http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Гелдаганара хьехархо Печать Email

Мегидов Iалмирза

Хьехархо...Цунах дозаделла ду тIекхуьучу берийн хиндерг. Уьш нийса кхетош-кхиоре хьаьжжина хир ю вайн кхане а, юкъаралла а.

Юьртан №1 йолчу школан нохчийн меттан а, литературан а хьехархо йолу Гагалова Медент суна йовзар дагахь а доцуш, ларамаза нисделира, олий туьду ас наггахь хьесап дан воьлча. Олуш долу дош даима а мерза, хьекъале, массо а хIуманна къинтIера девлла, адамашка а, дахаре а болчу безамах дуьзна хьуьйсу цIена, хаза, наггахь ойлане девлла, юха дийладелла хетало лилбасахь долу бIаьргаш – иштта алар догIуш хета хьехархочух Гагалова Медентах лаьцна.

1987-чу шарахь дикчу хааршца чекхъяьккхира цо юьртара юккъера школа. КхидIа дахарехь гуттаренна а некъ харжарехь ша-шен «садууш» я еха ойланаш еш «корта охкуш» а ца Iийра иза. Еххачу хенахьмахлелоран декъехь белхашкахь Iийра Медентан да-нана, ткъа лаамо, стенна делахь а хьехархочун болх харжар хьоьхура йоIана, иза цхьа шатайпа маьIна долуш болх лорура цо. Кхуьнан лаамна дуьхьал ца хилира да-нана а. ХIетахь школехь хьехархочун балхахь яра Медентан йоккхах йолу ши йиша а. Юьхьанца Гуьмса-гIалин хьехархойн училищехь дийшира. Иза чекхъяьккхинчул тIаьхьа балха йолаелира иза юьхьанцарчу классийн хьехархо йолуш. Шен хьалхара урок дика дагайогIу М.Гагалована. Юьхьанцара класс яра керлачу хьехархочух тешийнарг. ХIора а бер-кхоллам…ХIинцца хаарийн дуьнене гIулч йоккхуш уьш хиларна, хууш ма ду царех хIораннан шен-шен амал, лаам, дуьнене хьежам хилар. Дахаран хьийзарехь юкъадогIург, иза муха хилча а бераша тайп-тайпана туьду, тIеоьцу бохамечу бIаьрхишца я хазахетаран маьIнехь, церан тидамза дуьсуш дац цхьана а хенахь вайна гонахара хьал. Цундела хьехархочун балхахь даима а коьрта хилла дуьсуш ду берашна лаккхара хаарш даларал сов, берашкахь дика а, тоьллачех лара хьакъ йолу амалш кхиор а. Цу хьокъехь Iаламат хаза а, говза а дош аьлла шен заманахь дика вевзаш хиллачу М.И. Калинина: «Хьехархочо кхочушбо уггаре а хала болх – юкъараллина цо кечво керла стаг». Оццу дешнийн маь1ница дог1уш, говза аьлла оьрсийн яздархочо, классика А.С. Грибоедовс. Цо кху кепара аьлла: «Стаг дешна мел хили а иза пайдехь хуьлу шен махкана». Дош алар массо а хенахь меттахь долуш, хIора а дош мерза хиларал сов, беран лерсине кхачош долу дош хьекъале маьIна долуш хила деза хьехархочун балхахь. Цунна хьалха ду х1инцца дуьненан хазалла йовза доладелла, доллучу х1уманан тидамаш беш жима адам, жимма хан яьлча дахаран дукъ шена т1елаца кечамбеш долу. Шен хааршца иза иэшо а ца хьожуш, иза дахаре деана керла адам хилар хууш, иза тидамза ца дуьтуш, аьттонаш хирг хиларх иза тешош, хаарийн дуьнене майрра г1улч яккха 1амо а, цу адаман дагчу тешам а, ондда лаам а билла беза хьехархочо . Иза цу адаман кхолламехь хиндерг хила оьшучу новкъа х1отторна лерина биллина коьрта бух а, уггаре а коьрта т1ег1а а ларало. Цуьнан экаме амалш хилар тидамехь латто деза уггар хьалха хьехархочо. Тахана вуно мехала ду и санна дерг. Шен амалехь дIагIертар а доцуш, баккхийчу накъостех дагайолуш, церан хьехамаш тидаме оьцуш хуьлуш ю М. Гагалова юьхьанца дуьйна. Кхузахь шашах коьрте хьаьвза «Хьуна хьуо мел хьекъале хетахь а, дикчу хьехаме ладугIуш хила», –бохуш долу вайнехан хьекъале кица. Иштта дIакирчина дуккха а денош, беттанаш, шераш. Кхоччуш шеен балхах йоьлла, доллу хIума а девзаш, коллективехь говза хьехархо сана евзира иза накъосташна. Шен лаамехь ша бинчу харжамна дохко ца елира Медент. 1997-гIа шо шатайпа хийцам бохьуш кхечира цуьнан кхолламехь. Оцу шарахь деша яхара (заочни отделене) Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институте. Цигахь доьшуш яьккхинчу хено дуккха а керланиг довзийтира, ма-дарра аьлча, хьехархочун балхахь хила догIучех керла хаарш девзира. 2002-чу шарахь дуьйна лакхарчу классашкахь нохчийн моттий, литературий хьоьхуш ю хьехархо Гагалова Медент. Вайн мотт кIорггера хууш, цуьнга йоккха уьйр-марзо хилар долуш ю иза амалехь. Цунна Iаламат дика евза нохчийн литературан бухбиллархочун Бадуев СаIидан, Арсанов СаIидбейн, Сельмурзаев Мохьмадан, Мамакаев Мохьмадан, Мамакаев Iарбин, Айдамиров Абузаран цхьамогIа кхечу яздархойн, поэтийн кхолларалла. Царех дерг хууш хилар кхачаме дац аьлла хета, нагахь и хаарш дешархошка дIакхачорехь оьшуш болу коьрта некъ хьехархо бевзаш вацахь. Со теша, кху къамелехь аьллачух муьлхха а хьехархо нийса кхетарг хиларх, хIунда аьлча дешархошна хаарш марздар, кхоччуш уьш цаьрга дIакхачор, кху къамелан юьххьехь билгалдаьккхина ма-хиллара, коьртачех ларалуш ду. Къоман моттий, литературий – иза коьрта хазна ю. Шен къоман культура к1орггера евзаш хилчий бен евзийла дац цуьнан хазалла а. Иза кхиарца а, кхиорца а доьзна ду хIора а адаман синкхетам а, къоман культура кхиар а. Нохчийн литературан бухбиллархо лоруш волчу Бадуев СаIидан кхолларалла ю дешархоша тайп- тайпана маьIна доккхуш туьдуш. Цуьнан хIора а произведени тIера хIора а турпалхо бохамо лаьцна, цхьана Iалашоне некъ беш, буьрсачу къовсамийн «цIергахула», юхавийлар а доцуш, хьалхахьа некъ беш ву. Оцу бохамечу хьолан маьIна кхачам боллуш довзийтарна тIехьажийна дуккха а дийца дезаш, дешархой нийса кхето безаш хьал дуккхазанисло урокашкахь хIора а дешаран шарахь. И тайпа дIадолор чIогIа оьшуш, Iаламат мехала ду тахана, хIунда аьлча, тахана вайн республикехь дIадолийна дайша кхоьллина оьзда гIиллакхаш, тамехь долу ламасташ дендар, юхаметтахIиттор. Царех дерг вуно дика хаьа, девза М. Гагалована. Шен заманахь гучудуьйлуш хилла къиза Iадаташ ду, масала, яздархочо Бадуев СаIида шеен дийцаршкахь, повесташкахь вайна довзуьйтурш. Мел халахеташ делахь а, и тайпа къизаллаш хаалуш хилла ю иза ваьхначу генарчу шерашкахь а. Вешан дайн гIиллакхийн, ламастийн сий-ларам беш, уьш тIекхуьучарна довзуьйтуш а хила веза х1ора а хьехархо. Тахана, мел халахеташ делахь а, сих-сиха тосало кегийрхой гIиллакхех боьхна, цIармат лелар…Оцу дерригено сагатдо, холчуйоху хьехархо, амма хьуламехь латтабо шен дагна хуьлу цатемаш. Йиллина дешархойн гуонехь йолчу цунна даима карадо шен дешархошка ала хьекъале дош, иштта хьекъале хьехамаш, дахарера схьаэцна тайп-тайпана масалш, хилларш. И тайпа къамелаш сих-сиха хуьлуш хиларо аьтто бо дешархойн низам тодан а, гIиллакхе долчу хIуманна уьш тIеберзо а. Шатайпа дикалла йолуш амал ю Медентан, школан юкъарчу гIуллакхашна а юьстах латтар дац цуьнан амалехь. Цуьнан куьйгаллица, ткъа иштта цуьнан дIадолорца тайп- тайпана мероприятеш вовшахтуху школехь. Школехь дIаяьхьначу мероприятех ю яздархочун Арсанов СаIидбейн кхолларалла, биографи а йовзийтарна лерина хилла мероприяти. Шен заманахь халчу хьелашкахь ваьхначу яздархочун кхолламах а, цуьнан «Маца девза дотт агIалла» цIе йолу роман кхоллаяларх а лаьцна дийцира цу мероприятехь. Дешархойн хаарш тIедузарехь Iа ламат пайдехь гIуллакхаш дара цу мероприятехь дийцинарш а, хьехийнарш а. Хьерсанна хьийзаш, сацар доцуш хьаьдда йоьдучу замано шен хьийзарехь керланиг кхачадо дахаре, ткъа дахаре кхаьчна керланиг тайп-тайпана тIе а оьцу, халкъалахь тесна а ца дуьту. Масала, Нохчийчоьнан хьалхара Президент, Россин Турпалхо (Дала гечдойла цунна) Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вайн махкахь тIеман цIе кхерстинчу деношкахь, маслаIатана юкъ йихкина , вайнкъам кIелхьардаккха гIаьттира. Иза оцу Iалашоне кхача а кхечира. Шен дахар дIаделира цо халкъан а, мехкан а дуьхьа. Тахана Ахьмад-Хьаьжа бахьнехь паргIато а кхаьчна, маьршачу дахаре а дирзина, паргIат дехаш ду вай. Атта некъ бацара цо дIакхехьнарг. ТIекхуьучу тIаьхьенна хууш хила деза мехкан къонахчо, халкъан паргIатонехьа къуьйсуш, халкъан дуьхьа дина гIуллакхаш. Иза, дуьххьалдIа, вайн къоман историн керлачех цхьа агIо ю. Оцу темина лерина мероприятеш дIаяьхьна школехь Гагалова Медентан гIоьнца, куьйгаллица. Школан балхахь мехала маьIна долуш ларало оцу темина йолу хIора а мероприяти. ТIеман цIе кхерстинчу кху Нана-Нохчийчохь маьрша дацара хIетахь адамийн Iер-дахар: хIора а дийно кхачадора бохамашна тIе, тезетех сийсош , белхарша ,сингаттамечу тийжамаша яьккхина, къинхетам боцчу Iожаллин денош, буьйсанаш. Дахаро ха хаьрцира. Тахана вайна юкъахь вац Ахьмад- Хьаьжа, амма цо гайтинчу новкъахь, машаречу дахаре дирзина, паргIат деха Нохчийчоьнан халкъ. Массо а хIуманан тидамаш беш, шен дешархой нийса кхетош-кхиорна тIехьажийна керла кеп юкъаяло лууш а, цунна даима саготта хуьлуш а хьехархо ю Гагалова Медент.

 

Синтеме яц йоьIан коьртера ойланаш, халахетарца тIеоьцу вайн меттан сий-ларам ца беш, цунах хербелла лелаш цхьаболу кегийрхой хаалуш хилар. ХIаъ, вайн республикерчу школашкахь юьхьанцарчу классашкахь масех предмет нохчийн маттахь хьехар юкъадалор хьахаделира, амма цу д1адолорна дуьхьалонаш еш, резабоцурш хаало хьехархошлахь, шеконаш йолуш хьехархой хилар хаало. Цунах йоккха дискусси йира, тайп-тайпана къамелаш даьржира хьехархойн а, Iилманчийн а гонехь. Тахана и гIуллакх муха дIанисделла а, цу тIехь хIун тайпа барт хилла а дахдина дийца ца оьшуш хууш ду хIоранна а, хьехархошна-м муххале а. Ма-дарра аьлча, цу г1уллакхан кхачам боллуш йистъяьлла, бохург ала хала ду.

– Ша нохчи ву муха эр ду цу шен матт ахь долчу хIуманна дуьхьалваьллачо? Со кхетац ишттачу нехан ойланех. Шена Дала беллачу маттах къехкаш цхьа а къам дац дуьненчохь нохчийн къам доцург, – дуьйцу Медента, – Иза доккха гIалат ду, цхьаболчарна нохчийн мотт цахаар доккха дозалла ду, бохург хеталахь а,– иштта элира тхан хиллачу цхьаьнакхетарехь Гагалова Медента. ХIара могIанаш яздан кечам бечу деношкахь юх-юха а суна карладуьйлура цу башхачу хьехархочун къамел. Вайн мотт бийцарна, Iаморна цкъа а хилла йоцу бакъо вайга кхаьчна хилча, цунах пайдаэца, иза Iаморна тIехь къахьега цалуурш алссамчу барамехь хаало. Хала ду иштачу нахах «нохчий» бохург ала. И тайпа амал, ма-дарра аьлча, хIораммо а ша-шен мах хадор ду.

Хьехархо… Цунах дозаделла ду тIекхуьучу берийн хиндерг. Уьш нийса кхетош-кхиоре хьаьжжина хир ю вайн кхане а, юкъаралла а. Мила кхиаво вай кханенна? Хала ду тахана оцу хаттарна кхачам боллуш нийса жоп дала. Кхузахь суна шашах коьрте хьаьвзира вевзаш волчу нохчийн поэтан (Дала гечдойла цунна) Сулейманов Юсупан цхьана байтера хIара могIанаш: «Аьхка ца деана догIа Iай оьшуш дац, шеен хеннахь ца бина хьехам а пайде бац». Школехь мероприятиш кест-кестта вовшахтухуш хиларо жигарбоккху дешархошца кхетош-кхиоран декъехула беш болу болх. Уьш тайп-тайпанчу тематикехь хIиттош ю. Поэтан Ахматов Вахин кхоллараллин суьйре вовшахтуьйхира школехь Гагалова Медентан дIадолорца. Ахматов Ваха Медентан юьртахо ву. Цуьнан хьалхара гулар зорбане яларца доьзна дара школехь и суьйре вовшахтохаран коьрта бахьана. Цу суьйрене кхайкхинчеран мог1арехь нисвелира кху могIанийн автор а. Школан дешархоша Iаламат говза йийшира поэтан байташ,  цу тIе тайп-тайпана иллеш элира дешархоша хIора а дош нохчийн маттахь долуш. Цаьрга ладоьгIуш Iачу миноташкахь хIоранна а хуур дара дешархошкахь ненан мате безам кхиийна а, кхиош а хилар. Оцу дикачу гIуллакхна уггаре хьалха «бехке» ларало хьехархо Гагалова Дахаран некъаш Медент. Мероприяти ерзийначул тIаьхьа поэта Ахматов Вахас а, цига кхайкхина баьхкинчара а доккха баркалла элира хьехархочунна. Цул сов, оцу суьйрене баьхкина бара вайн районан ярташкарчу школийн хьехархой а.

Х1ора а бер шен-шен амал, кхоллам, сатийсам болуш, жима адам ду. Цунна девзар ду дуьне, евзар ю дахаран тайп-тайпана аг1онаш. Оцу кхетаме болчу некъан юьхь йолор доьзалан гуонера хуьлуш а, хила дезаш а ду.

– Сан дика аьтто хилла сайн балхахь дика накъостий уллохь хилар бахьнехь,– иштта элира тхан хиллачу къамелехь М.Гагаловас. Царех цхьаболчийн цIерш ехира цо. Уьш бу: нохчийн меттан а, литературан а хьехархо Солтамурадова ПетIамат, оьрсийн меттан а, литературан а хьехархой: ДжамалдаевагIар – Аминат а, Малика а, кхуьнан йиша, школан психолог Гагалова Майса а, цхьамогIа кхиберш а. Школан методцхьаьнакхетараллин куьйгалхо ю Медент. ХIора а дешаран шарахь школехь лаккхарчу вовшахтохараллица дIахьо нохчийн а, оьрсийн а меттанийн кIиранаш, ткъа иштта школехь вовшахтуху КВН-ш, яздархошца цхьаьнакхетарш, иллиалархой а, тоьлла пенан газет билгалдаккхарехула йолу конкурсаш. Школан болх тобарехь цо дакъалоцу муьлххачу а гIуллакхийн дIадолорехь, дагайолу школан администрацин куьйгалхойх, довзуьйту шена балхана юкъадалийча пайдехь хир ду аьлла хетарш а. Школехь талхош дешархой а нисло, мел халахеташ делахь а. Церан дай-наношца цхьаьнакхетарш вовшахтухуш меттигаш а нисло цуьнан балхахь.

Шен раж талхор а доцуш, суьйренгахьа леста де. Чекхдолу белхан рогIера кхин а цхьа де. Шен шуьйра зIаьнарш корах чу а яржийна, дIабуза кечбелла го гуьйренан можа малх. Наггахь урамехула хахкаелла йогIучу машенан гIовгIано юкъахйоху Медентан коьртехь гулъелла, даш санна язъелла ойланаш. ХIаъ, Нохчийчоьнан кхечу ярташкахь санна, кху Гелдаган-Юьртахь а лаьттира сингаттаме денош, синтеме йоцуш листаелла буьйсанаш. Адамашкахь г1ело латтийра, гайтира къизалла, мацалла… Сингаттаме гулъеллачу мархаша Iаьржачу басе ерзийна гучу лекхачу стиглахула гIийла болар деш тийкхира къоьжачу мархийн гIайгIане «ковра», тезетех, белхарех, тийжамех сийсош ехира юрт, хийлаза бIаьрхиш лиэдира наноша, кхерчара ц1е яйна, к1ур байна, вала верас воцуш, кешнех таръелла йисира дуккха а ков-керташ. ХIаъ, зама иштта яра, аьлла мах хадош тида тарло и шераш тIекхуьучу тIаьхьенаша. И дерриге Iеткъа, карладуьйлу хьехархочунна Гагалова Медентана мукъаяьхкинчу миноташкахь. Юха а ойлане девлла хьуьйсу ц1ена б1аьргаш, церан хьийсаро лоцу гонахара 1аламан суьрташ, дийладелла хьуьйсучу берийн сибаташ, аматаш. Коьрте хьийзачу тайп-тайпанчу ойланаша кхолош, юха гонахара дахар цхьана нийсачу новкъа х1уттуш хилар хаалой масех минотехь б1аьргаш чу гулъелла хилла г1айг1ане дохк д1адолий, йоккхаер кхочу даг чу, хазло вуьшта а эсалчех йолу амал. Хилларш шираллехь даха дуьсу, ткъа дахар шен болар ца лагIдеш некъ беш ду. Дерригенан тидамаш беш ехачу хьехархочун дагна хала ду махкахь лаьттина зуламаш дицдина яха, оцу хиламаша йитац коьртера ойланаш ма-хетта маьрша. Самукъанечу гIовгIанашца школан кертахь уьдуш, ловзуш хьийзачу бераша юкъахйоху М.Гагалован коьртехь лекхалуш хилла сингаттаме ойланаш, дагалецамаш, бодане дохк хилла х1инцца коьрте хьаьвзина ойла хийцало дахаро ха хаьрцина хиларх дог а теший. Хаза ду цу берийн ловзарш, аьзнаш, товш ду церан идар а. И тайпа сурт ду дагна парг1ато лург. Цкъа а ма духийла церан бералла! Оццу миноташкахь кхоллаеллачу хазчу ойланаша соцунг1а йой, масех минот хьалха г1айг1ане хьежна цуьнан ц1ена б1аьргаш дийладелла хьуьйсуш хаало. Даима а церан тидамаш бар деза хьехархочунна. Уьш хьекъале, лаккхара хаарш долуш, цаьрца цхьаьна гIиллакхе амалш йолуш кхиор ду доллучул а коьрта. «Вайн бераш – иза вайн къаналла ю. Нийса кхетош кхиадахь – иза вайн ирсе къеналла, вуо кхиадахь – уьш вайн бIаьрхиш, уьш вайн бохам, махкана а, халкъана а хьалха вайн бехк бу»,– иштта аьлла шен заманахь вевзаш волчу хьехархочо А.Макаренкос. Хьехархочун балхахь цхьа а хIума дац коьрта дац, аьлла хердан а, тесна дита а йиш йолуш. Хало нисъелча ша йоьхна гайтар доцуш, хьуьнаре къахьоьгуш ю Гагалова Медент. Тахана цо сагатдечух дош ца олуш Iер, хетарехь, нийса хир дацара. Цо сатуьйсу хIора а дешархочуьнан карахь, оьшшучу хенахь пайдаэца йиш йолуш, оьшуш йолу учебникаш йолуш, хьехархошна методически литературица кхачо йолуш хан кестта кхачаре. Иштта хьуьнаре хьехархой вайн ярташкахь хиларо тешам кхуллу вайн кхане сирла а, ирсе а хирг хиларах. И тайпа тешам вайна лучу хьехархойн могIарехь ю кху къамелехь йовзийтина йолу Гелдаганарчу №1 йолчу школан нохчийн меттан а, литературан а хьехархо Гагалова Медент а.

ДIадоладелла рогIера дешаран шо. Тахана а шен белхан меттехь, хаза кечйинчу класса чохь шеен дешархошна хьалха лаьтта иза. Цунна дукхабеза шен дешархой. Уьш безаш хилчий бен хилалуш вац бакъволу хьехархо. ХIан-хIа, белхан де чекхдаларх цIахь мукъа хан кIезиг йолуш болх бу хьехархочун болх. РогIерчу урокашна кечам беш, шен дешархойн йозанан белхаш тIехь болу тетрадаш толлуш болх а бу хIора а хенахь бан безаш. Буьйсанан тийналлехь рогIерчу белхан денна кечам беш, юкъал а тIех йолу буьйса. Гонах хIоьттина шатайпа тийналла, набарна тевжина дерриге а жилIалам.

Ойланаш… Буьйсанан тийналлехь шийло хьоькхучу гуьйренан, наггахь корех «летачу», мохо, хоршара даьлла нох санна, юкъахйоху хиллачийн хьокъехь йолу ойланаш, деган кIоргенехь шен къайле йолу мерза сатийсамаш, синхаамаш. Амма гуьйренан буьйса болар эцна йоьду, даима а санна Медентан дагчу керл-керла ойланаш йийшош, даш санна дазло дерригенан тидамаш беш хьуьйсуш долу ц1ена б1аьргаш. Белхан рог1ера де ду, олуш ма-хиллара, «не1арехь» лаьтташ. Цу денна бан оьшу кечам беш юкъал а т1ех йолу буьйса. Шен белхан декхарш дуьззина кхочушдеш хилар амале дирзина ю Гелдаганара хьехархо Гагалова Медент.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.