Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Нанас вина ваша воцуш... Печать Email

Итаева Тумиша

 

1944-чу шарахь, нохчийн халкъ ц1ера доккхучу хенахь, шалон чохь г1ийла узам беш йоьлхуш Неша бохуш йо1 хилла. Да-нана, ваша-шича воцуш йисина хилла иза. Цхьа хаза оьзда жима стаг т1еавеъна, и йо1 мара а къевлина, цуьнга аьлла: «Со ву хьуна хьан ваша тахана дуьненахь а, кхана эхартахь а».

 

 

НАНАС ВИНА ВАША ВОЦУШ…

 

Нанас вина ваша воцуш,

Кху дуьненахь шича воцуш,

Сийначу Сибреха, пана-махка,

Декъаза йо1 юьгу ала.

 

Хи кхачийна ч1ара санна,

Т1ехь га доцу сара санна,

Дела воцург накъост воцуш,

Пана-махка юьгу ала.

 

«Со ву хьуна нанас винарг,

Со ву хьуна шича хинверг, –

Мара къовлуш декъаза йо1,

К1анта эли. – Хьо ма елха.

 

Кху дуьненахь, цу эхартахь,

Со ву хьуна, йо1, хьан ваша.

Доьху хьоьга ма елхалахь,

Хир яц хьуна хьо кхин цхьалха».

 

 

ШАЛОН ЧОХЬ ЛЕКХНА ЙИШ...

1одика йойла шу, баш лекха ламанаш,

1одика йойла шу, шал шера аренаш,

Ва марша 1ойла хьо тхан Нана-Дег1аста,

Къера-къуй ва санна Махкаха довлу тхо.

 

1одика йойла шу, х1ай сийна стигланаш,

1одика йойла шу, х1ай 1аьржа латтанаш,

1одика йойла шу, хьомсара тхан ярташ,

Г1елонна г1о лоьхуш Махкаха довлу тхо.

 

1одика йоила хьан, Делан-ц1а Дег1аста,

1одика ва йойла шу, дайн кешнийн ох1ланаш,

Балано йист лоьхуш Махкаха довлу тхо,

Я-Рабби, Я-Аллах1, Ахь тхуна г1о делахь.

 

СИБРЕХАХЬ ЛЕКХНА ЙИШ

 

Садаре са х1унда туьйсу,

Са хиларе са х1унда туьйсу,

Кхин гун йоцу хьо Дег1аста,

Хьо гаре са х1унда туьйсу.

 

П1ераскана де дог1ий теша,

Нах рузбана боьлхий теша,

Вай Махкаха даьхначарна

Дела дага вог1ий теша.

 

П1ераскана де дог1у боху,

Нах рузбана боьлху боху,

Вай Махкаха даьхначарна

Нийсонца кхел хир ю боху.

 

Суьйре йоха, Сталин, хьуна,

1уьйре йоха, Сталин, хьуна,

Дуьне доха, Сталин, хьуна

Дег1астанах тхо дахарна.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.