http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


ПЕТIАМАТАН КХОЛЛАРАЛЛИН БIАЬСТЕ Печать Email

Махмаев Джамалди, яздархо

 

 

 

 

 

(Литературин хьармехь шен меттиг карийначуьна

кхоллараллех ойланаш)

 

 

 

1илманчаша ч1аг1до: муьлхха а керла киншка араялар къоман кхетам кхиаран билгалонех цхьаъ ю. Говзачу поэтан, яздархочуьна дика киншка араялар  авторан толам хилла ца 1аш, вайн ерриге литературан кхиам лара бог1у. Ас т1етухур дара: еша дог дог1уш, ешарх ца к1ордош йолу киншка дика совг1ат ду къаьсттина кегийрхошна, х1унда аьлча, иза къайле а яц, уьш  т1аьхьарчу хенахь киншкашна мелла а херабевлла дела.

Бакъду, и тайпа совг1ат – керла киншка– х1инца, Делан къинхетамца, кест-кеста кхочу вайна. Ишттачех цхьаъ ю тахана вай хьахон ерг.

 

 

Со ала ца кхиънарг соьгахь а дуьсуш,

Хеназа хадахь сан дахаран некъ,

Сан кхоллам сецначохь илли ца дуьтуш,

Дехар до, доттаг1а, даккха и чекх.

 

Урокехь дешархошка санна, цхьа хаттар дала лаьа: маса шо хир ду аьлла хета шуна и мог1анаш яздинчун? Билггал хууш воцчуьнга нийса жоп далалур дац. Х1унда аьлча, дахаран къахьо, марзо, цатешам, хазахетарш гина, 1аьткъина, цара зийна,  г1еметтах1оттаран зил т1ера схьакъаьстина, дуьненан хиламийн мах хадо а, синц1еналла йовза а кхиъначо бен яздийр дац и дешнаш.

Кхузахь ларамаза дагадог1у нохчийн евзаш йолчу поэтан Ахматова Раисин мог1анаш:

 

Доттаг1ий, я седа, я малх гур боцуш,

Дуьнен чохь со шайца йоцчу хенахь –

Декийта сан иллеш, со карлайохуш,

Кхерстийта даиман вайн лаьтта т1ехь.

 

Гоьбевллачу поэтийн кхоллараллица къоначийн говзарш юстар  хьалхарчийн маь1на лахдеш, кегийнаш царел лакхабахар санна хета ца деза. Мелхо а, баккхийчу хьекъалчаша гайтинчу нийсачу новкъа бог1уш, церан ламасташна, мехалчу весеташна къонанаш тешаме хилар гайта г1ортар ду иза.

Х1аъ, дахаран шераш цкъачунна к1езиг делахь а, лакхахь хьахийна и мехаллаш йовза кхиъна Петирова Пет1амат. Цуо уьш вайна а йовзуьйту «Сатийсаман заза» ц1е йолчу шен хьалхарчу киншкица.

Вайн литература а, дикка шерашкахь цхьаьна болх беш хиларна поэтан пох1ма а дика девзачу халкъан яздархочо Хатуев 1абдулхьамида хьалхара дош яздинчу гуларх лаьцна дийца атта-м дера дац, х1етте а сайна хетарг ала лии-кх суна.

Муьлххачу а киншках къамел долош хаттар х1отта тарло: стенах лаьцна ю иза? «Сатийсаман заза» – безамах лаьцна ю. Ткъа иштта безаман хама бан цахуучеран осалаллех, доттаг1аллин мах цабевзачеран синк1езгаллех, синтеме йоцчу г1айг1анах, кханене болчу сатийсамах, дог ц1енчу къинхетамах – доцца аьлча, дахаран синмехаллех.

Безамах лаьцна яздаза поэт наггахь а хир вац. Х1оранна иза шен б1аьргаца, шен кхетаман лакхенера го. Цхьаверг цуьнга  «ломал дехьара йо1 ган лууш буьхьар х1уьттучу малхаца» хьоьжу, вукхо иза… «бай т1ера додамаш п1елгаш т1е йохуш…» лоьху, ткъа кхечуьнан «…безам шалхонца лечкъина буьйсанан бодашлахь байра…»  Литературехь цкъа а ширлур йоцу тема ю иза, жималла, къоналла, 1аламан хазалла санна.

Петирован байташ мелла а къаьсташ ю маь1ница, чулацамца, безаман мах хадорца, цуьнга болчу лехамашца а, яздаран хот1аца а. Пет1аматан лирически турпалхо ч1аг1ъелла амал, дуьнене хьежам, дахарехь шен меттиг ларъян, синлааман эла хила хьуьнар долуш, кханенах тешна ю. Пет1аматан лирически турпалхочо, наггахь тешамазалло дагна, ойланна эшам беш мур баг1ахь а, латкъам ца бо, хьаналчу безаман ц1еналла ларйо:

 

Баркалла боху ас ца лоьхуш х1илла,

Хьайн дагахь ма-дарра аларна схьа.

Шен бехк т1елацар а доьналла хилла,

Шалхенаш безамца еъна яц цкъа а.

(Баркалла боху ас.)

 

Моттарг1а, к1езгалла ца еза цунна (лирически турпалхочунна). Мел 1аткъаме делахь а, йохьах ца юху иза. Цунна хьанал, даггара марзо еза, дегаза, цхьа ц1арна долу гергарло т1е ца лоцу:

 

Дагахь цхьаъ лечкъадеш,

схьа кхин ма дийца.

Вазвала кеп х1иттош,

дешнаш ма кхийса.

Яьржина ойланаш,

хьулъян ма г1ерта.

Хьайн соьца шовкъ яцахь –

къастахьа бертахь.

Хилаза ца далахь,

безамна лахьта,

Хьажахьа хилийта

тешаман хьаьттахь.

(1ехош ма дийца.)

 

Х1ун ю техьа безам? Цу хаттарна дуьззина жоп дала х1уттур вац ура-атталла дахаро вахчийнарг а. Петировас шатайпана маь1на до:

 

Х1ораннан шен-шен бу безам,

Шен-шен ду терза и оза.

(Безам.)

 

Кхузахь «шен-шен» тавтологи яц, аьллачун маь1на ч1аг1дар ду. Нагахь безам оьзда, хьанал белахь – цо  «бералле вуьгур ву генна, дог-ойла г1аттор ю т1ома, 1амор ву седарчех ловза» (циггахь).

Амма, безам цкъацкъа экаме хуьлу, леррина ларбан, 1алашбан безаш (нийсса аьлча-м, безам даима бу иштта).

Цу т1ехь цхьамма ледарло я ямартло гайтахь, вукхуьнан – шолг1ачуьна – г1айг1а язлой, деган 1ийжаме йоьрзу. Ишттачохь а доьналла гайта, гора ца х1отта некъ карабо авторан лирически турпалхочунна:

 

Со йоьлху вай къастар далхош,

Дуьнене сайн лазам балхош.

И хьулбан собар а лоьхуш,

Кхолламе хьо юха воьхуш.

(Со йоьлху.)

 

Наггахь зудчуьнгахь товш йолу («Со зуда ма ю!» – олур-кха нохчийн евзаш йолчу поэта Ахматова Раисас а) эсала г1орасизалла гайтахь а, шех тешначунна накъост, г1оьнча, верас хилла д1ах1отта кийча ю Пет1аматан лирически турпалхо.

 

«Замано ца кхоош шерийн мохь белча,

И базлой ма гайта хьуо г1ийла суна.

Шерийн мохь байбина, де серладаккха,

Хьоьцанна д1ах1отта со хир ю хьуна».

(Хьоьцанна д1ах1отта.)

 

И мог1анаш юха а дуста мегар дара Р. Ахматован «Хьо волчу йог1у со» байташца (Р.Ахматова, «Цхьаьнакхетар», 1978, аг1онаш – 170-171), делахь а суна кхузахь дало лаьа халкъан безаман эшарера мог1анаш:

 

Де кхоьлина дара алий

Хьо ца вог1уш ма висалахь,

Де кхоьлина ца хилийта –

Со малхаца г1оттур ю.

 

Буьйса 1аьржа яра алий,

Хьо ца вог1уш ма висалахь

Буьйса 1аьржа ца хилийта –

Со баттаца кхетар ю.

 

Вайна аьттехьа а дагахь дац къоначу поэта шен байташ цу хьостанех пайдаоьцуш, царна т1е тийжаш язйина бохург. Х1ун гойту ткъа цу дустарша? Дера гойту нохчийн барта кхоллараллин а, денна кхуьуш схьайог1учу йозанан литературин а орамаш цхьаъ хилар, уьш вовшашца герггара уьйр йолуш, йоьзна хилар: барта кхолларалла халкъо кхоьллина, кхуллуш ю, муьлхха а поэт, яздархо а – халкъо кхуллуш, халкъана г1уллакх деш ву. Халкъ ца хилча цхьа а поэт, яздархо хир вацара.

Цхьана хьекъалчас ма-аллара, дахар – иза дахар ду, ирзу ахар я кхан доххал некъ бар хилла ца 1а. Цигахь нисло хазахетарш, цатемаш, кхиамаш, эшамаш, сингаттаме кхоларш а, дог хьоьсту маьлхан з1аьнарш а. Уьш цхьабосса ловш, халонна гора ца х1уттуш, толамех кура ца довлуш, хьалхахьа д1абахаре, ирсехьа къийсаре кхойкху поэта шен ешархошка:

 

Доттаг1а, хилалахь кийча,

Вайн некъан халонаш лан хьо.

Нислахь а когаш к1ел очакх,

Ирсехьа г1улч яха ондда.

(Кханене некъ.)

 

Доттаг1ех, доттаг1аллах йолу ойла коьртачех ю Пет1аматан байташкахь.

Гуларна юкъаяханчу 79 стихотворенех иссанна т1ехь дейттаза даладо цо и дош. Т1аккха веккъа цхьана доттаг1чуьнга деш къамел дуй хьовха иза? Суна-м автор вайца – шен ешархошца – массаьрца а къамел деш санна хета, вай дерриш а шен доттаг1ий а лоруш.

Х1ун билгало, х1ун маь1на ду доттаг1аллин, маца, стенна оьшу доттаг1? Цу хаттарна жоп луш, к1орггера философин маь1на долу дешнаш даладо автора:

 

Цкъа мацах, шайн некъаш

дуьхь-дуьхьал кхетча,

Безамо хаьттина, бах,

доттаг1алле:

– Алахьа, со болчохь

хьо х1унда оьшу?

Соьгарчу ирсал т1ех

х1ун доьху ахьа?

 

Ткъа доттаг1алло… жоп делла, кураллин хьу шеца йоцуш:

 

– Ахьа къахьо йитинчохь

Дог эца оьшу.

(Доттаг1алла.)

 

Х1аъ, ч1ог1а ду дотаг1аллин маь1на… Кхузахь сайна дуьйцуш хезна цхьа хабар дало лаьа. К1орггера бусулба дешар дешна, 1илма долуш хилла, боху, цхьа стаг. Массара а сийдора цуьнан. Къаьстташ цуьнца г1иллакхе волчу цхьана жимчу стага цкъа дехна, боху, 1еламстаге, шен доттаг1 хилахьара хьо аьлла:

– Доттаг1алла жоьпалле, деза дукъ ду, – жоп делла вукхо, – т1елаца х1уттур вац со. Амма хьуна лаахь, тахана дуьненахь а, кхана дог1у долчу къемата дийнахь а хьан ваша хила реза ву со.

– Вуй! – цецваьлла жимха, – аса-м ваша хила ала бег1ийла ца хетта хьахийра доттаг1алла. Вешел веза ву техьа доттаг1?

– Ву, – ч1аг1дина воккхачу стага. – Къемата дийнахь шина доттаг1чух цхьаъ жоьжахате, важа ялсамане ваха язвина а волуш, хьалхарчунна Дала геч ца дахь – шолг1аниг а цуьнца жоьжахате ваха везаш ву.

Иштта доттаг1алла ду Пет1амата хесториг, иза ша а кийча ю массо дог ц1енчу, хьаналчу, тешамечу адамийн доттаг1 хила.

«Дика-вуон лайначу, алссам зеделларг долчу, дахаро вахчийначун санна дека Петирован аз, ханна ша йоккха а йоццушехь», – яздо Хатуев 1абдулхьамида. – Пет1амат Дала тайп-тайпана аг1онаш йолу хьекъал деллачех ю» (юьйцучу гуларан 10, 11-г1ий аг1онаш). И дешнаш ч1аг1деш дуккха а байташ ю гуларехь. Тидамца ладог1ийша деган к1оргенера бухдуьйлу илли хилла декачу х1окху мог1анашка:

 

Х1ай г1ийла ойланаш, т1улгал а язъелла,

Шу х1унда хьийза те хьеречу сан коьрте?

Х1ун цатам хили те кийрарчу сан дагна,

Дакъаза ер те со я хир те декъала?

 

Х1ай кхана дог1у де, малхал а хазделла,

Х1ун дохьуш дог1у хьо – со ело я елхо?

Хьоь хьоьжуш г1айг1ане сатийса к1адъелла,

Дакъаза ер те со я хир те декъала?

 

Х1ай кхоллам, дийцахьа, х1ун кечди ахь суна,

Ирсан не1 йилли те я даьсти вонан ков?

Шеконо гатдинчу даго и хаттарш до,

Дакъаза ер те со я хир те декъала?

 

Бен дацаран ойланца ца ешало шатайпа син1аткъаме йолу стихотворени – «Нана, хьо кхетар ю». Цуьнан къинхетамца, догдикаллица, лам санна долчу собарца ненан васт х1оттош, автора цуьнца бусту шен кхоллам. Ткъа иза, кхоллам, аттачех ца хиллачух тера ду:

 

Нана, хьан йозаллех дош яздан юлий,

Къолам а буйнахь со ойлане йолу.

Хьох олу х1ора дош сайн сица луьттий,

Легашка шад х1уттий, сакарзахдолу…

 

…Нана, хьо кхетар ю латкъамаш цабарх

Хьайн йоь1ан кийрахь а дера дарц хьоькхий.

Денна а и гушшехь ахь ботту кийра,

Цо шена ца гучу берашна боттий.

 

Пет1аматан кхоллараллехь цхьа б1аьрла башхалла хаало. Иза йоцийчу стихотворенийн говзанча хета суна. Литературехь дуьххьарлера г1улч яккха буьйлалурш гуттар бохург санна еха, яккхий стихаш язъян лууш хуьлу. Сихха «воккха (йоккха) поэт» а хилла, шена т1е тидам бахийта лаар а дац (иштта 1алашо хилар х1умма а бехке а дац).

Бахьана, суна моттарехь, кхин ду – ша дагалаьцнарг, шен ойла к1еззигчу дешнашца юьззина гайта цахаар. Иза кхачамбацар я пох1ма лахара хилар лара а ца дог1у – дахаран к1оргалле кхача воьлча зеделларг алсамдаларца карайоьрзу и говзалла. К1еззигчу дешнашца дуккха а ала хаар Дала деллачу пох1маллин билгало ю

Масална цхьаъ ялийча а тоьар ду:

 

Дависа, йиш хилча х1ораннан дагчу

Сайх тешам кхоллалун аьхналла яржо.

Дахаран цатемаш дохк санна баржош,

Парг1атчу озаца синтем д1акховдо.

(Лаам.)

 

Шолг1а башхалла – парг1ат рифма ялар я мог1анийн чаккхенашкахь – клаузулашкахь – дешнийн декар цкъацкъа цхьаьна я цхьатера дог1уш цахилар. Аьллачух нийса кхетийла луур дара: рифма яц я талхайо бохург дац иза. Дуьххьал-д1а рифмица маь1на нисдан ца г1ерта Пет1амат – маь1ница рифма нисйо цо, ша дагалаьцнарг ала оьшуш долу дош яздо. Ишттачу байташкахь чоьхьара рифма хуьлу:

 

Цхьа ирс ду безамо дог дузар,

Шолг1аниг – кхечуьнца и декъар.

Ткъа ирсан лакхе ю – дахаро,

Чаккхе шен безамца йоьзнехь.

 

Иштта байташ верлибран мог1аре х1итто ца йог1у: верлибр – иза, хууш ма-хиллара, рифма а,  байташкахь мог1анийн барам а, мог1анашкахь – дешнийн барам а лар ца беш йолу поэзин шатайпа кеп ю. Парг1ат рифма ялоран масал вайна карадо нохчийн литературан классикийн поэзехь а.

Дахарехь адаман меттиган хьокъехь ойланаш йо Петировас «Декхарш» стихотворенехь. «Вайн дахар дерриге декхарех ду», – боху цо. Во1, йо1 – дений, нанний, и шиъ – доьзална, йиша-ваша – вовшашна хьалха декхарийлахь хета поэтана. Коьртаниг – Даймахкана хьалха долу декхар лору автора:

 

Хьан Даймохк, юьртахой, йижарий хьоме –

Ткъа церан декхарх вер вуй-те цкъа?

 

Кхузахь дага муха ца лоцур Мамакаев Мохьмадан лийрдоцу мог1анаш:

 

Даймехкан сийлахьчу декхарна

Дуьненахь массо а деха вай.

(М. Мамакаев, Зама.)

 

«Сан бахам» стихотворени т1ехь къоначу поэтана Петирована хетарг цхьаьнадог1у д1адаханчу б1ешеран 70-чу шерашкахь г1араваьлла хиллачу Дикаев Мохьмадан изза ц1е йолчу байтийн ойланца:

 

Сан бахам бац хьуна дешица бустуш,

1аьржачу денна ца гулдина жовх1арш…

(П. Петирова, Сан бахам.)

 

Яц сан г1аланаш,

Хастамна йина.

Яц сан реманаш,

Юьртахь со вазвина…

(М. Дикаев.)

 

Шиммо а коьрта бахам – шаьш халкъана динарг лору: Дикаев Мохьмада – т1аьхьенна дитина бакъдолу илли, Петировас – шен новкъахь (и цкъачунна боца белахь а) дина дика г1уллакхаш.

Говзачу, вайн литературан классикаш хилла поэтийн байташца юста мегар долуш стихотворенеш к1езиг яц «Сатийсаман заза» гуларехь. Исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсех хаарца пайдаоьцу Пет1амата. Аьлларг масех масалца т1еч1аг1дер вай.

Амплификаци (цхьанатайпанара я грамматически цхьанакепара дешнаш далор):

 

«К1еда а, чорда а, эсала, къиза а,

Мекара, догц1ена, х1иллане, догдика,

Майра а, стешха а, ямарт а, тешаме

Амалш лов, дуьне, ахь, ца духуш хьайн собарх».

 

(П. Петирова. Ахь муха лов.)

 

Апострофа (чохь садоцчу х1умане, адаме санна, къамелдар):

 

Маржа, сан кхолламан некъаш,

Аш мича кхачор ю кхана?..

 

(П. Петирова. Кхолламан некъаш.)

 

Цунна масалш кхин а дало йиш яра. Делахь а цхьайолчу байтийн ц1ерш яьхна юьтур вай: «Г1ийла ойланаш», «Сан б1аьсте», «Даге», «Дог ца диллина», «Декалаш, безаман иллеш».

Афоризмаш – олу дукхахболчара, ас-м царех хьекъале дешнаш эр дара, уьш дукхахьолахь кицанех хуьлу: «Массарна ца делла эхь, ийман, яхь («Ахь муха лов?»), «Х1ораннан шен-шен бу безам, шен-шен ду терза и оза» («Безам»), «Вайн сийлахь декхар ду дерриге лан 1амар» («Заманан болар»), «Бертаза хьомсара хилалур вац», «Шалхенаш безамца еъна яц цкъа а» («Баркалла боху ас»).

Аллитераци а хаало Петирован цхьайолчу стихашкахь (маь1на б1аьрладаккхархьама цхьа аз (элп) кхастор. («Хетара», «Х1ун бахьана дара?», «Цецъюьйлу ойла», кхиерш).

Инверси ( дагалаьцнарг нийса, хаза алархьама, предложенера дешнийн грамматически бакъонашца йог1у меттиг хийцар): «Генахь хир ду, вовшийн гур дац кхин» («Марша 1ойла»), «Алахьа, доттаг1а, х1унда…» («Алахьа». Исс мог1а бен боцу и стихотворени ерриг а инверсих лаьтташ ю) и. д1.кх.

Гипербола:

 

Хьо цигахь – ворх1 ломал дехьа,

Со кхузахь – ворх1 ломал сехьа.

(Вайшиннан юккъера доза.)

 

Метафора:

 

Теш лийцина сирла шовда доьлху,

Гечдар доьхуш, г1ийла узам беш.

 

Вай хьистина ча такхийна тача

Г1ийла сега соьца лоьцуш бехк».

(Марша 1ойла.)

Говза пайда оьцу Пет1амата рефренах а ( цкъа аьлларг ма-дарра я к1еззиг хуьйцуш х1ора строфахь юх-юха алар), риторически (жоп ца лоьху) говза хеттарех а.

Синкопа (стихан бараме хьаьжина, маь1на а ца талхош, дош дацдар) а карайо Петирован цхьайолчу стихашкахь:

«Тидам бе ас лелочу г1илкхан» – г1иллакхан меттана, иштта «упхи т1е»  – упханна т1е, «нийсаршца»  (нийсархошца), доттаг1че (доттаг1чуьнга), кхиерш. Амма Пет1амата цкъацкъа дош дахдеш меттиг а йог1у: доттаг1а (доттаг1 меттана), мостаг1а (мостаг1 меттана). Синкопан цхьа кеп юй-техьа иза? Сайггара иштта ч1аг1дан ца х1утту со, иза литературан теори толлучарна дика хуур ду.

Кхин ши стихотворени ю шайна т1е тидам бахийта езаш (говзанчийн тидам):

хьалхарниг – «Бехк буьллур буй-техьа?» (аг1онаш 88-89). Иза ялх мог1анах лаьттачу байташца (строфашца) язйина секстина (ялх мог1а) ю аьлла хета. И кеп вайн литературехь дукха ца нисло (я сан тидам ца хиллехь а). Оцо гойту, Минкаилов Эльбруса билгал ма-даккхара, вайн поэташ… «шира жанр денъян а ца г1ерташ, цуьнан таронех пайда а оьцуш, стихан керла кеп кхолла г1ерташ хилар» (Э. Минкаилов, Нохчийн стихъх1отторан цхьадолчу хаттарехь, «Нохчийн литератураххий, барта кхоллараллаххий», 2007ш., аг1о 15).

Иштта ала дог1у «Зама а хетийца меллаша йоьдуш» стихотворених («Орга №7. 2009ш., аг1онаш 60-61). Кхузахь 4 байт (строфа) ю, 16 мог1а. Иза сонетах тера хета. «Тера хета» боху ас, цуьнан (сонетан) керла кеп и ю сайна моттарна. Сонетан байт (строфа) 14 мог1анах лаьтта аьлла, билгалдина литература талларан говзанчаша. «Зама а хетийца»… стихотворенин шен дог1а а ду, сонетийн кочарехь санна: йоьалг1а байт вукху кхааннан хьалхарчуй, 3-чу байташ боьалг1ачуй мог1анех лаьтта.

«Доттаг1че кехаташ» аьлла, юкъара ц1е тиллина прозехь стихаш а ю гуларехь, ерриге – 9.

 

«…Поэзехь санна, баккхийчу кхиамашца Петировас къахьоьгу прозехь а, публицистикехь а» (1-Хь.Хатуев).

Цуьнан прозех лаьцна дерг кхин къамел ду…

 

Сан б1аьсте, хьайн аьрха денош

Ахь хьенан дог хьеста дити?

Зевнечу эшарийн аьзнаш,

Ахь хьенан кхетаме дийший?..

 

…Ас буйнахь къуьйлу урх хадош,

Сатийсам боссахь хьайн кхерча,

Доьху хьоь, экама б1аьсте,

Дог кхоош иза т1еэца.

(Сан б1аьсте.)

 

Б1аьсте ю Пет1аматан дахарехь – кхоллараллин б1аьсте.

Ткъа б1аьста хьалххе д1адийнарг хьийкъина дог1у, цо дешнаш санна, хоржуш, кхолуш, лардеш кхиийча-м муххале а.

 

Иштта хуьлийла-кх.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.