http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Н.С. Хрущевна тIе а кхечира… Печать Email

 

С.Магомаев

 

Цхьа а бехк боцуш 1944-чу шарахь. Сталинан-Бериян г1ерано шайн махках, х1усамех дохийна, ц1ерадаьхна, Казахстане а, Юккъерчу Азикхечу республикашка а д1адахийтина хилла нохчийн, г1алг1айн, балкхаройн, кхарачойн, г1алмакхойн кхин а цхьамог1а халкъаш, цхьа а бакъонаш йоцуш, лецначу нехан хьолехь латтош дара.Уьш д1адахийтинчу меттигашкахь НКВД-ра бакъо йоцуш г1алара г1ала, юьртара юьрта, ур-аттал цхьана урамера вукху ураме а баха йиш йоцуш бара нах. Ткъа а бакъо яккха ч1ог1а хала дара. Ц1ерадаьхначу халкъашкахь и г1ело лаьттира 1953- чу шарахь «халкъийн да» Сталин валлалц.

 

Цул т1аьхьа малъяла юьйлаелира махках баьхна, д1абахийтинчу нахаца йолу 1едалан юкъаметтигаш.

Д1адаьккхира шеншен рожехь комендатуре нах куьйгаш яздан эхар. 1955-чу шарахь Казахстанан столицехь, Алма-Ата г1алахь, нохчийн маттахь арахеца долийра республикански «Къинхьегаман байракх» газет. Нохчийн а, г1алг1йн а меттанашкахь хаза юьйлаелира радионпередачаш. Арахеца йолийра политически литература. Зорбатоьхна, арахийцира С. Арсановн «Маца девза доттаг1алла» киншка, Н. Музаевн, 1. Хамидовн, А. Ведзижевн, кхечу яздархойн произведенийн гуларш. Оцу хенахь «Къинхьегаман байракх» газетан редакци вайнехан культуран центр, шайн дика а, вон а дохьуш нах бог1у меттиг, церан хьехамча, цара шайна г1о лоьхуш йолу меттиг яра. Къаьсттина дукха хуьлура редакцехь нохчийн, г1алг1айн интеллигенцин века лш, культуран белхахой, спортсменаш, студенташ. Хийла мог1арера къинхегамхо вог1ура цига шен бала балхо, г1о-накъосталла хиларе сатуьйсуш, керлачу хаамашка ладог1а. дукхахьолахь, дуьйцуш дерг, массарна а хаа лууш дерг Даймахка ц1а юхадерзар маца хир ду-техьа, и г1уллакх цхьаннахьа а дуьйцуш дуй-техьа бохург дара. «Х1умма а хезаш дуй»,– хоьттура цара. Х1етахь ши нохчи цхьанакхетча, угар а хьалха: «Вай ц1а дохуьйту ца боху?» – олий хоттура. Нохчийн, г1алг1айн шайн даймахка ц1а дерзаран дегайовхо уггар а алсамъяллачу хенахь, 1956- чу шеран аьхка Алма-Ата веара КПСС-н ЦК-н Хьалхара секретарь Хрущев Никита Сергеевич. Оцу деношкахь алсамбевлира редакце бог1учу нехан барам. Массарна а хаа лаьара Н.С. Хрущевна т1екхача йолчу таронах лаьцна. Цхьана дийнахь тхо долчу редакцехь гулбелира нохчийн интеллигенцин ц1еяххана болу векалш. Царна юккъехь вара Гайрбеков Муслим, х1етахь Казахстанан Компартин Ц К - нинструктор, т1аьхьа нохчий, г1алг1ай ц1аберзоран вовшахтохараллин комитет ан председатель, Нохч-Г1алг1айн Республика меттах1оттийначул т1аьхьа – республикан Министрийн Советан Председатель, Татаев Ваха, х1етахь Алма-Атахь пачхьалкхан филармонин директор, т1аьхьа Нохч- Г1алг1айн Республикан культуран минстр, ц1еяххана волу хелхарча Эсамбаев Махьмуд, «Кънхетаман байракх» газетан редактор Абазатов Мохьмад, жоьпаллин секретарь Габисов Бийсолта, редакцин отделан заведующи Магомаев Хасмохьмад, яздархой – Хамидов 1абдула, Музаев Нурди, Магомедов Нохьа, редакцинь кхиболу белхахой а, хьеший а. Гулбеллачара сацамбира Н.С. Хрущевна т1е нохчийн къоман делегаци яхийт а. Ткъа муха, муьлш бахийта? Мехкан хьалхарчу куйгалхочунна т1екхача атта хиларна, уггар бег1ийла хийтира цига зударий бахийтар. Цунна къастийра редакцин белхахой, поэтесса Ахматова Раиса, Бакашева Раиса, Казахстанан культуран министрествон белхахо Нинциева Нина.

– Тхо цига дахийта кечдеш, гулбеллачара дийцира, нагахь сана Н.С. Хрущевна т1екхачахь, оха цигахь ала дезарг, – дагалоьцу Бакашева Раисас. – М. Гайрбековс элира: «Н.С. Хрущевга ала: «Дуьнен чохь шен даймохк боцуш халкъ дац, я хила йиш а яц. Тхоьгара тхан даймохк д1абакка тхан аг1онгахьара даьлла х1ума дац, я хила йиш а яц. Тхуна лаьа тхешан республика меттах1оттайойла а, тхаьш ц1а дохи1тийла а». Ахматова Раисига элира: «Ахь, Раиса, ала тхуна кхечу халкъийн санна, тхешан истори, культура, мотт, литература, искусство кхуьийла лаьа, уьш ца кхиийча, халкъ хуьлийла дац. Доцца аьлча, хьайн поэзин мотт ма кхоабе шаьш цуьнца къамел деш».

«Ткъа ахь, Раиса, –хьийхира сунна Магомаев Хасмохьмада, –кхид1а а дуйцу Р. Бакашевс, –хьайн къоначу ойланехь, доцца ала: нохчашна, Советски Союзан кхечу халкъашна а санна, шайн даймохк беза, тхуна ц1а даха лаьа».

–Т1едахкарш, хьехамаш дуккха а бара. Дерриг а х1инца дика дага а ца дог1у. Казахстанан Компартин ЦК-н машен т1ехь д1адигира тхо. Центральни Комитете д1акхаьчча, дежурничуьнга дийхира тхаьш Н.С. Хрущевна т1едахийтар. Амма цо аьттехьа а ца дитира иза. Тхо юха ца довлура. Т1аьххьара а дежурничо д1акъевлира не1. т1аккха оха иза йоккха г1овг1а а йоккхуш етта йолийра. Цул т1аьхьа т1евеара ЦК-н лаккхарчу куьйгалхойх цхьаъ. Цо хаьттира тхуна х1ун оьшу, г1овг1а х1унда яьккхина. Т1аккха оха дийцира тхаьш нохчийн халкъан йоккхачу тобано векалш дина, ЦК-н Хьалхарчу секретарана т1едахкийтина хилар. Билггала тхо цунна т1екхача ондда сацам болуш хиларх ша кхетча, цкъа собарде, со юхавог1ур ву шуна, аьлла д1авахара иза. Цхьа хан яьлча юхавеана, шеца д1адигира цо тхо.

Тхо кабинета чоьхьа девлча, карахь чайнан стака а долуш, ирахь лаьтташ волчу Н.С. Хрущевс тхо чудигинчу ЦК-н белхахочуьнга хаьттира: «Уьш муьлш бу?» Цо жоп даларе а ца хьоьжуш, тхоьга хаьттира цо: «Шу муьлш ду, х1ун оьшу шуна?» Оха дийцира тхаьш газетан редакцехь губеллачу нохчийн йоккхачу тобано кхуза дахкийтина а, тхан дехарна ахь деллачу жоьпан дикачу хааме уьш сатуьйсуш а хиларх лаьцна.

– Схьадийца л шаьш де анна г1уллакх, со ладуг1уш ву, – дийхира цо. Ахматова Раисас а, Нинциева Нинас а дийцира редакцехь, тхо цига даха кечдеш, шайга дийца аьлларг. Т1екхечира сан раг1.

– Х1инца хьан раг1 ю, дийцал хьайна лууш дерг, – элира Н.С. Хрущевс, – кхид1а а дуьйцу Раисас.

– Советски Союз, вайн мехкан кхечу халкъийн а санна, вайн юкъара, тхан а Даймохк бу, – элира ас. – Амма тхаьш дина, тхан дай баьхна мохк хьоме хета тхуна. Цуьнга сатуьйсуш, кийрара бала д1а ца болу тхуна. Цундела тхуна ч1ог1а лаьа тхешан даймахка, тхешан ц1а юхадерза. И ондда лаам болуш, дикане сатуьйсуш ду тхан дерриг а нохчийн халкъ.

Н.С. Хрущевга и къамел деш, со дагахь а доцуш легашка шад х1оьттина, хорам хилла, кхид1а йист ца хилалуш, елха йолаелира. «Маелха, – элира Н.С. Хрущевс, – Иштта хаза б1аьргаш боьлхуш товш бац, уьш боьлуш, дахарх сакъералуш хила беза».

– Со елхарна бехк ма биллалахь, – элира ас.

– И елхар ас дехар дарна хилла дац хьуна, дехар деш цкъа а ца боьлху нохчийн зударий. Сан елхаэккхар тхайн боцу даймохк хьахийча, тхаьш цуьнга сатийсар дагадеана хила дара. Бехк ма биллалахь суна.

– Елха мегар дац. Ткъа шайн баккхийчаьрга ала: дехачу кхойтта шарахь садиттина аш. Йисинарг дукха хан яц. Хир ю шуна шайн Кавказ, шайн республика, шайн даймохк, шайн ц1а. Машенахь дуй шу?

– Дац. Тхо схьадалийна машен д1аяхана.

– Йоьхна, айса муха олу а ца хууш, ас элира:

– Тхо долчу волахь. Вела а велла, Н.С. Хрущевс хаьттира:

– Мичхьа вола со?

– Редакце. Бакъду, Пугкинан урамехь №39 йолчу адресца подвала чохь-м ду тхо, делахь а, хьошалла дан хууш-м ду тхо, оха концерт х1оттор ю хьуна.

Н.С. Хрущев «ЗИМ» машенахь редакце схьадаладайтира тхо.

Тхо редакце юхадаьхкича, цигахь гулделла дукха адамаш дара. Массара а хоьттура Н.С. Хрущевс тхо т1е муха эцна, цо х1ун аьлла, ц1а дахийтаран дегайовхонаш ю-яц, иштта д1а кхин а. оха ма-дарра д1адийцира мехкан партин куьйгалхочуьнца тхешан хиллачу цхьаьнакхетарх, динчу къамелех лаьцна. Массара а тхуна ч1ог1а баркаллаш бохура. Суна цкъа а диц ца ло КПСС-н ЦК-н Хьалхарчу секретарца Н.С. Хрущевца хила цхьанакхетар. И цхьаьнакхетар хиллачул т1аьхьа масех бутт баьлча, 1956-чу шеран 24-чу ноябрехь КПСС- н ЦК-с сацам бира вайн республика меттах1отто. Ткъа 1957-чу шеран 9-чу январехь СССР-н Лакхарчу Советан Президиумо т1еийцира «Нохч-Г1алг1айн Республика меттах1отторан хьокъехь» сацам Цул т1аьхьа дукха хан ялале шайн даймахка ц1аэха буьйлабелира нохчий а, г1алг1ай а, ц1ерадаьхна кхидолу халкъаш а.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.