http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Адамо динарг довш дац Печать Email

 

Яздархойн союзан декъашхо Резванова Айза

 

Йочане, кхоьлина де хиларх а маьлхан ницкъ кхочу, шен нуьре зIаьнарш дIаса а яржийна, де серладаккха. Иштта, сирлачу дуьненахь, доккхачу лаьтта тIехь дахарехь маьрша некъ бехкарх а, адаме марзонца, даймахке безамца, шен тешаме, майрачу деган некъ, цIеначу ойлан, хьанал а бина, нахана пайденна, халкъе схьакховдийна хилла Гадаев Мохьмад-Салахьа. Адамо динарг дика тидмаза довш дац, ткъа дахар тIепаза дIадов, мел кхоорах, дуьненахь дитина дика дацахь. Дитт тIера охьабоьжна стом схьалаэца ца хуьлуш, телхина лаьттах дIауьйш болчух а пайда болу. Цуьнан хIух, лаьттах а тасалой, юха бIаьстенца зIийдиг а йостий, синтар хуьлу, юха и кхуьу бешахь, къоначу стоьман дитт. Иштта хилла Гадаев Мохьмад-Салахьан дахар. Пайда эцар ца хуьлуш, зарзъелла коч санна, шен дахарх  ирс эцар ца хиллехь а, иза лелоза тиша ца долийтуш, адмана пайденна дитна цо. Шен сих дагадовла меттиг битна цо. Адмана дIасаекъна цо шен цIена ойланаш. Баккхийчарна син кхача хуьлуш, кегийчарна хьекъале хьехам беш, галваьллачунна нийса некъ гойтуш, хIоранна а собаре хилар кхетамца дуйла хоуьйтуш, шовданан бух санна цIена гойту Мохьмад-Салахьа шен хIора дашца цIенаниг бакъо йолуш а, мехала  хилар а. Цуьнан байташ ешарца го цуьнан дуьненахь Дала кхоьллинчу массо а хIуманца гергарло хилар. Цо байташца гойту шена, адамийн са санна, массо а са мехала, дезаш а хилар.

 

Дог кийрара араэкххал езаш хиллачу йоIе къайлаха а хьоьжуш, цуьнан синтем ларбарца гойту цо иза. Иштта меттигаш дукха ю цуьнан билгалъяха. ХIора байт, хIора поэма, массо повесть, х1ора дийцар шен сих дакъош  дина, чу са кхоьллича санна хета, цуьнан ойла йоьшуш, цуьнан са лелош санна хета. ХIара байт кхоллаелла сан цунах. Мах хадор ца лору ас хIара, цо динчу диканна  мах кху дуьненахь ца хетарна.

 

 

Тоьшалла

 

(Гадаев Мохьма-Салахьна)

 

Iожаллин бIаьра а собарца хьоьжуш,

Хоьттина тIаьхьенан некъах шен некъ,

Кхолламца цхьа а чIир, гамо ца лоьцуш,

Цо лайна халонаш, дустуш харц-бакъ.

 

Къаьхьачу балано ирсан некъ боьхкуш,

Мерзачу дахаран талхорах чам,

ЦIеначу безамца вайн Даймохк хьоьстуш,

Доьналлехь яьккхина хилла цо хан.

 

Массо а синан ю Iожалла эла,

Делахь а, стогалла эшаяц цо.

Къонахчо аьлла дош ца хуьлу къера,

И лела дуьненахь ша туьйсуш го.

 

Дахаре оьгIазе ма хьежа бIаьргаш,

Я ирсах кхолламе ма еха чIир.

Хьекъалах дагавуьйлуш, иманехь ваьхнарг

Вахна дIа масална юьтуш шен лар

 

 

 

«Кхолламо харжам ца бойту, цо ша хоржу вай» бохучунна тIе а тевжина, ала лаьа, кхолламо хаьржина хилла иза, сов чIогIа цуьнан собарх цец а баьлла, иза кхин халонашкахь стогаллах ца воххал иман долуш хилар зуьйш. Мохьмад-Салахьа шен хIора дашца гойту ша доккхачу собарца, иманехь хан яьккхина хилар.  Дала иза тидаме эцна хиларан билгало хета, адмана шех пайда бала цунна похIма далар а, цунна ницкъ тоар а.     Муьлххачу тайпанна делахь а, диканиг дар, Делан лаам бу, вониг шайтIанан лаам бу олу.

Боккхачу ларамца,  бодано къевлина лаьтташ хилла Мохьмад-Салахь Гадаевн и сирла ойланаш, цуьнан сина мелана,  халкъана пайденна йовзийта, адаме пайда эцийта Iалашо  хилла, хIара «Безамна бIарлагIа» гулар арахоьцуш къахьегначарна массарна даггара баркалла ала лаьа.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.