http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Кхойтта шо дукха ду... Печать Email

Талхадов Хьамзат


Кхойтта шо дукха ду

тезетахь латта,

1ожалло д1алаьцча

дуьненан хьаьтта.

Дайн кешнийн когашкахь

каш доцуш охкуш,

Саг1ина оьллина

яй боцуш кхехкаш.

1ад санна, шелоно

дуьйлина 1алам,

Белшаш т1е луо тесна,

къежделла лаьмнаш,

Гуш санна, т1ебог1у

и 1аьржа бала,

Тапъаьлла д1атийна

Яьссица хьаннаш.

 

Не1аран мачаш чохь

сенбелла когаш, –

Воккха стаг стерчашца

дечкера вог1у.

Юьрта т1е дазлуш ду

стигланан бога,

Эртанах хьаьрчина

бода бу бог1уш.

 

Цхьа буьйса йисна-кха

Даймахкахь яккха,

Хийланнан и хир ю

т1аьххьара буьйса.

Ж1аьлеш а летар ду

варшашкахь акха,

Берзалойн ардангаца

шайн рицкъа къуьйсуш.

 

Ло даккха стаг воцуш,

юьртара кешнаш

лаьттар ду, гамделла

г1амаран чарташ.

Цкъа мацах берзинчу

когашца хьешна,

Юьсур ю бераллехь

теллина хотеш.

 

Лаьттар ду зераташ,

лайн улх а тесна,

Буьсур бу доьзална

кечбина кхача.

Адамаш д1аг1ур ду

гена некъ эцна,

Довхачу ц1ийх дузуш

шайн некъан тача.

 

Шен ненан зарзъелла

кучан юх лаьцна,

Бер хиэба, г1орийна

сискал а 1уьйшуш.

Х1ай дуьне, хьо муха

лаьтта ца хаьрцаш,

Хьайн синош к1оргачу

бердах чу кхуьйсуш!

 

Нохчийчоь махьшаран

майданах таръеш,

Адамийн мохь-ц1ог1а

даьржира гена.

Доьлху дог къевлина,

шен кийрахь къардеш,

Хийла к1ант сатоьхна

вели шен бенах.

 

Шен п1аьлдиг некъана

юьстах а тесна,

Ги доьлли шен буо-бер

йисинчо жоьра.

Цу беран дахар ду

цо охьатеснарг,

Цунна т1ехь х1уттур ю

к1айчу лайх оьла.

 

Чутесна ахьарах

дуьзна шен гали,

Ворданна йоккха стаг

т1ехаий цхьаммо.

Дарц хьийза, лаьмнашна

дуьллуш к1айн г1али,

Са доцуш, тийна ю

г1орийна хьаннаш.

 

Гуьйрено тилийна

попан дитт санна,

Нохчийчоь ц1анъели

шен доьзалх сихха.

Юьртарчу зерате

б1аьрг тоьхна, къано

Д1атийра, эхьхетта

адамех велха.

 

Раг1уна доьхкина

г1ораш а кегдеш,

Дин терса, ийъалуш,

шен бере лоьхуш.

Салтийчо хьажийна

цхьа б1аьрг а хьаббеш,

Топ тоьхна божийра

Иза, шеквоцуш.

 

Кху лаьттан букъ ма-ббу

даржийна кешнаш,

Леш дара адамаш

цхьа а ца къастош.

К1антана маьхьарца

нана ю йоьлхуш,

Кегийра бераш ду

да воцуш хьаста.

 

Адамийн х1у тосуш

йистошка некъан,

Д1аоьху и пекъарш

йист йоцчу пана.

Зударийн, билхина,

б1аьргийн хиш лекъна,

Кхелхина бер марахь

д1атийна нана.

 

Беркъачу духарца

ц1ийзачу дарцехь,

Севци уьш, некъ бича

буьззинчу баттахь.

Нийсо гор йожийна,

туьйлира харцо,

Г1орийна де эшнарш

боьлху, ч1енг етташ.

 

К1ира а дузале,

хийрачу лаьттахь,

Борз санна, кадетташ

мацалла хьаьвзи.

Г1орийна лаьттачу

цу кешнийн хьаьттахь,

Х1уьттуш ду даккхийра,

кегийра баьрзнаш.

 

Воккха стаг, лом детташ

мокхазах санна,

Доьзалхо д1аволла

каш ахка г1ерта.

И цхьалха ву х1инца

йисинчу ханна,

Адам дац и воцург

мисканан кертахь.

 

Кхаа дийнахь къахьегча,

оза ницкъ кхачош,

Гоьллелца аьхки цо

т1улг хилла латта.

Шен йомеш летийна

г1овтал а хьарчош,

Доьзалхо чувилли,

дацахь а атта.

 

Хиъначохь Къур1анан

сураташ деша,

Ц1ий г1орош, д1атийра

и к1ентан кошт1ехь.

1ожалло и витанц

кхин латта хьеша,

К1антаца сеци и

цу кешнийн к1оштахь.

 

Ден кошан барз х1оьтти

к1антана уллохь,

Цаьршинан х1усаман

кхерч баьгна бели.

Хьоькхучу дарцаца

т1е ло а гуллуш,

Селхана тиэкхнаверг

ша къайлавели.

 

Маха а бийр бац-кха

цу шина цхьаммо,

Верас вац висина

я коше вала.

1ожало дахарца

нисйи шен гамо,

Йоккхаеш, харцоно

стамбеш и бала.

 

Мацалло аздина,

шеллучу берах

Хьерчаш ю ткъа шаре

яланза нана.

Шен сибат ду цуьнан

х1инца а беран,

Къамелехь хетахь а

шозза сов къена.

 

– Ницкъ бац сан хьо вузо,

ас х1ун де хьуна?

Со суо а мацалла

ю б1агор хьийзаш, –

Дуьйцу цо ца кхетарх

шо кхаьчначуьнга,

И дохдан, г1аддайна

цунна т1е тийжаш.

 

 

Хьоьжу бер б1аьргаш чу

бехк баккхар доцуш,

Текъам бо цо цуьнга,

и кхеташ санна.

Дуткъачу пхьаьрсашца

оза лаг лоцуш,

Са д1алуш, хьаьрчи и

коча шен нанна.

 

И бер а дуьсур ду

хьакъикъат данза,

Я кошан барз боцуш

таьхьенна бийца.

Духур дац азаллехь

яздина йоза,

Цхьаьннен а ницкъ бац и

цхьа мог1а хийца.

 

Итт кхелхаш цхьа са кху

дуьнен чу даьлча,

Тахана ваша леш,

кхана леш маьхча.

Бол оьцуш дахарах

кешнаш ду денна,

Хийла са цо даьхьи

дацахь а къена.

 

Къурдашца

мукъам беш

йоьлхучу ненан,

Аз ойбуш, дарцо а

узам бо генахь.

Маржа-я1! Хилла-те шун

дегнаш т1улган,

Сатоха ах сов къам

лаьтто д1а хьулдарх.

 

Г1орийна к1ен кан а

къийлина четахь,

Шен мецчу доьзална

т1екхачо г1ерташ.

Ямартчун ницкъ толарх,

хийрачу арахь,

Адмаша ца дицди

дайн г1иллакх ларар.

 

Нохчийчохь дайн кешнаш, –

дайн кешнаш кхузахь,

Цигахьчул совдевлла

хета уьш кхузза.

Цхьатерра кхета малх,

Цхьатерра бузу,

Кешнашка буьйсана

бода а буьжу.

 

Ненан мотт ца хезаш

Баьрзнаш т1ехь буьйцуш,

Нохчийчоь а еха,

Дикане сатуьйсуш,

Бисначийн кхузахь д1а

кхачадахь рицкъа,

Дезар ду цигахь а

да воцуш диса.

 

Хийла ша Нохчийчу

воьрзур ву аьлларг,

Шен сих дог диллинчул

хьалха а ваьлла.

Азаллехь яздина

ц1ийх дуьзна некъаш

Идийна хийла дас,

г1аддайна текхаш.

 

Мацалло азйина

беснеш ца т1адош,

Шен кхалхар, дахаран

де санна, къагош.

Къонахчо саделла,

ца вужуш лаьтта,

Оьмаран тай хадо

дацахь а атта.

 

Дайн б1аьвнаш, гуьйрана

чу ладарш 1енаш,

Куьг тоха стаг воцуш

лаьттара генахь.

Йисинчу шаьлтанна

оьллинчохь пенах,

Нохчочун буй гора

ша къуьйлуш г1енах.

 

Т1орказ чохь дисина

къаночун марчо

Диндоцчо эт1ийра,

шен когех хьарчо.

Маьждагийн момсарш а,

стиглане кхийдаш,

Тапъаьлла тийнера,

йийсарийн сий деш.

 

Дохк санна, сагатдеш

кхерстара бала,

Мохь беттарх, орца а

дацара дала.

Т1е чан а йиллина,

1уьллура пондар,

Иккхина дечкан лаг

стаг воцуш тобан.

 

Беллачийн ч1ир кхобуш,

йовхо лац малхо,

Харцоно, дог доьлуш,

дора шен хелхар.

Кхоллам а, къам кхачо

дуй биъча санна,

Юьстах а баьлла,

д1ах1оьттира цхьалха.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.