http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


ВорххIe ден ворххIe да ваьхначу цIaхь Печать Email

Яшуркаев Султан

 

* * *

 

Генахь ю эвла

Сан жималла екхна,

Туьйранийн г1аланаш

Тоххарехь текхна,

Хуьлура, седарчий,

Шун Седа-жайна,

Алийша хуург

Сан кхолламах шайна,

Алийша, йозанаш кегадай шайн,

Мичахь т1е оьцур ю

1ожалла сайн.

Ма аьллаш вовр ву хьо

Кху нехан махкахь,

Йозанан элпаш шайн

Аш иштта дахкахь,

Къинт1ера дера ма дац

Шуна сан са,

Де-дийне хьоьжуш ду

Соьга сан ц1а.

Сан тукхум дацара,

Дацара тайпа,

Нохчийн х1у дайнера

Сан барам айба,

Сан лаьмнаш дацара

Со кийра эца,

Сайн лаьттан лахьтийчоь

Парг1ат ког хеца?!

Мел-мухха яздарх аш

Йозанаш шайн,

Даймехкан куьйга ло

Ас кхоллам сайн.

К1айн верта т1етасий,

Барам т1е виллий,

Г1евланга диллий

Сан хьайх аьлла илли,

Хьайн кийра виллалахь,

Даймохк, со ахь –

Ворхх1е ден ворхх1е да

Ваьхначу ц1ахь!

 

* * *

 

Сан шераш шу, сан шераш шу,

Диканаш, вонаш – дерриш шу!

Даьхний дай, мича лахка шу,

Бахам бай, мича дахка шу?!

Стенах тардеш, муха дийца шу,

Дика дийца, вониг хийца шух,

Муха йийца аьрха зама шун,

Тешнабехке хилла амал шун?..

…Х1оранна шун

Хат1-куц шен ду,

Х1оранна ду амат шен,

Цхьаннан барам нийсса шен бу,

Важа – доккха, тамаше!

Цхьа шо жима бекъа санна,

Важа халла йоьду говр,

Цхьаммо йовхо ло хьан сина,

Вукхо доьтту шийла ов…

Сан хьалхарниг! К1айчу басахь

Хета вина сирла шо,

Буьхьиг санна ловзуш басахь,

Тахана а г1енах го!

Цунна т1ехьа 1аьржа 1индаг1 –

Лаьтта йоьсси свастика…

Хьан ага а техкац кхин д1а,

Хьо бераллех къастий-кха…

1аьржа б1аьрг

Шен луьра боьллуш,

Лоцуш шена хьалха хьо,

Хьоьжу нийсса «парабеллум»

Кхуссуш шовзткъе цхьалг1а шо…

Хьан б1аьргаш чохь маьхьаран

Аьзнаш хилла г1орийна,

И ца долу т1аьхьара,

Луьра т1ом д1аболийнарг!

Тоьпан цхьамза дег1ах хьан

Юккъех чекх цуо баьккхина,

Дагалецам г1ерг1а хьан,

Молха санна иэккхина:

Жима вара хьоззанал,

Хьо цу дийнахь доьхначу,

Тайниг санна ловззавал

Хьуна тоьпаш тоьхначо!

Дика вонах къаьстачохь,

Хьо виллина дозанна,

Ц1арах ягий б1аьсте цуо

Хьан бераллин хьозанан…

Диолг1аниг! Шийла чоь –

Г1ура латта Казахстан!

Даймохк генахь – Нохчийчоь…

Ненах даьлла бер го цхьа…

Не1алт хилла кхойтта шо,

Ц1е ца йоккху ас кхин шу…

Кхин хийланна ц1е ца йоккху,

К1айдарг юьту кхузахь йоккха…

Даг т1ехь 1еткъа, дуьту хийла,

Хилларг довха, хилларг шийла,

Дош а тоац дийца цхьадерш,

Ши т1ом буьту хьаха ца беш,

Доьлху къам а, хьаннаш чартийн,

Уьш дерриш а кийра тарди…

Соьга ца дели дуьне хийца –

Не1саг1ехь т1аьххьарниг лаьтта,

Новкъа волу со кхузара х1инца,

1адика йойла хьан, Латта…

 

* * *

Амал шен яра хенан сан,

Хийла войуш цуо хеназа,

Цхьаъ – чувоьллина…

Важа – хехо…

Мила ваьхьара и хьехо!

Аганара а даланза,

Бер а долура дакъаза…

Турпалхой бора замано –

Бойура ша-шен амало.

Аьчкачу серан мах бара,

Цу серан кертахь нах бара,

Йиъе а маь1ехь ха дара,

Уггаре дорах са дара…

Со жима-жима бер дара,

Йистте х1оттийна бердана…

Тахана а хьоьжу цигара,

Сан ши б1аьрг х1окху стигала,

Юха ван некъ бац биллина,

Эццахь висина виллина…

 

* * *

Со-м бер дарий. Бер!

Соьца юкъаметтиг къастош,

Тоьпан бирг1ан т1е доьг1на,

Нийсса синметта тоьхна,

Ангали санна, доьхна

Сан туьйра,

1аьржачу бердахчу харцош!

Со-м бер дарий. Бер!

Агана дилланза,

Яккха ц1е тилланза,

Цкъа ког а баккхаза,

Доккхуш, зама, ахь дакъаза!

Со-м бер дарий. Бер!

Мацалла, б1аьргаш чу юьллуш,

Дег1ах чекхъяьккхина,

Меженаш якхйина.

Дашо бос макхбина,

Гармана ара ахь дуьллуш!

Со-м бер дарий. Бер!

Чеккхьаьжча чекх са а гуш,

Цхьа къа а латанза,

Цкъа ловза хьаданза,

Цкъа 1аббалц дакханза,

1ожаллин бага ахь луш!..

 

1944-Г1А

 

…Лаьмнех чекхъюьйлуш,

Тоьпаш ю юьйлуш,

Т1улгаш т1ехь

Ц1ийн з1аьнарш яржаеш…

Саллато уьш хьоьшу,

Ас кхоллам боьшу:

Даймохк сан, Даймохк сан,

Маржа я1!

Мелча ц1ийх буьзна,

Хьан малх д1абуьзна,

Нохчийчоь, боданехь керча хьо!..

Аьчкан некъ дера,

Йоккхуш хьо ц1ера,

Ц1ерпошто

Чкъургаш т1е хьерчабо.

Сибарен лайлахь,

Къизачу байлахь,

Суна хьо лаьтташ го даима

Когаш берзина,

Г1ийла буо санна,

Цу дийнахь суо санна,

Даймохк сан!

Кхойкхуш ду орца,

Доьг1на чурт доца,

Хийла каш генарчу аренца,

Еттало чкъургаш,

Дилхина т1улгаш

Б1арзделла, хьоьжуш

Хьо яре ц1а…

 

* * *

Ненан марзонех

Хедда хеназа,

Бер а лазо ницкъ

Хилла хенан сан.

Да а виллина

Генахь лахьтийчу,

Дагахь виллина

Ихна Нохчийчу.

Нехан боданехь

Лома боьду некъ,

Куьйган эшарехь,

Лехна б1ешарехь…

Гене генера –

Яйна бералла…

Амма илланча –

Ворх1 да хиллачохь…

 

 

 

СТАЛИНЕ

 

Ахь, дайн куьг тоьхна мекхах,

Бер даьккхира нена некхах,

Кхойтта шо хан туьйхира,

Амма бер ца дуьйхира.

И доссийра лайла,

Цуо и кхел а лайра…

Зама еъча харцо

Х1оллам т1ера харцо,

Хьо вуьйжира тайнигах –

Кхел ца лайра сайниг ахь…

* * *

Чарташ лаьтта, чарташ лаьтта,

Юьртан метта х1оккхузахь,

Сан дай бу уьш

Хьерчаш лаьттах,

Орам тесна мокхузан!

Лаьмнаш лаьтта,

Лаьмнаш лаьтта,

Сох ов детташ 1овжаме,

Сайн дай баьхна хьоме латта,

Ахь со мара товжаве!

Кхерч бу 1уьллуш,

Бу и дайн кхерч,

Мекха тесна овкъаршлахь,

Данне делахь суна дан геч,

Ахь а мара кховлалахь!

Гена некъ бу когаш 1уьйра,

Суна т1аьхьа бисина,

Ас хьо, тхилахь йогу 1уьйре,

Гаре мел сатийсина!..

Х1ан-х1а, бийцац дегабаам,

Юхь ца йоху заманан.

Лаьмнаш, шу гар бара лаам,

Аш еллачу амалан.

Лаьмнаш сан ду,

Лаьмнаш сан ду,

Со ваккхал аш цаьргара!

Сан дег1аца-м хьацар ма ду,

Даймохк г1аттол ц1ергара!

 

* * *

Некъаш деханаш,

Сайнаш, неханаш,

Бердех тийсалурш,

Диц дарх диц ца лурш,

Воно тегна дерш,

Дагчу эгна дерш,

Нехан г1алийнаш,

Ц1а ца валийнарш,

Ламчу доьлхуш дерш,

Б1аьрхих доьлхуш дерш,

Ирх-пурх лестийнарш,

Когаш бестийнарш,

К1адвеш х1иттийнарш,

Хеддарш, хиттинарш,

Дахар кхоьхьуш дерш,

1амош, хоьхуш дерш,

Ша т1е доьттинарш,

Гур дац моьттинарш,

Чартех дехкинарш,

Сан даймехканаш…

Некъаш деханаш,

Сайнаш, неханаш…

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.