай шел ца далийта даьхна хир ду цара. Оццул долу халкъ муха доккхур дара цара махках? Дера тоьар ду-кх цара селханий, стомарий вайн холча х1оттор ъа-м. Цул совнаха, сан к1ант т1ом болабелчхьана дуйна заявлени а делла шен лаамца, шен масех доттаг1чуьнца т1аме а вахана, еза ч евнаш а хилла, ц1а веана. Ши бутт хан бен ма яц иза ц1а веана волу.Цхьа ког бац ала мегар долуш ма бу цуьнан.Ткъа шина 1асанца бен лелалуш а ма вац иза. Массо а вигича а иза а, цуьнан доьзал а буьгур ма бацара цхьана а метте а. Х1инца вайн божарий схьабаллолц бохуш латтош хир ду вай… Оццул къизалла а, харцо а 1едало адамашна т1ехь лело тарлуш а ма дац.» Иштта хабарш дуьйцуш яра тхан денана. Уьш цо дуьйцуш цунна гондахьа а девлла, цуьнга ладоьг1уш дара вагон чохь долу адамаш. Цо дуьйцурш баш бакъ ца хетахь а, цхьа г1алат бевлла дина х1ума хиларе са а туьйсура, оццул т1амехь ц1ий 1анийна, 1едална муьт1ахь а волу, 1едална вевзаш а волу кхуьнан к1ант а г1алат бевлла ца къастийча, д1акъасто йиш а ма яцара, ткъа иштта дерригге а халкъ а цхьа ларамаза хьийзош хир ду, аьлла хетара массарна а.Дикачуьнга сатуьйсура цара.

Тхан дейишас Пет1амата элира: «Мама! Х1ун харцо, бакъо юьйцу ахь, хьуна дицделла суний, сан марзахошний т1ехь, цхьа а бехк а боцуш 1едало х1оттийна йолу къизалла?»

ПЕТ1АМАТАН ДИЙЦАР

 

Иза дара 1938-чу шарахь. Кхо ваша вара уьш: сан ц1индай, цуьнан ши ваший. Дика д1анисбелла 1аш бара уьш. Дика-вон елахь а, шайна чохь 1ен х1усамаш а яра, доьзалаш а бара. Цхьана а вон х1уманца бала а боцуш, шайн хьанал сискал юуш бохкуш бара уьш. Цара пайда беш дерг латта дара. Цу латта т1ехь къахьегча, 1аьнера бовла а, жимма кхидолчу хьашташна дохка а ялта а хуьлура.

Цхьана сарахь, шайн къинхьегаман де чекхдаьлла, адам сада1а чудирзинчу хенахь, оцу кхаъа вешин ц1еношна кхо го тесина д1ах1иттира герзах доьттина долу адамаш. Кхо ваша схьа а лаьцна д1авигира цара. Цара цу кхаъа вешин бахамаш ц1е туьйсуш баго болийра. Цу чохь болу зударшший, берашший а дагийра, араиккхинарг а тоьпаш тухий воьра. Тхан дейишин шен жимачу шина бераца хьаьжк1ийн такхорах йола ка елира. Шаьш бахамаш багийна бевлча цу хьаьжк1ийн такхорех ц1е тийса буьйлабелира и «акхарой» Тхан дейишин кхин-марвешин зуда лулахошка яхана хиллера. Цунна генара схьа гинера шен х1усамах а, доьзалах а хуьлуш дерг. Амма иза шена яла ца лаахь, гуча а ца йолуш 1ад 1ан езаш яра. Ч1ог1а елха а йоьлхуш лечкъина йоллуш яра иза. Тхан дейиша-Пет1амат шен жимачу шина бераца хьаьжк1ийн такхорах а йоьлла д1алечкъаш гира цунна. Т1аккха и «акхарой», массо а бахамаш багийна а, массо а х1аллаквина а шаьш девлча, хьаьжк1ийн такхорех ц1е тийса буьйлабелира. цхьадика, дала ка яьккхина и ши беррий, Пет1аматтий цу такхора юккъера схьа а даьккхина лулахойн раг1ук1еларчу орчу д1а а лачкъийна, уьш кхо адаммий, шай – шаьш диъ адам 1ожаллех к1елхьара даьккхира тхан дейишин кхино- марвешин зудчо. Х1инца и ши бер а кхиош 1аш яра-кх тхан дейиша – Пет1амат.Цу буса д1авигина волу кхо ваша стенга вахана а ца хиира, кхин цхьанна а уьш б1аьрга а ца гира. Цу буса кхаъа вешин кхаъа доьзалера ворх1 беррий, цхьа зудий, уьш барх1 адам дагиний, герз тухуш байъаний х1аллак хилира. Т1аккха кхо ваша а т1ехь цхьайтта адам дара-кх уьш х1аллак хилларш.

Цул т1аьхьа дикка ханъяьллачу хенахь цу вежарийн верас воьллера шен гергарниш х1унда х1аллакъбина хаан. Цуьнга 1едалерачу стага аьллера: «Уьш обаргаш т1елоьцуш хиллера. Нагахь хьо церан гергара вуйла хаахь хьуна а царна хилларг хир ду хьуна. Хьо церан гергара вуйла а ца хоуьйтуш 1ад 1е, кхин кхуза а ма вола», аьлла. Цул т1аьхьа цхьа а адам а уьш хьахо а ца даьхьара. Цу вежаршна а я церан доьзалшна а цхьан а обарг а ма ца вевзара, я цкъа а уьш болчу цхьа а обаргаш а ма ца баьхкинера. Бакъду и бахьана а х1иттош, диках болу нах а тоьлашха болу нах а х1аллакбора цу хенахь. Цу тайпана республикехь цу шерашкахь х1аллакъхилларш эзарнаш бара.

Алуна-м ца лаьара иза къизалла бакъхилийта. Цо бахара: «Иза-м уьш ца безаш болчу наха харц мотт а тоьхна дайтина х1ума дара.

Пет1амат-м ца 1ехалора цу хабарех. Цо бахара: «Мама! Ма хилахьа кху 1едалах сел ч1ог1а тешаш. Хьо бакъ хиларх а, харц хиларх а кху 1едало лоруш а дац. Кхеран 1алашо- вай х1аллакъдар, вай к1азгдар,вайн мохк, вайн бахамаш шайна караберзор ду хьуна.Ца гира хьуна селхана вай машинашна т1ехь схьадалош, охьаоьхучу ц1ийна т1ера 1аь а г1уьттуш, ц1ийлахь вийна 1уьллуш хиллачу вайн лулахочун, 1аьмарбекан дакъа? Вай шадерш а дайарх а кху салташка х1умма а эр долуш цхьан а вац хьуна…» Вай ц1а дигча-м дика дара, амма х1орш бегашийна а, я вай кхеро г1ерташ а лелаш а бац. Иза вайна дукха хан ялале гур долуш а ду, т1е х1инца а гуш а ду, хьо ца тешахь а…» Зударшна Пет1амата дуьйцурш ца дезара, цуьнга аг1ор хьуьйсура уьш.Царна Алус дуьйцурш бакъхила лаьара. Х1ун дийр ду ткъа? Халахеташ делахь а, Пет1мата дуьйцурш бакъхилира. !едалан къизаллин йист ца хиларх массо а дукха хан ялале кхин а ч1ог1а тийшира.Тийшира шайна гуш долчух а…

Дукха хан ялале поезд, б1аь-аь-аь-аь-п1 аьлла меллаша д1аболабелира. Зударшка а, цаьрга хьоьжуш, берашка а маьхьарий девлира. Кералецир-кх оха тхайна ца оьшуш болу беха некъ.

Тхан поезд( маршрутни) боцуш, массо а аьчканекъа т1ехь лелаш болчу маршрутни поездашна некъ бита безаш бара. Цундела тхан некъ ч1ог1а беха жилира. Бутт ца кхоччуш йолчу хенахь д1аихира тхо, поездашна т1ехь. Цул т1аьхьа, т1ехь тхов боцчу, кира лелочу машинашна т1ехь а д1аихира тхо.

Со а, тхан дейишин ши бер а ч1ог1а мацделлера. Сан жимах волу ваша а вара, мацвелла, шен ненах тасавелла и д1а ца хоьцуш воллуш. Цуьнан шолг1а шо дара. Тхан кхехкийна новкъа яьккхина кхо котам яра. Селхана дуьйна дукха кхера делла а, цецдевлла а, юу х1ума юьйцучохь а, я дагайог1учохь а дацара тхо. Ткъа х1инца-м тхо сацатохалуш мацделлера.

Тхан кхехкийна новкъа яьккхина кхо котам яра-кх… Кхин цхьа а ялтех зурх а, я кхин йолу яъа х1ума а яцара тхоьгахь. Цкъачунна ца хаьара тхуна тхайна дуккха а мацалла валлал ч1ог1а меца долуш денош а, еха буьйсанаш а йог1ур юйла, бутт ца кхоччуш йолчу ханна тхаьш д1аэха дезаш дуйла, я кхин цхьана а меттера тхайна яъах1ума хила меттиг боцийла а. Иза тхайна хууш хиллехьара-м хуур дара тхуна тхешан г1уллакх ч1ог1а «Дика» дуйла.

Тхешан кхаъа котамех цхьа котам д1айиира оха. Тхешан мацдаларе хьаьжча-м оха и кхо котам цкъа д1аюур яра. Кхана х1ун хир ду хууш доцудела оха – ворх1 адамо и цхьа котам бен ца йиира. Хьалхарчу кхаъа дийнахь чекхъелира и кхо котам кхоъаеш йиича а. Цул т1аьхьа тхо ч1ог1а меца дара. Шайгахь ялтех х1ума йолуш берш ч1ог1а к1езиг бара тхан вагончохь. Шайгахь ялтех х1ума елахь а иза д1аса кхийдо ца баьхьара уьш, х1унда аьлча, шайн бераш, я баккхийнарш мацалла баларна кхоьруш. Дагадог1у суна, буьйсанна массо а охьа а вижийтина, цхьа зуда чохь лаьтташ йолчу аьчкан пеша т1ехь межаргаш доттуш хилар. Цаьрга сатуьйсуш наб ца кхетара суна. Цул т1аьхьа сан батт ч1ог1а йоьхнера. Тхан нанас хаьттира соьга, х1ун дага еанера хьуна?, аьлла (олуш ма дарий цхьа х1ума дагаеъача батт йолу олий). Суна хьалт1амашший, шура тоьхна чорпий езара, элира аса.

Цхьа чиллан марксетан коч яра тхан ненан шена т1еоьхна новкъа яьккхина. Жимма хьалха дашо хьаса баьккхина а яра иза (цу хенахь зуддарийн бедаршна т1ехь а,т1аьрсакан х1уманашна т1ехь а, берийн аганан кохкаршна т1ехь а иштта цхьацца кхинйолчу х1уманашна т1ехь а говзачу зударша а, зудбераша а хаза- куьце тира йоккхуш (дашо хьаса боккхуш) хуьлура. И коч а елла тхуна ахьар ийцира тхан нанас цхьана зудчуьнгара. Оцу ахьарх таро еш д1аихира тхо цул т1аьхьа, аьлча а мацалла ца делир-кх. И ахьар оха дукхах дерг хьалт1амаш еш диира. Амма суна езна йолу шура тоьхна чорпа-м янне а хила таро йолуш яцара.

Тхан дахаран 1аьржачу муьрехь тхуна цхьажимма сирла хеташ цхьа ж1ума а хилира тхан вагона чохь…

Цхьа к1ант вара тхо долчу вагончохь. Шен дех-ненах, гергарчех къаьстина, ша вара и к1ант. Цхьан а цунна вевзаш волу стаг вацара тхан вагон чохь. Юьртара юьрта, шен деваша волчу, г1аш, воьдуш хиллера иза тхо арадохучу дийнахь. Цигара новкъара схьа а лаьцна, салташа тхо долчу вагон чу валийна хиллера-кх иза. Цхьа а совнаха х1уманаш а доцуш, даима а цхьа ойлане, г1айг1ане хеталора и к1ант. Цу к1ентан ц1е яра Супа. Жима кхо бер а долуш цхьа жима зуда яра тхо долчу вагончохь. Даима а оцу зудчан берашка хьожуш, цаьрца ловзуш хуьлура и к1ант. Цу зудчо шен хуьлачу кепара дола дора цу к1ентан. Шен берашна лург яъа х1ума а лора цо Супина. Супас ша мацалла вала воллушехь, шена елла йолу яъа х1ума, дукхах ерг, къайлах, цуьнан берашна юха д1алора.

Супин дола деш йолчу зудчо ( суна Супа воцчуьнан цхьаннин а оцу вагончохь хиллачийн ц1ераш ца хаьа, цундела кхид1а аьр вай оцу зудчах Зураъ) Супин гергарниш лоьхура. Цу вагончохь волчу шина стагаца барт а бина, х1ора тхан поездана уллохь кхин поезд нисбелча, цу шина стага Супин ден-ненан а, гергарчийн а ц1ераш а йохуш, тхан ца1 бен доцчу, решеткашца къевлина долчу корехула Супин гергара нах а, я дай-наний а дуй шуьца олий мохь тухура. Т1аккха олура, уьш шайна хаалахь тхан вагончохь церан к1ант Супа вуйла д1ахаийта, олий. Цкъачунна цхьан а цуьнан гергарниг кара-м ца винера.

Тхо – бераш – ч1ог1а меца а дара. Юург-м тхайна хир йоцийла хаьара тхуна. Меца хиларал а совнаха, мала хи доцуш, тхо хьогах дара. Тхо хи доьхуш доьлхура. Цхьана дийнахь Супас элира: « Аса дахьар ду хи», аьлла. Массо а Супига цецбевлла хьуьйсура. Хи мичара дахьар ду? Хи долчохь поезд саца а ца бора, нагахь сацабича а тхан не1 схьа а ца йоьллура. Супас ша хи дахьар ду аьпча х1ара телхина-м вац техьа аьлла тарделлера цу чохь болчарна.

Цкъа, сарахь, тхан поезд саца а бина дуккха а лаьтташ бара. Мухха а делахь а корера решеткаш д1аса а теттина, корах цхьа муш а тесина, цу корехула ара ваьллера Супа. Шегахь цхьа кхаба яьккхира цо ара. И кхаба юззина ло а дахьаш дукха хан ялале схьавеара Супа. Муьшах а тасавелла, вагончохь волчу шина стага г1о а деш корах чоьхьа велира иза.

Т1аккха и ло чохь долу кхаба пеша т1е а х1оттийна, цу лайх хи а даьккхина и хи цхьацца т1адамаш кегийчу берашна д1аса дийкъира цо. Цу кхабий чохь деанчу лайх даьккхинчу хих кхачам ца хуьлура. Цул т1аьхьа цхьаьнгара таьлсаш (рюкзак) а дехна цу чохь дахьара ло. Цу таьлсаш чохь деанчу лайх даьккхинчу хих дика таро хуьлура. Берашна мала хи а хуьлура, жим-т1ам чайна меттана кхехко а кхидолчунна а хи хуьлура.

Супас лелочунна Зураъ реза яцара. Цо цунна дов дора: «Хьо стенга ваханера? Хьо схьавале поезд д1аболабеллехь х1ун дийр дара? Хьо, эрна, ца евзачу, адам а доцчу арахь вуьсур вара хьуна. Цул совнаха, поезд ларбеш гондахьа лелаш салтий а ма хуьлу.Оццул бахьана а доцуш мел дукха адамаш дайанера вай арадохучу дийнахь! Салтий т1екхачахь х1ун хир ду хьанна хаьа? Кхин ишта ло ма далахь, бохура Зураъа. Цул т1аьхьа Зураъас ларвора Супа. Амма цхьаьнгге а ла ца дуг1уш, массеран а шена т1ера б1аьрг а туьлийтий Супас кест-кеста цу тайпана ло дахьара.

Цкъа цхьана дийнахь ло дан ваханчуьра х1инццалц санна воцуш, цхьа воьхна хеталуш, ши б1аьрг а ц1ий а бина, ло дахьаш веара Супа. Х1ун хилла аьлла хаьттича, цхьан а х1ума схьа ца дуьйцара цо. Цхьа де даьлча цо дийцира: «Со ц1ена ло эца г1ерташ поездашна дикка гена а ваьлла, таьлсашна чу дуьззина ло а доьхкина, схьаван г1ерташ со воллуш, цхьа масех салтий вара айъана цхьа х1ума а яхьаш, со волчу аг1ора схьавог1уш. Со ч1ог1а кхеравеллера. Жимма суна д1анехьа саьнгар аьлча а, цхьажимма чутаь1ина меттиг яра, жимма цхьа яраш а яра цигахь т1е диллина ло а долуш, цигахь бертал а вижина д1атебира со. Х1инца, Зураъа ма-баххара, 1ожалла т1екхечи-кха, аьлла хетаделира суна. Со меттах а ца хьовш 1уьллуш вара. Суна т1екхачале цхьажимма д1анехьа йоккханиггий, жиманиггий ши х1ума охьайиллира цара – салташа. И салтий сихха д1абахара. Со схьавог1уш со ца 1авелира уьш х1ун ю ца хьаьжча. Ца1 къена воккха стаг хиллера, важа жима, схьахетарехь, шо кхачаза бер хиллера. И ши дакъа эрна арахь, цхьажимма т1е ло а хьаькхина дитира салташа. И воккха стагга-м суна х1инца а чохь са долуш хийтира.Цунна дара-кх со кхеравалар а, со велхар а», аьлла дийцира Супас.

Цул т1аьхьа ши-кхо де даьккхира Супас ара ца волуш. Амма бераша хи доьхура.Цхьана дийнахь поезд д1а ца болалуш дуккха а лаьтташ бара. Массеран а т1ера б1аьрг а тилийтина Супа ло дан араваьлла хиллера. Таьлсаш лай х дуза а дуьзина, корах ло чу а делла, корах чу вала г1ерташ воллура Супа.

Цуьнгара ло схьа а эцна, Супа хьала воккхуш нах бохкучу хенахь, дукха салтий чулилхира, айъана кийча герзаш а долуш. Катоьхна цо чуделла долу таьлсаш схьаийцира цара, Супа а схьалецира, хьо х1ун яхьаш вог1ура, аьлла.

Х1етахь нохчашна баш оьрсийн мотт а ца хаьара. Ткъа Супа-м жима бер ма дарий, цхьайтта шо бен кхаьчна а воцуш.

Лулара вагончуьра оьрсийн мотт хууш волу цхьа стаг а валийра салташа. Цуьнга дийцийтира: цхьайтта шо бен кхаьчна а воцуш волу Супа, дех-ненах къаьстина хилар а, иза бераш хьогалла доьлхуш хилча, массарах а лечкъинна, корах ара а ваьлла ло дан вахар а, цу лайх хи а доккхуш цо и хи берашна д1адоькъуш хилар а, Зураъ цу к1ентан дола дан г1ерташ хилар а. Кхин х1умма а ца олуш салтий д1абахара. Дукха хан ялале цхьа-ши ведар чу г1ур долуш болчу ей чохь салташа хи деара тхуна.

Цул т1аьхьа кхо де даьлча салтий юха баьхкира.

Вагончохь мелберш ч1ог1а кхерабеллера. Хьанна хаьара цу салташна х1ун дага деанна.

Супа д1а а вигина, детдоме д1авала дохку шаьш бахара цара. Зураъа ша шен бераш санна лелош ву иза, ша иза д1авуьгуьйтар вац, бахара.

Зураъ а йоьлхура, д1аваха ца лууш Супа а воьлхура.

Т1аьххьара дуккха а дийцинчул т1аьхьа и салтий д1абахара Супа д1а а ца вуьгуш.

Амма бакъду Супа бахьанехь салташа х1ора денна бохург санна хи дахьара тхуна, цул т1аьхьа.

Цкъа цхьана дийнахь, схьахетарехь тхо цхьана к1иранах д1аихинчул т1аьхьа, цхьа гола тухучу метте кхаьчна хиллера тхан поезд. Массо а вай юха ц1адуьгуш ду бохуш, шай-шай цу чохь долчу жимачу корехула арахьажа г1ерташ, хьийзаш дара тхан вагончуьра адамаш.

Зударш боьлхуш бара. Тхан денана а ч1ог1а тешаш яра тхо ц1адуьгуш хиларх.

Амма цунах а г1уллакх ца хилира.

Кхин цхьа х1ума а дара суна йоккха хилча а дага йоьхуш, со ца кхеташ. Тхан вагончохь болу божарий а, божабераш а не1арт1ехьа д1а а гуллой, го а бой, т1араш а детташ, когаш а бетташ,цхьацца г1овг1анаш еш хуьлура. Даима а и цхьа меттиг яра цара и х1ума лелош ерг. Со йоккха хилча нене хаьттира аса: «Х1етахь т1араш а детташ, когаш а бетташ, наггахь зикарш а деш оцу наха х1ун леладора? Гуттара а цхьана меттехь ма леладора цара иза, аьлла. Тхан нанас дийцира суна: вайн поездан не1 схьайоьллуш а яцара, божарех цхьаннин араваха я доккха, я жима г1уллакх хилча не1арт1ехьа даьккхина долчу 1уьргана го а бой чохьболчарна тата ца хазийта г1овг1анаш еш бара уьш, аьлла. Зударийн-м буьйсанна массарна а наб кхетчий бен шайн г1уллакх дан йиш я яцара. Оццул халонаш а мацалла а ловра нохчаша, амма цкъа а г1иллакхах а оьздангаллех а оцу халачу хенахь а нохчий боьхна ца гина суна.

Дукхах йолчу хенахь – дийнахь а, буса а тхо дийшина хуьлура. Дуьне а бодане гора, адамаш а дохк йолуш санна кхоьлана гора. Х1инца тхо мац ца деллера, х1инца тхо мацалла дала дохкура.Де-дийне мел дели тхо мацалла г1еллуш дара. Х1етахь дика кхийтира тхо – дукхах дерш, «Мацалла» бохучу дешан чам муха бу. Берийн ловзаррий, вон леларрий иза-м, мичара, дага а ца дог1ура тхуна. Тхуна массо а ханна дагахь ерг яъа х1ума яра.

Иштта цхьана дийнахь йижина 1уьллуш йолчуьра со хьала г1атта йоьлча хьала-м мухале а ца г1аттаелира со, со охьаюьйжира. Массо а суна гондахьа бевлла, шайн хирг дан г1ертара, со-м хьала ца г1атталора.

Иштта цу тайпана со йижина 1уьллучу хенахь, суна цхьа а х1ума а ца гора: вагонан чоь а ца гора, адамаш а ца гора суна, тхов а бацара суна гуш. Цхьана гена-гена йист йоцчу лакхахь, сирлачу стиглахь цхьа сирла жима го гора суна. Х1оз санна бара и го. Оцу гона юккъехь цхьа 1аьржа т1адам бара. И го а, и т1адам а ца1 цхьана аг1оррий, важа вукху аг1оррий хьийзаш бара. И го а и т1адам а суна т1е охьаоьхуш бара.

Охьа мел оьху жим-жимма боккха хуьлура и шиъ. Иштта и шиъ юххе мел кхечи а «зу-з-з-з-з» баха болабелира и шиъ, аьлча а суна-м оцу гона юккъехь йолчу 1аьржачу х1умано бохуш хетара иза. Цо бохуш долу «зу-з-з-з…» цхьа дег1ах а, лергех а, дагах а, массо а меженех а чекхдолуш ч1ог1а лазаме дара. И ши х1ума – и гой, цунна юккъехь болу и 1аьржа т1адаммий – юккъехь к1езга херо йоллушехь и шиъ вовшах хьакха а ца лора. Со-м ч1ог1а кхоьруш яра и шиъ вовшах хьакхабаларна.

И шиъ вовшашна дуьхь-дуьхьал хьийзаш бара. Нагахь и шиъ вовшех хьакхабелча-м и шиъ а, х1ара дерригге а дуьне а эккхар долуш дара. Иза суна хууш дара. И ши х1ума – и т1адаммий и гой (х1оз) йоккха хуьлуш... йоккха хуьлуш... йоккха хуьлуш, церан «зу-з-з-з-з» а, г1овг1а а ла ца яллал ч1аг1луш,ч1аг1луш, ч1аг1луш и ерригге а чоь а хьовзош, х1ара дерригге а дуьне а хьовзош ян а еъана суна т1е юьйжира. Цул т1аьхьа хилларг суна цхьа а х1ума а дага а ца дог1у.

Цхьана хенахь, суна сатосуш ду аьлла а хеташ, цхьана 1аьржачу мархашна юккъера жимма серло гучуяла йолаелира. Жим-жимма г1овг1анаш а хаза йолаелира суна. Со кхетамчуьра яьлла цхьа дей-буьйсей д1адаьлла хиллера. Х1инца жим-жимма адамаш а гора суна.

Тхан нанас лергара дашо ч1агарш а елла ахьар эцна хиллера тхуна вагончохь йолчу цхьана зудчуьнгара. Оцу ахьарх цхьа буй ахьар а тесна ей буьззина тхуна массарна а чорпа йина хиллера цо. И чорпа суна бага юьттуш хиллера тхан нанас. И чорпа бахьанехь со кхетамчу еана хиллера. Цул т1аьхьа а цхьа буй ахьар а тосуш ей буззе чорпа йора оха. Ма мерза хетара тхуна иза! Цунах мацалла ца даллал таро хуьлура.

Де дийне мел дели тхо мацалла г1еллуш дара. Цхьа тхан нана йоцург тхан доьзалехь дерриш а тхо цомгуш дара. Цуьнан ткъей пхиъ шо дара. Иза ца хиллехь тхо дерриш а мацалла а, г1елалла а д1а а кхачале, новкъахь, делла хир дара, схьахетарехь. Кхоьчу вагонашна чохь берш тхол а хала бохкуш бу бохуш дуьйцура. Х1унда аьлча, цхьайолчу вагонашна чохь пешаш яцара. Цундела ишттачу вагонашна чохь ч1ог1а шийла яра. Шийла хиларе терра исанна йолчу вагонашна чохь болчийн г1елбаларш а, цомгуш хиларш а мосийттазза алсам дара. Цул совнаха белларш а салташа д1абуьгура. Уьш эрна арахь, лайлахь д1акхуьссура. Цомгуш берш а салташа д1абуьгура больнице охьабохкур бу шаьш, табелча шай-шайн доьзалех д1атухур бу шаьш, олий. Уьш а цара лайлахь балийта охьакхуьссуш хиллера.

Тхан вагончуьра зударша шайн цомгуш долу бераш, салтий чубог1уш хилча, хьала говттадора, я кера схьайоьцура. Супас дийцинадела тхо хууш ма дарий, цомгуш берш а, белларш а, арахь д1акхуьссийла. Баккхийнарш а, уьш цомгуш болуш 1охкуш белахь, хьала г1овттабора, салтий д1абаххалц. Цундела тхан вагончуьра цхьан а д1а ца вигира.

Тхуна некъ ч1ог1а бахбеллера. Хеталора, цхьа шо а хир ду тхо новкъахь долу, олий. Кхача дезачу д1акхаьчна мукъане а делара вай, олура кест-кеста тхан денанас.

Иштта тхо д1айоьхуш цхьана дийнахь тхо Сары-Озек олучу цхьана казахийн г1алан станце кхечира.

Цигахь яьхкина лаьтташ дуккха а т1ехь тхевнаш доцуш йолу, киралелош йолу машинаш яра. Царна т1е а даьхна тхо дийнаххьий-бусий д1аихира.

Тхо дуьггушехь Ленинан ц1арахчу колхозе д1адигира. Цигара ц1енош тамашийна хетара тхуна. Уьш дара лоха а долуш, лаьттах доьттина пенаш а долуш, тхевнашна т1етесина латта а долуш. Тхуна уьш юьхьанца божалаш ду моьттара.

Тхан доьзалехь цхьа тхан нана йоцург могуш цхьа а вацара. Массо а цомгуш велахь а, кегий бераш делахь а тхан ненан хьалхарчу деношкахь дуьйна колхозан ара балха яха дийзира...

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.
Поддержка сайта